Старый 09.12.2023, 21:55 #21
CheViking CheViking вне форума
Я вам не хабиби
Аватар для CheViking
 
instagram
 
Регистрация: 09.08.2011
Адрес: On the moon
Сообщений: 2,513
Вес репутации: 2731
CheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможно
По умолчанию

Ненах лаьцна дуккху а хуьлу дийцарш, байтанаш а, ткъа дех лаьцна дерг наггахь бен хуьлуш дац. Долучарех сайна хаза хетарг д1аяздина ас тахана.

CheViking вне форума   Ответить с цитированием
Старый 09.12.2023, 22:46 #22
Aminat Aminat вне форума
Золото
 
 
Регистрация: 11.11.2018
Адрес: ...
Сообщений: 1,274
Вес репутации: 2727
Aminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможно
По умолчанию

Цитата:
Сообщение от CheViking Посмотреть сообщение
Долучарех сайна хаза хетарг д1аяздина ас тахана.
Харжам вон бац. Д1а ешар а ч1ог1а дика ду. Интонации правильные выбрал.
Aminat вне форума   Ответить с цитированием
Старый 09.12.2023, 22:57 #23
CheViking CheViking вне форума
Я вам не хабиби
Аватар для CheViking
 
instagram
 
Регистрация: 09.08.2011
Адрес: On the moon
Сообщений: 2,513
Вес репутации: 2731
CheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможно
По умолчанию

Цитата:
Сообщение от Aminat Посмотреть сообщение
Харжам вон бац. Д1а ешар а ч1ог1а дика ду. Интонации правильные выбрал.
Дела реза хуьлда
Я обычно читаю так, как хотелось бы слушать самому)
Выдался свободный день (без шума) решил записать что-нибудь из прочитанного
CheViking вне форума   Ответить с цитированием
Старый 10.12.2023, 11:00 #24
Agronom Agronom вне форума
mr. Учитель.
Аватар для Agronom
 
 
Регистрация: 07.04.2021
Адрес: Дома
Сообщений: 3,382
Вес репутации: 3522
Agronom невозможное возможноAgronom невозможное возможноAgronom невозможное возможноAgronom невозможное возможноAgronom невозможное возможноAgronom невозможное возможноAgronom невозможное возможноAgronom невозможное возможноAgronom невозможное возможноAgronom невозможное возможноAgronom невозможное возможно
По умолчанию

Цитата:
Сообщение от CheViking Посмотреть сообщение
Дела реза хуьлда
Я обычно читаю так, как хотелось бы слушать самому)
Выдался свободный день (без шума) решил записать что-нибудь из прочитанного
В том-то и заключается особенность)

ма-шаа-Аллах1, хаз дийцар ду. Дела реза хуьлда хьуна!
__________________
мираж.
Agronom вне форума   Ответить с цитированием
Старый 10.12.2023, 15:05 #25
Райя Райя вне форума
...
Аватар для Райя
 
instagram
 
Регистрация: 17.06.2008
Адрес: Грозный
Сообщений: 8,460
Вес репутации: 8518
Райя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможноРайя невозможное возможно
По умолчанию

Цитата:
Сообщение от CheViking Посмотреть сообщение
Ненах лаьцна дуккху а хуьлу дийцарш, байтанаш а, ткъа дех лаьцна дерг наггахь бен хуьлуш дац. Долучарех сайна хаза хетарг д1аяздина ас тахана.

Хаз йишар.
Хаза хеташ ладуьг1ар.
Дела реза хуьлда хьуна!

