Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
30.06.2017, 21:07 | #1 |
бакъйолу аккази)
|
Л.М. Ибрагимов, 2005г.
Ала ца дита – бехкбаккха хIума ца дита Аматаш баха – кIирвоьлла вехха леррина хьежа Ант даккха – гIалат каро, сакхт даккха; дерт дан Аттачу вала – халонаш лахъяла; гIуллакх юкъал тIехдала Атта хета – вай хета; атта ду мотта Бага экъан тIе яккха – анталвала, цец-акъвала Бакъхьачу кховда – юьхькIайчу, нийсачу; са яьн йолчу Бал тан – аьтту бала, аьттоне дерза Бале вала – шех бала бан, бохам баккха, новкъа гIерта Балди тIе дума хьекха – тов-товриг дийца /ала/; цхьаьннан йилбаз хьаста Баргол /буржал/ тоха – вехка; къовла Барзо лоцчуьра лаца – вортан тIера /лаг лаца/ Басах тила, сибтах воха – бос бахьа, сибат дан, хийца-дала Баьрчче /ваккха/ вала – тоьллачу метте, сийлахьчу Бегаш тIера дIадала – дов гена дала; низам чIагIдала; той тезете дерза Берам баккха – велха /й, б, д/ Берг таса – кура хелхар дан Берзан гIулг юккъехула /даккха/ дала – барт иэгIа Ботт а тIехь вовза – дукхе-дика вовза Буй буза – хIума кара кхача, са яккха Бурч йохка – жоьпе озо, дов дан Бух ахка – бух талла, бухара, орамера дуьйна талла, зен БIаьрг бада – дог дала, чам бан БIаьрг буза – бIаьрг Iабо, Iаба; дог реза дан БIаьрг /хила/ лаца – цхьана вуочу адаман дог даха, и Iаткъам цамгаре, бохаме берза БIаьрг тоха – хьажа, дIасахьажа БIаьрга Iитта –бехк баха; бIаьра хьалха иэхьа БIаьргаца важа – хьаьжча а, гича а там, тоам хила БIаьргашна дуьхьал пардо тийса – хIилланаш лело БIе яккха – малар мала /I00 грамм/, кад тоха БIостанехьа верза – дуьхьалвала; дегабаам бан БIозза ала – дукха дийца Вала /хIотта/ вожа – доркъанна вожа; чIогIа холчу хIотта; лечу хьола тIе вала Васхал яккха – баьрчче /гуччу/ яккха Векхчуьра вала – шена гIайгIа балучу хьоле вала; тIера вала Вирах Iеха – вон мохь хьекха Вовшийн /пехаш/ тIамарш яа – къиза, дера вовшех ла-та Вота тухучу тIе вала – кхоччуш къийвала, гIуллакхаш тишдала; орца доккхучу тIе вала Гай дийца – гай хьехо; юург-мерг хьехо Гала-гIожмех ловза – берашха лела; пайда боцург лело Генна дIадилла – эсе дилла, цкъачунна ца хьехо Ги волла – ги хао, тIелаца, дIатекхо Ги хаа – тIевожа, ша дIатекхавайта Гома хьежа – цабезамца Гонна ваха – гуо баккха Гоьл тIехь ког кхаба – гоьл тIе ког а биллина Iан; кура Iан Гур богIа – тешнабехк бан /кечбан/ ГIант къийса – дарж къийса ГIенах гIовла хийша – гIенах тIехIитта ГIодаюккъе тIехаа – шеко йоццуш охьатаIо, эшо Дагара хаийта – деган лаам бовзийта; эвхьаза вала Дагна даьтта хьакха – дагна тамехь дерг ала, дан Даг тIера вожа – дог дала, чам бан, чекх са ган; сий дан Даг тIе хIотта – чIогIа новкъа хила; чIогIа везавала Даг тIе шайтIа хаа – амале вала, синкхетамах хер а вел-ла, дуьхьалвала, шайтIан мукъаваха Даш тIе хаа – цхьа дош /я фразеологизм/ кест-кеста къа-мелана юкъакхийса; ша аьллачунна тIера ца вала Даш тIехь лаца – аьллачух пайдаэца; ойла а ца еш, аьллачунна тIехь чIагIван Даш тIехь саца – аьллачунна тIехь, барт бинчу тIехь Даша юккъе эккха – юккъехула шениг дийца ДаI тIе туьха тийса – Iовжаме дерг юх-юха дийца, дог этIо, чов кIамъян Даьтта а хьоькхуш, корта баккха – хаза а дуьйцуш, цIела керчо, хIаллакван; тешнабехк бан Де даа – де такха, сакъера, самукъадаккха ДегI кIелхьарадаккха – дегI дадо, кхерамна генадаккха ДегIан бустам коша бахьа – кхалха ДегIах хьацар даккха – къахьега Деза детташ дийца – доцчух хIума дан; дашца дозаллаш дан Дера дилла – хьаьшна, аьтта дIадаккха, дIаиэдан Дестош дийца – доцург тIе а детташ; долчул сов Дехьа-сехьа вала – вахна-ван /хьажахIотта/ Дешнаш дайа – эрна лен, дийца; кхочуш ца деш, дита Диканах дог дилла – диканах тешам бан Динарг дита – къинтIеравала; бекхам ца бан Динара восса – паргIатвала; куралла йита, схьаиэ, ша лакхара а ца хеташ, массаьрца а нисвала Дог даккха – чам байа; бенцахетаре, цабезаме вига Дог охьа – дагахь дерг дIадийца; деган лаам бовзийта Дог-пах охьадилла – эсала караваха; шадерг, хIума ца лачкъош, дIадийца; къайле ца хила ДогIанах ведда чухчари кIел эккха – цхьана бохамах ведда вукху бохамна кIелаваха ДогIанах елха /в, б, д/ – чIогIа, дукха елха Докъан полла бина вахьа – барми тIехь /кешнашка/ айина вахьа; дегIана дола ца далуш я нуьцкъала айина вахьа Доркъанна /доркъане/ вожа – сингаттамна кIел саца; гIайгIанна вожа Доцург дийца – харц лен, дестош дийца Дош даккха – чIагIо яйта; дош далийта Дош доцург дийца – цаоьшург, пайдабоцург; IаIам хин-боцург дийца Доь дайа – хIу кхачо; лар йоцуш дIадаккха Дукха ла дегIа – ладоьгIуш дукха хан яйа, сатийса Дуьне лаха – хьал-бахам гулбан, стамбан Дуьненах дог дилла – Iожаллина къера хила Дуьненна а дарвала – массарна а, массо хIуманна а чIогIа оьгIазваха, реза ца хила Дуьхе гIерта – бахьане; хиламан, долчун даге гIерта |