Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
24.02.2022, 05:32 | #51 |
mr. Учитель.
|
__________________
мираж. |
03.03.2022, 00:16 | #52 |
...
|
Стиглара д1абайна седа,
лаьмнашкахь охьабуьйжи сай, Вай дахар ма доца хета, и дуьтуш лийр ду те вай. Зазашлахь схьакхечи б1аьсте, аренаш синаллехь яй, Иллица аса безам хасти, и буьтуш лийр ду те вай. Диканна, г1онна а кхачахь, доттаг1а лехнера вай, Доттаг1а къинт1ера ваккха ца кхуьуш лийр ду те вай. Г1арг1улеш гуьйренца йоьлху, дерза ду т1е детташ дай, Дашочу дуьненна воьлху, и дуьтуш лийр ду те вай. Сан некъаш гал-марзах дуьйлуш, кхачазчу геналлехь дай, Дахаран йист йоцу некхаш ца девзаш лийр ду те вай. Хусейн Горчаханов |
20.03.2022, 21:19 | #53 |
...
|
Леча Абдулаев
КӀант «КIант!» - олий, кхойкхура нана «КIант!» - олий, кхойкхура да Цхьа атта олура цара: «ХIара де…», «дIора схьада…» Ткъа кIант ву тоххарехь да, КIант ву тоххарехь деда. ХIетте а бер дара ша Къеначу шен ненан, де а. «КIант!» - олий, ца кхойкху нана. «КIант!» - олий, ца кхойкху да. Кхин цкъа а эр ма дац цара: «ХIара де…», «дIора схьада…» Ткъа кIентан болар ду гIийла, БIаргаш а кхоьлина ду. Дедех а хуьлуш ма хила Да-нана дIадаьлча буо. |
20.03.2022, 22:27 | #54 | |
mr. Учитель.
|
Цитата:
Дай, наной д1абоьлха, вай дуьте.. Ишт вай а г1ур дукх царна т1аьхь, доьзалш, дуне а дитан..
__________________
мираж. |
|
10.05.2022, 00:30 | #55 |
Улетела на Луну
|
__________________
Надо жить у моря, мама, надо делать, что нравится, и по возможности ничего не усложнять « |
10.05.2022, 03:13 | #56 |
Золото
|
__________________
Зри в корень. |
10.05.2022, 03:14 | #57 |
Золото
|
Маржа дуьне я1
__________________
Зри в корень. |
10.05.2022, 07:48 | #58 |
Saudade
|
Эх1е-х1е-х1е-х1ее-х1ееей(с)
Иэхь хетар дара а баха-кх
__________________
У всего есть год спустя.. |
23.06.2022, 21:43 | #59 |
...
|
Дахаран некъаш
Сан дахар- Эзарнаш хаттарех лаьтта цхьа хаттар. Нийса жоп ца карош, неlсагlехь лаьтта. Сан яхар- Сино ша дахарехь гездо сан некъаш Кхолламе ас дина декъаза дехарш. Сан безам- Массо а безамна чурт хилла лаьттарг, И шена беллачо чим хиллалц аьттарг. Сан лехам- Дlабайнарг декъаза, тlепаза, доьза, Цул тlаьхьа иллешкахь бекнаберг гlоза. Сан дахар- Аганна тlера ас lожалле кхехьна сан некъаш, Азаллехь дуьйна сан сино цхьалха до некъаш - Дахаран некъаш. Халикова Асет |
02.07.2022, 00:00 | #60 |
...
|
Ворхl ломал тleхьахь а,
дуьненал дехьахь а - Суо воллу нохчо ву со. Дакъаза валахь а, Самалха далахь а, И суна диц ма ца ло. Набкхетча, гleнах а, Хан йоцчу хенахь а - Байттамал! - Нохчо ву со. Хьолан да велахь а, Къен-миска велахь а - Со воллу нохчо ву со. Дахаран гонехь а, Диканехь, вонехь а Ас кхин цle ца лелайо. Цlелетта багахь а, Малх кхетта къагахь а - Нохчийчоь-Даймохк бу сан. Хьан хlуъу бахахь а, Со лахь, со вахахь а, Ду иза сан дегlан са Дакаев Саlидбек |