Вай дайш массо цхьан амалехь хилч сан хет.
Ирс долуш вукх муьлха тахан т1евах Да волуш верг.
Райя вне форума   Ответить с цитированием
Старый 24.12.2023, 12:36 #26
CheViking CheViking вне форума
Я вам не хабиби
Аватар для CheViking
 
instagram
 
Регистрация: 09.08.2011
Адрес: On the moon
Сообщений: 2,513
Вес репутации: 2731
CheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможно
По умолчанию

Мусас дуьйцучуьнга ладег1а к1ордора дац

Подкаст: Муса Бексултанов. Яздархочун 1алашонах, ше
кхолларалах
CheViking вне форума   Ответить с цитированием
Старый 03.01.2024, 15:23 #27
Aminat Aminat вне форума
Золото
 
 
Регистрация: 11.11.2018
Адрес: ...
Сообщений: 1,274
Вес репутации: 2727
Aminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможно
По умолчанию

И д1о, лахара, цхьа тема гича, х1ара дийцар дага дог1а суна...:

Невцан цIентIе – нана йолчу.


Дахар-м, хIета, цхьанаэшшара меллаша дIатекхаш дара, дей-буьйсий хийцадаларехь кхаъ-кхало а ца кхочуш, йоккхачу стага "ахIухI" а деш - яла йижинчу йоккхачу стага, - несо мерах шок а етташ.
Ненан кIантана – доьзалан ден – шех а, ненах къахетара, юьхьIаьржонан тас Iанале кхаъ кхачаре са а туьйсуш.
Кхаъ-кхало ца кхочура – яла ца лора йоккха стаг, – йоккха стаг яла ца туьгура. КIант балхара мукъаваьлча – котельнехь хехо, – дукха гIийла волалора цIехьа, гIаш, меллаша, цхьацца ког а боккхуш, чукхачарна кхоьруш санна, ахтобус а, газель а юьтуш, ойла ерриг дIа а йоьдий.

Кхетта-кхеттачуьнца саца а гIуртура, хьал-де хатта, вистхила, цIенна улле мел кхочу, лергдиллина, сема ла а дугIуш.
Хан йойу-уш, эххар а, шайн уьйтIа кхаьчча, уьйтIа кхочуш, подъезд гича, зударий, нах, цхьаъ-м кхайкхаре сатосура: "Хьенех" – аьлла, цIе йоккхуш, цхьамма-м ша сацаваре, - Дала гечдойла Сапихьатана, Дала собар лойла хьуна…", – олуш.

Саца ца вора цхьаммо а, я тIаьхьа стаг а ца кхойкхура…

ХIокху шоллагIчу шарахь иштта, шен хIусамера юьхьIаьржо араяларна кхоьруш – нахана гарна, дIахазарна (шен йижарий а кхетарна кхоьруш, марехь йолу ши йиша) – бала хьоьгуш воллура хIара, ма-дарра бакъдерг хиъча, йижарша нана шаьш долчу дIаюьгур юй а хууш, невцан цIентIе шен ненан хьал-де хаа ца иха гIерташ, шегара бала хьул а бина - зуда а, йоI а шен нене цахьажар, - нана юьлуш, иза лийчош, зудчо дан мел дезарг шен куьйга ша деш: нана шозза инсульт а хилла, мотт а сецна, Iуьллуш яра, цхьа куьг бен меттахъхьовш а доцуш.

Цуьнга цхьа а дош а ца алалора, цхьа "бур-бур" а деш, бIаьргаш дIасакерчор бен. ХIара Iуьйрана ненан гIуллакх а дой воьдура балха, юха хIора а делкъехь ма-хуьллу сиха чу а хьодуш, тIаккха юха а балха дIаваха.

ХIара чохь волуш я воцуш, кхуьнан йижарий кхачахь, царна шайн нана хаза цIена, цхьа а хьожа а, мода а йоцуш караяйта гIертара хIара, бер санна, цIена йижина Iуьллуш. Кхуьнан зуда а хуьлура тIаккха, маьрйижарех цхьаъ нисъелча: "Мама лийча а йина, мамига хIума а кхаллийтина…", – бохуш, гIайба нисбеш, одеялах куьг Iуттуш, гуттар дика нус а хилла, цхьа гIиллакхе, елаелла хьийзаш.

