Старый 10.08.2008, 05:08 #1
Вальтер Вальтер вне форума
Толерантный
Аватар для Вальтер
 
 
Регистрация: 15.07.2008
Сообщений: 91
Вес репутации: 24
Вальтер невозможное возможноВальтер невозможное возможноВальтер невозможное возможноВальтер невозможное возможноВальтер невозможное возможноВальтер невозможное возможноВальтер невозможное возможноВальтер невозможное возможноВальтер невозможное возможноВальтер невозможное возможноВальтер невозможное возможно
По умолчанию

Давайте обсудим, каковы они у нас исторически и в идеале, и текущее положение Silver

Цитата:
Г1иллакх –оьздангалла адамаллин
коьрта г1ирс бу
.

Ялсаманин керт Дала адамийн г1иллакхах кхоьллина ю боху.
Дуьненахь г1иллакх шайца ца хилла адамаш оцу кертал чоьхьа
довлуьйтур дац ша аьлла Дала.

Таханалерачу халачу, чолхечу, аьрхачу хенахь, къаьсттина шена т1е тидам бахийта хьакъ долчу г1уллакхех коьртачехцхьаъ ду школашкахь вайн къоман г1иллакх-оьздангалла хьехар а, цуьнца цхьана,т1екхуьуш долу къона чкъор адамаллин вастехь: амалехь- аматехь кхетош- кхиор а. Нохчийчохь, т1аьхьарчу шерашкахь кхолладеллачу политически хьоло боккха, «б1останехьа» болу, дуьхьалкхетам вайн юкъараллехь йолчу лерамечу юкъаметтигашна бинехь а, амма шайн сица, ойланца, дег1аца дайн оьзда г1иллакхаш, дин, 1адаташ дезаш-девзаш болу нах вайна юкъахь хиларо, мелла делахь а, лардина, 1алашдина долчаьргара эхь-иман, комаьршалла, къинхетаме хилар, вуьшта аьлча- АДАМАЛЛА.Хууш ду, муьлххачу а дахаран халачу киртиге нисделча а, кхолламан аьрхачу, экамечу хьоло тайп-тайпанчу зиэрашна юьхьдуьхьала х1оттийча а, нохчийн къомо ша лардина хилар:лардина шен г1иллакх, 1адаташ, дин, мерза уьйраш, вовшашка
лерам. Карарчу хенахь а, юха карладаьлла, д1ах1оьттира изза хьал: кхерам т1е1оттабелча, бохам т1ебеача, мацалло гатдича, тховкхерч боьхна дисича, даиманна а санна, юха а хаалора вайна вай вовшех бина къинхетам, вовшийн бина лерам, вовшашна даьстина дегнаш, кховдийна комаьршаллин куьг. «Аш вовшех къинхетам бар мел ду, сан къинхетам хир бу шух.»-боху вайга вайн Дала а. Вай кхоьллина Дела а лууш ву –кх вай вовшех даша, вовшашка хьовса, цуьнца ша кийча а волуш вайх къинхетам бан… Хастам бу Цунна!
«…Хало т1ех1оьттинчохь стогаллех хьо вохахь,
Ша, Даймохк, къинт1ера бера бац—боху цо»-аьлла шен «Даймехкан косташкахь» Мамакаев Мохьмада.
Нохчийн къам стогаллех, иманах- исламах, юкъарчу марзонах, г1иллакхах, ламастех ца духуш латтар бахьана долуш, х1окху рог1ерчу 1азапах, балех а, Дала мукъалахь, Даймахко буьллур болчу «бехках» а хьалхадовлуш ду вай. Дала эзар балеха дохийла вай! Карахь йолу хан вай парг1атдевлла, малделла 1ан йиш йолуш хан яц. Дайн
г1иллакхашна, ламасташна, 1адаташна, динна т1едерзар вай алсам ца даккхахь, къоман мехала мел дерг дицдеш, ширдеш, пайда ца оьцуш, д1але1аделла долуш лаьтта. Шен къоман долу х1ума цадовзарна кегийрхой бехкебан г1ерта цхьаццаберш, амма иза нийса дац. Кегийрхошна иза ма-дарра, ца довзийтинчу, ца хаздинчу, цамарздинчу, ца гайтинчу вайн а, вайгара д1а, вайл хьалхарчаьрна а бог1у цуьнах баккха бехк.Тахана вай массо а декхаре ву адамашна юкъара оьзда дерг, лераме дерг, хаза дерг юхаметтах1отторехь жигара хилла д1ах1отта: т1екхуьучу чкъурана сийлахь-лераме мел дерг 1амо-хьеха, д1акховдо, къоначаьргахь адамаллин амалш кхио. Оцу балхана, доккха дакъа д1алаьцна, хила еза школаш, хьуьжарш, телевидени, радио, яртийн оьздангаллин кхерчаш,
газетийн редакцеш, яздархой, 1илманчаш, хьехархой, 1елам-
нах(молланаш)—массо а, массо а...

яздинарг: А.А.Асхабов
__________________
Езарна галвалахь, хьай дуьхьа ларалахь...:dash1:
Вальтер вне форума   Ответить с цитированием
 

Опции темы
Опции просмотра

Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход


Текущее время: 16:17. Часовой пояс GMT +4.

Powered by vBulletin® Version 3.8.11
Copyright ©2000 - 2024, vBulletin Solutions Inc. Перевод: zCarot
 

 

Copyright © 2017