Старый 28.03.2019, 00:48 #1
Тапч Тапч вне форума
пилигрим
Аватар для Тапч
 
 
Регистрация: 25.01.2010
Адрес: Нохчийчоь
Сообщений: 573
Вес репутации: 459
Тапч невозможное возможноТапч невозможное возможноТапч невозможное возможноТапч невозможное возможноТапч невозможное возможноТапч невозможное возможноТапч невозможное возможноТапч невозможное возможноТапч невозможное возможноТапч невозможное возможноТапч невозможное возможно
По умолчанию Бексултанов Муса

Бексултанов Муса Эльмурзаевич (Адамов Муса Мозиевич)

Нажмите на изображение, чтобы открыть его в исходном размере.


80-чу шерашкахь нохчийн литературе баьхкинчу къоначу яздархойх ву Бексултанов Муса. Иза вина 1954-чу шарахь ахархочун доьзалехь. Олхазар-к1отрахь школехь дешначул т1аьхьа Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университете филологин факультете деша иза. Школехь доьшуш волуш дуьйна хуьлу Бексултанов Мусан исбаьхьаллин литературица юххера гергарло. Къоначу яздархойн «Пхьармат» ц1е йолчу литературан цхьанакхетараллин декъашхо вира цунах исбаьхьаллин даше баханчу безамо. Къоман культура кхиарехь доккха маь1на долуш г1уллакх дара къоначу яздархоша кхочушдийриг.
1980-чу шарахь «Орга» албманаха т1ехь дуьххьара зорба тоьхна Бексултанов Мусан дийцарна, ткъа 1985-чу щарахь араяьлла цуьнан «Мархийн к1айн г1арг1улеш» ц1е йолу дийцаран книга. Х1етахь дуьйна исбаьхьаллин литературехь шен ницкъаш зуьйш схьавог1у къона яздархо. Дахарца к1орггера х1е хиларца билгалйовлу яздархочун произведенеш. Дахарехь адамашна, къаьсттина берашна, угар хьалха оьшу догдикалла, сирлачух, оьздачух цолу шайн ц1ена ойланаш, х1аллак ца хуьлуш, гуттаренна а йисар г1аг1до шен дийцарш т1ехь Бексултанов Мусас.
Бексултанов Муса, шен хат1 а долуш, башха яздархо ву, исбаьхьаллин дош кхочуш карадерзийна, адамийн синхаамаш схьабоьллу говзанча. Цуьнан произведенеш еша дог дог1уш а, ойла йойтуш а ю, цаьрца ду дахаран маь1на а.
«Дийцаран говзанча» аьлла ц1еяхана Бексултанов Мусан исбаьхьаллин литературехь, шен кхоллараллица х1инццалц хилла доцург, керланиг цо юкъа деъна дела. Дийцаран нравственни а, эстетеически а гуо шорбина цо. Цуьнан ницкъ кхочу ша дийцарна юкъавалочу муьлххачу турпалхочун синх1оттаме ваха, цуьнан б1аьргашкахула дуьнене хьажа. Угар хьалха цуьнан турпалхо оьздангаллех, нийсонах, майраллех вуьззина стаг ву. Оцу къонахех ву ворх1е дайшкара схьадог1у оьзда г1иллакхаш ширдала, доха, хийцадала тарлуш цахиларх тешна волу Дерказ – «Некълацар» дийцар т1ера турпалхо.
http://proffi95.ru/blogs/metodika-pr...urzaevich.html

Библиография

сборник рассказов «Мархийн кIайн гIаргIулеш» («Облаков журавли белые») — 1985 год;
сборник рассказов и повестей «Юха кханна а селхана санна…» («И завтра, как вчера») — 1988 год;
сборник рассказов «Наггахь, сайн сагатделча…» («Иногда, когда мне грустно») — 2004 год;
сборник сочинений в 2 томах «Я хьан тухур буьйсанна хьа неI» («И кто постучится ночью в твою дверь») — 2004 год;
сборник «Сан вешин тIехьийза йоI» («Девушка моего брата») — 2011 год.
__________________
Свободный патриций приветствует вас!
Тапч вне форума   Ответить с цитированием
 

Метки
муса бексултанов, нохчийн литература, нохчийн яздархой, чеченская классика, чеченский писатель

Опции темы
Опции просмотра

Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход


Текущее время: 11:29. Часовой пояс GMT +4.

Powered by vBulletin® Version 3.8.11
Copyright ©2000 - 2022, vBulletin Solutions Inc. Перевод: zCarot
 

 

Copyright © 2017