Кхуо Деле собар доьхура, зудчуьн цIе таса йиш а йоцуш, садетта са а кхачийна, ца хууш а шен багара дош далахь, юьхьIаьржонах вала меттиг боций а хууш шен, йижарша нана дIа а йигна; кхузахь Iен-м церан йиш а яцара – шиннан а бераш кегий дара, шишша-кхоккха шераш долуш.

ТIаккха иштта, зуда лекхалучохь ша чоьхьаваьлча, мотт а, дегI а сецнехь а, дерригенах а кхеташ йолу йоккха стаг, ши бIаьрг тIе а къевлина, Iуьллуш карайора кхунна, шен нус ца гархьама, шена ган лууш йолчу шен йоIе а ца хьожуш.

Нус лекхалуш хуьлура, бага ваьшта ца юьллуш. Юха, чувеъна хIара гича, кхин а гIеххьа лекха а лой, зуда дехьа чу йолура: "Шу, хIета, цхьаьна дита ас, шун дийца хIума а хир ду шайн!"! - олуш.

Нанас ши бIаьрг боьллура тIаккха, дехарца санна, кхуьнан бIаьра а йогIалуш. ХIара а соцура, кхин ду-дац а ца олуш, зудчуьнца бертавахча санна. Шина йишех цхьаъ наггахь цхьацца де-буьйса даккха соцура: "Оцу зудчух эхь хета-кх, цуьнга жимма са а доIуьйтуш…", – олий, шайн несана бехкала а йоьдуш.

Кхуо хIумма а ца олура, ненах дерг цкъа къаьстича, ша дендерг а хууш, кийрара хьалагIерта алу, къурд барца, юха а тоьттуш: ларамза а йижаршна бакъдерг цкъа дIахаахь, шена тIекхочу йолчу юьхьIаьржонах ларлуш – нанна тIехIотта невцан цIен тIе иха везарх.

ХIаъ, хIоразза а, сарахь иштта, ша балхара вогIуш, лифт ехна, сиха цавоьдуш, гIаш меллаша хьалаволалора хIара ламешна тIехула, ша ворхIалгIачу гIат тIе кхочуш, са а хилла – ша чукхачале, - юха балха ваха са а туьйсуш. Белхан хан генахь гуора.

НеI тухура, горгали а буьтуш, мелла а хан яйархьама, чу кхачале чу а ца кхочуш. НеI цIевзара, йоьIан ахдерзина дегI кхос-кхоссалуш, къайла а оьккхуш. Зуда хаалуш а ца хуьлура; йижина хуьлура дехьа чохь, цамгар йолу кеп лелорца, хIара цIа вогIу хан а лорий.

Ненан доIа хезара, доьлхуш, цуьнан мотт боцу "бур-бур" а.

Нана йолчу чуьра хьожа йогIура, неI херйича – хьацаран хьожа. КIанта доккха садоккхура, тIера бедарш – цхьацца йоккхуш – дIаяха а волалуш. Нана йолчу чуволура, ший а кор дIадоьллуш, нене хIун хьал ду хоттуш. Дерриг гуш а, хууш а дара, хатта, ала а ца оьшуш – ненехь цхьа а хьал дацара. Ненан узарш дIасовцура, садеIар а лахлуш. Нана цхьаъ-м ала гIуртура, шен "бур-бур" а кегош, лула-куларчу стаге санна, бен а доцуш, цхьаъ-м ала, цхьа а гIело йоцуш санна.

КIантана велха лаьара тIаккха, ша а, нанас а лелошдерг чекхсагуш дуй а хууш, шайн вовшийн дог а кхаьрдаш.

- ХIума кхаьллиний ахь, нана, - хоттура кIанта, йоIа мукъана а хударан Iайг ца оьхьна-те, аьлла, хеташ, - хIун йиъна ахь? – олий.

Нанас шен "бур-бур" дуора, йиъна ша, ала гIерташ. Йиъна хIумма а ца хуьлура, делкъана кхуо балха тIера хьаьдда веана малийна хилла шурин тIадам боцург.

