Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
04.05.2018, 17:03 | #21 |
бакъйолу аккази)
|
Г1АЙГ1АНЦА САТИССАМ !
1 Х1ара дуьне цкъацц1а ша гатло вайн баланна. Цхьаболу вайн К1ентий Оьздаллех буохарна. Муьжгеха д1атарлуш х1уьмуьлгех ловзарна. Шайн Дайн дукъ ца доьвзаш осала бовларна. 2 Х1ара дуьне наггахьа жимло сан даганна. Хуорамо д1алоций кханенаш кхулорна. Нохчийн къам орамех хедаш малдаларна. Вай дайъинчу мостаг1ийн мотт буьйцуш леларна. 3 Х1ара дуьне сих-сиха б1арзло сан хьежарна. Наной бу берашна Ден Дайн мотт хербина. Ткъа марой шайн тергуо декхарех йицйина. Доьзалшна хех лаьтта 1уьналла дайъина. 4 Х1ара дуьне наггахьа духу Са тиссарна. Кху маттаца мел долу Сийлахь нур кхуолийна. Вайн кхетам кхобу и баххаш д1атиссарна. Моттарг1ийн шалхонех 1уй оьшуш диссарна. 5 Юха доьдий х1ара дуьне серлонца дог-оьцуш. Ерриг вайн г1елонаш иэшорехь йагийна. Доь долуш т1ах-аьлла Кегийрхойн гуча буьйлуш. Лам санна Эхь долуш г1иллакхех буьззина. 6 Цу суьрто х1ара дуьне шовкъенехь ийъарна. Кханенаш вайн К1ентийн белшашт1ехь хиларна. Оьздачу Мехкарийн дог1мехь Сий дахарна. Вайн къоман х1у лардеш жоьпалла хиларна. 7 Массо а ойланех лаамаш къагийна. Ца темаш,эшамаш,хуорамаш байбина. Маршонан туркх хилла,кхетамна нисдина. Дерриге сайн дешнаш К1енташна хьажийна. 8 Воьхначу б1еналла ,Яхь ерг цхьаъ туолийна. Шина шайна мах боцу дуьне ду хьуна. Ларамца Толаман лакхение кхачийна. Вайн къоман кхетамехь Сийлалла ю хьуна. 9 И кхетам схьабаьлларг Ислам Дин ду хьуна. И ларбар Къонахийн Г1азот ду лерина. Вайн г1илкхаш лиелийнарг ша Элча ву хьуна. И кхетам Нохчаллийн орам бу кхиийна ! Аьрсбин Абу-Бакр 04.05.18 шо |