Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
15.04.2020, 22:37 | #51 |
Золото
|
Шовда
Вайн лаьмнашка бух дуьлуш ду шовданаш, Шовданашца хаз кхуьуш ду зезагаш, Оц кхуьушчу зезагашца ойла еш, Йоьхур ю хьо йинчу нениг сайна ас. Оц кхуьуш зезагашца ойла еш, Йоьхур ю хьо йинчу нениг сайна ас. Ма мотталахь хьо хаз елла со лела, Хьан бахамехь 1еха велла со лела, Жимчохь дуьйна хьоьга бахна сайн безам Хууш вац со х1ухилла те сайн дагна. Жимчохь дуьйна хьоьга бахна сайн безам Хууш вац со х1ухилла те сайн дагна. Стигла вала теша со хьо лоьхуш, Дуьнен мел ду д1а г1о те со хьо лоьхуш. Йинчу нениг йоьхур ю хьо сайна ас Ехча ца лахь, ядор ю хьо сайна ас. Йинчу нениг йоьхур ю хьо сайна ас Ехча ца лахь, ядор ю хьо сайна ас.
__________________
Научитесь дышать счастьем. Оно в воздухе. оно в мелочах... |
15.04.2020, 22:43 | #52 |
Золото
|
Даймохк Имран Усманов
Нанас берахь дуьйна суна хьо марзбина, Хьоьга дагардуьйцуш, хийла ойла йина, Сан дай баьхна латта, сан ирс долу Даймохк, 2 раза Ахь кхиийна, ахь стаг вина, со новкъа велира. Хьуна гена ваьлча, херехь зама яьлча, Даго лоькху зурма суна хьо хетара, Сан дай баьхна латта, сан ирс долу Даймохк, 2 раза Малх бицбина, нур къагийна, хьо суна лепара. ХIора йогIу кхане хьоьца йоккхур, бохуш, Винчу махка кхача ас сатийсинера, Сан дай баьхна латта, сан ирс долу Даймохк, 2 раза Хьоьх къаьстина, дог диллина, Iалур ца хиллера. Сан дай баьхна латта, сан ирс долу Даймохк, 2 раза Хьоьх къаьстина, дог диллина, Iалур ца хиллера.
__________________
Научитесь дышать счастьем. Оно в воздухе. оно в мелочах... |
23.04.2020, 12:06 | #53 |
.
|
Йиш ялар, да виссарг, Iуьйренин сана,
Йиш ялар, да виссарг, суьйренин сана, Йиш ялар, да виссарг, кийра дIабелла, Хьо везаш догу дог хьуна дIагайта. Дешнашца, хабаршца Iехийра ахь со, Хумма дац, хьомениг, замано нисдо Зама ма дIайоьду, доьду хи сана, И дерриг нисдийр ду кхоьллинчу Дала. Сунна хьо везара, хIинца а веза, И безам бохуриг доккха дош хилла, Хьуна ма мотталахь, со хьайха яьлла, Кхин безам ца карош со гIийла лела. Хьо декъала ма войла эра дац хьуна, Езачух хьегийла эра дац хьуна, Со-м хьалхе яьккхира ахь безамах, ирсах, Хьо хьайна вехийла кхечуьнца гIоза. Диц ма де, хьо хир ву сан деган ойла. Йоьду со яллалца хьо воцчохь лела, Хьайн делахь, дог хьостуш, тIаьххьара дош ала, Вай вовшийн кхи гур дац, хьо марша Iайла. Йиш ялар, да виссарг, Iуьйренин сана, Йиш ялар, да виссарг, суьйренин сана, Йиш ялар, да виссарг, кийра дIабелла, Хьо везаш догу дог хьуна дIагайта Исполнение : https://ipleer.com/song/12233251/Dzh...alar_davisarg/ |
03.09.2023, 03:01 | #54 |
Платина
|
Хьоме зезаг
I. Х1ай,зезаг ма хаза кхиъна хьо, Х1ай, зезаг ма хаза кхиъна хьо. Зандакъан ломахь ма хаза кхиъна, Сан хьоме зезаг хьо. Зандакъан ломахь ма хаза кхиъна, Сан хьоме зезаг хьо. II. Х1ай,к1енти хьовсийша шу хьала, Х1ай,к1енти хьовсийша шу хьала. И лаьмнийн хотеш эшаршца екош Ламанхой болх беш го. И лаьмнийн хотеш эшаршца екош Ламанхой болх беш го. III. Х1ай, нохчо, хьажахьа вайе лома, Х1ай, нохчо, хьажахьа вайе лома Зандакъан ломахь зезаг ду техкаш, Эсала хьоьстуш со. Зандакъан ломахь зезаг ду техкаш, Эсала хьоьстуш со. IV. Х1ай, вежри г1овтийша шу хьала, Х1ай, йижри г1овтийша шу хьала. Яхьаллехь къуьйсуш, Даймехкан сий деш Сов бертахь дехар вай. Яхьаллехь къуьйсуш, Даймехкан сий деш Сов бертахь дехар вай. ----------- https://mp3iq.net/m/6568263-zareta-d...ome-zezag-m95/ Стала очень редкой почему-то.
__________________
Желаю всем спокойствия духа и кротости сердца. |