ХIара цхьацца дийца волалора тIаккха шен зудчуьнга, эрна дуйла хуъушехь, Iан а ца лой, ша тулур воццушехь: "Адамаш дац шу, эхь ца хета шуна… оцу йоIе мукъна а цхьа хинтIадам ца болуьйтуш…", – олий, церан эхь самадаккха гIерташ, йохьебаха, бехкалабига.

- Ахь цу йоIе хIун боху, хIай! Иза-х бер дай, цуьна-м шен гIуллакхаш дай, хьан нене ца хьаьжча а! – мохь болура зудчуьнга. - Цхьанхьа ишкол ю, дополнительнеш, тIаккха ингалсан меттан курсаш, ЕГЭ-на бан беза кечамаш… иза муха хьожу хьан нене, цуьнга лелало лазархо, цу беран тIорзе… Шиъ йиша ма ю хьан, деш-дуьтуш а доцуш, Iаш, хьошалгIа санна, кхуза гучу а хIуьттуш суна… дIайигна, шиммо а шайн нана ца лелош, кху хурщевкин шина Iуьргахь со а, хIара йоI а ца хьийзош… кху чохь хIара жоьжахати а хIоттийна тхойшинна… йоIанна шенна чоь еза тахана, йижа-гIатта а, шен гIуллакх дан а, зудабер ма ду иза, кхиъна догIуш… нехан мехкарша Европера цIа а оьхуш, лелабо шайн наной ,цIа а, цIе а, бахам а, доьзал а охьатосий… суна а лаьа, нахана санна, яха, со а яц могуш, берриг букъ а, дегI а, настарш а ю лозуш… тIехула тIе, и хьожа а кху чохь, кхай чохь санна…

ЙоI а хуьлура, шина а лергах дохкучу цхьана серишца, хене кхочуш а, ца кхочуш а йолчу пазатан готтачу кучахь, тилпо а буйнахь, юьхь тIехула охьакхозучу кIозаршца, шен ненал шиъ, аьлла, онда, кухни чуьра цхьацца хIума бага а кхуссуш, сих-сиха чухула дIасауьдуш: "Ма, там запах, прикрой ту дверь", – олуш, шен чуьра схьа мохь а бетташ.

ЙоI цкъа а, Дела хьан аьлла, йоккха стаг дегIан долараяьлчахьана, денана йолчу цкъа чу а ца яьллера.

ХIара тIаккха, наггахь дог а детIий, чугIуртура зудчунна, хьо хьакха а, нал а, текхарг а, олуш, ворхI-вейттий вен санна, гIовгIа а йоккхуш.

Зуда южура, лазар деъна моттуьйтуш, кхетамчуьра яьлча санна, цIенкъахула дIасакерчарца, «къорш-къиршшехь» цергаш а "отуш". ЙоI нанна тIеетталора: "Мам, не оставляй меня, – мохь хьекхарца, – не умирай, мам"! – догIа санна, охьаелха а хьодуш.

Йоккхачу стеган узарш хезара, сихдина доху синош, кхуьнга саца, жимма сатоха, ала гIерташ. Зуда кIирнахь ца гIоттура, кхуо цкъа иштта бага тоьхча, мотт сецча санна, цкъа а йист а ца хуьлуш, пенехьа дIа а йоьрзий, наггахь байн узар а беш, Iуьллуш хуьлура, кхунна гуш, хIара чохь волуш, юучух мотт а ца тухуш. Юсаелла лелаш йоI а гуора, кхуьнца минот ца яккха, хIара волчуьра ида а уьдуш.

Иштта, дено кIира хуьйцуш, кIиранашца бутт азлуш, ши шо а даьлла, кхоалгIа шо доладеллачу Iай, ша ма-иххара балха а оьхуш, юха делкъехь чу а уьдуш, буьйсанашкахь нана лийчош – дийнахь йижарий тIекхачарна кхоьруш, – са а, пха а хаьдда лелачу кхунна, цхьана сарахь, ша балхара чувеъча – гуттар а санна, гIийла, меллаша, – нана йолчу чуьра неI шаршонца тIекъевлина гира, гураний, неIарний юкъе шаршо лоцуш.

