Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
|
28.05.2010, 13:27 | #1 |
...
|
Стунда вагIан хилла ше йоI йолча и маре яхан 3 де даьлча, ноьвце хаттар да..
Айха, сан йоIел хьалха ялийн хил йолу, ши зуда хIунд йитанахь аьлла..? И доьххьар ялийнар, ягIна са, со Ioвдал ву аьлла. Шолох ялийнаг, яхитан ас и ша Iовдал ю аьлла. ХIар кхозлох ялийн йол хьа йоI, да Iовдал ву аьлла йохитар ю ас. Элар бах, ноьвцо.. |
28.05.2010, 13:29 | #2 |
...
|
Реальный случай из жизни.
Один человек приехал в свое родовое село. Прогуливаясь по окрестнностям он остановился на холме и окинув взглядом раскинувшееся перед ним селение говорит: --Цхьан хеен са де-да хиллакх кхуз тур текхош лелш На что ему ответили: --Текхор децар ше размераьхь т1е доьхнаьхь. |
28.05.2010, 13:32 | #3 |
...
|
Майра хилла сай-бодий къастале балха ваха везаш. Хьала а г1аьттина, шен зуда меттахъяьккхина цо.
- Ас х1ума т1е юххушехь, суна чай дохдехьа. - аьлла. Шен набарха ца ялалучу зудчо, axl-yxl а дина: - Эцца хьайна ерг кхалла а кхаллий, д1аг1охьа, - аьлла. Т1аккха, сарахь ц1а вог1уш мукъана а шена яа йовха х1ума хилийталахь, мачаш ц1ан а елахь аьлла, шена ерг кхалла а кхаьллина, шен балха д1авадана xlapa. Сарахь мац а велла, г1ел а велла, ц1а вог1уш волу ц1ийнада, не1 схьа а йиллина, чу ваьлла. Кхуо балха воьдуш яьржжийначохь лаьтташ пхьег1аш а, кхуо охьайиллиначохь лаьтташ ши мача а хилла. Пеша т1ехь т1ек1ел кхийссинчохь лаьтташ яйнаш а хилла. Чухула д1айсхьай а хьаьжна, дог доьжначу ц1ийнадас ша шега: "Нана яла хьо дуьненан", - аьлла, г1аравала а ца х1уттуш, лохха "г1ам-г1им" дина, и тосаделлачу зудчо кхуьнга схьа мохь баийтина дехьа чохь йижина йолчу: - Хьо х1ун деш ву цу чохь, шабар-шибар деш, х1инца а вахана валаза ву хьо? - аьлла. |
28.05.2010, 13:34 | #4 |
...
|
Чечана хьошалг1а а веана, ц1а ваха ваьлла цхьа г1ойт1архо. Дохк деана 1уьйре хилла, цундела иза некъах тилла.
Д1аоьхуш, керт еш воллучу цхьана чечанхочунна т1екхаьчна иза. Салам а делла, г1ойт1архочо шена Г1ойт1а боьду некъ гайтахьара аьлла. Чечанхочо дийцина: лакха д1а а вахана, аьрру aгlop д1а мa-хьевззина бу хьуна и некъ аьлла. Г1ойт1архочо шена и карор бац, ван а волий, айхьа гайтахьара суна и некъ аьлла дехна цуьнга. "Доккха х1ума ду-кх шега дуьйцучух ца кхетар" - бохуш, г1ам-г1им а деш, хьалха а ваьлла, некъ гайта веана чечанхо. Жимма д1авахча, юха а вирзина, чечанхочо хаьттина, вайшиъ мичахь ву аьлла. Г1ойт1архочунна хууш ца хилла. Д1аоьху-уш, пхьоьхана т1е кхаьчна xlapa шиъ. Салам а делла, чечанхо т1евеъча, царна юккъера цхьаммо аьлла: "Ва дада, ахь х1ун леладо?" (Иза цуьнан вешин к1ант хилла). Шен куьг к1ентан кара а делла чечанхочо, шен зудчунан ц1е а яьккхина, и шен куьг кхин д1а ца хоьцуш, шен зудчунга д1алохьа со аьлла. К1анта хаьттина: "Ткъа хьешана х1ун до вайша?". Юха а хьаьжна, чечанхочо аьлла: "Варийлахь, хьо волчуьра меттах ма валалахь, дуьненчуьра т1ап-аьлла вовр ву хьо". |
28.05.2010, 13:38 | #5 |
...
|
Цхьана дийнахь нохчий г1алг1ай хилла талла ваха ара ваьлла.
-Д1авоьдуш г1алг1айчо олуш хилла -шен топп ч1ог1а нийса кхеташ йу, -нохчийчо олуш хилла -х1ах1а сайнаг йу ч1ог1а нийса кхеташ. Т1аккха г1алг1айчо олуш хилла аса ч1ог1а нийса а, дика хьажа йой топп туху оли, нохчий къар ца луш шенаг дуьйцуш хилла, - х1ах1а, топп нийса аса туху бохуш. Иштта и къовсам латтош д1авоьдуш цу шинни тосаелла цхьана коьллаш йуккхехь, х1ун йу а ца хууш цхьа х1ума. Шиммо а хьажа а йина коьллаш йуккъе топп а тохна, ведда т1е вахар бах нохчий г1алг1ай. Коьлш д1аса а теттина хьаьжча, вина 1уьллуш стаг гина царна. Г1аг1айчо бахар бох, нохчичуьнг д1а а хьаьжна - Делиъдоьхь Нохчи ма нисаъ тух ахь и топп. |
28.05.2010, 13:43 | #6 |
...
|
Цхьа стаг велла аьлла, кеп х1оттийна, цунна каш а даьккхина, марчо а хьарчинна, коша а виллина, накъосташа 1усмане аьлла.
- XIapa ахь тховса ларван веза, тахана латта т1ехьакха ца магадина вайна. 1усман резахилла Каш лардеш 1усман 1аш буьйса юкъал т1ехъяьлла 1усман кхеро дагахь кошахь верг меттах хьеволавелла. - Хьо дакъа делахь, дакъа санна 1илла, дацахь аса дийр ду хьох, - аьлла 1усмана. |
27.07.2020, 20:02 | #7 | |
Миледи
|
Цитата:
__________________
Дорогу осилит идущий. |
|
04.06.2023, 11:33 | #8 |
...
|
|
08.06.2023, 03:18 | #9 |
Платина
|
Цхьа шиъ лулхо хила шиш зуда йолш 1уренца г1яттин х1изаш.
1усман дечки ведуш хилла, Муца кет1ахь сигярк уьзуш 1аш хилла. Шини чура хезаш зудри г1овг1 хилла. Муцис к1ур бякхин 1усманиг хаттар дир бог1у - Х1о ма 1уре ара вялла,стенга веду хьо? - Дечки ваха вялла-кх, дина ма вог1ил со цигар! Муци велхар икхи баг1ар,б1яргар дялла х1и дӀасахьакха элир баг1- Хьо дин цигар юха цӀа верзахь со велчи кхочил хьо!)))
__________________
Желаю всем спокойствия духа и кротости сердца. |
08.06.2023, 03:43 | #10 | |
من بني عاجيك
|
Цитата:
|
|