ДIатеттича, елла а ца лора неI. Белш тоьхна, неI дIа а кхуссуш, чоьхьаваьлча, хьожано мара чахчийра, хьаштагIна чу воьжча санна хеташ. Нене мохь белира, узаршца елха а йолалуш: кхуо делкъана балхара хьаьдда веача, памперс йиллина а ца хиллера, Iуьйранна йиллина хилларг дIаяккхар бен, балха тIера схьа тилпо тоьхча, сихаллехь виц а велла.

Нанас къаьхьа-де динера шена тIехь а, цу меттахь а, халла болх беш долчу шен цхьана куьйга боьхаллаш дIасахьекхна. БIаьрса а дайна, сехьа чу иккхинчу кхунна йоI гира шен. Кхунна ша цунна хIун туьйхира а ца хиира, цуьнан мохь хазар бен. Зуда ца гуора. Кара ца йора. Зуда цхьанхьа дIалечкъинера. Зуда кухнин неIарна тIехьара араоьккхуш хааелира, пхьаьрса кIелахь баккхал а йолуш.

ТIаьхьаедда йоьдуш йоI а яра. Ламеш тIехула тата дахара, «гур-гур» дарца, бухаяккха санна, подъездан неI тIе а кхеташ.

Нана цу буса, сахуьллуш, гIелъелира, шоллагIчу Iуьйранна дIа а йолуш.

Цхьаъ-м ала а гIиртира иза кхуьнга бIаьргашца. ХIара ца кхийтира.

Тезет юьртахь дара, кхуьнан дешичин кертахь. ХIусам дукха готта яра чIогIа, цIийнах хоттаелла йоллуш цхьа рагIун - бахьна а йолуш.

ЦIа чохь зударий бара, котамийн фермехь санна, гIараш еш.

ХIорш рагIу кIелахь Iара, боьрша нах.

- Дера лелий-кх и шен марнана-м кхуо – аз хезира чуьра схьа, – куьйга-карара охьа ца юьллуш, и бер санна-м лелий, дийнахь шозза мотт хуьйцуш, шишша де мосазза долу мелчу хица лийчош, мIара хадош, мас тоеш, Iуьйранна йина юург, делкъана бете ца кхоьхьуш, хIора рожехь бен-бен бовха кхача кечбеш, – стунйижарий бара луьйш, шайн йишас марнана лелор дуьйцуш, хIорамма а шег-шеггара, кхин а керла-керла гIиллакхаш а дагардеш шайн йишин. Уьш кхуьнан йиъ яра, йиъ стунйиша.

- Ас дина-м хIума дацара, Маяни, Седа… сайн декхар кхочушдан гIертар

бен… ма дийцийша иза, совцийша… дера яра мама оьзда стаг, и малик санна, хьаъа а гехь лело а мегар йолуш… "Сайн мехкаршна ца кхочуьйту-кх ахь со, Майса, Дала ялсамане лойла хьуна!", – бохуш соьга, ас динарг цхьа доккха хIума долуш санна шена, – кхуьнан зудчуьн аз Iенара, зударша шайг-шайгара баркаллаш а бохуш, гIезаша йо гIовгIа санна, цхьабосса "кIар-кIар" дарца.

Юха йоIе, Iоьттича санна, мохь оьккхура юккъехула: "Ва, баба-а, ас хIун де, – бахарца – ахIи-ахIи", – деш.

- Саца, йоI, сатоха жимма… собар деха хьайна Деле… дуьне ма ду хIара иштта…, – нана йоI теян гIуртура, – чIогIа тIера яра хIара, миска, шен денанна, – олуш зударшка.

Йижарийн аз ца хезара, кхуьнан йижарийн доьлху аз.

Цаьрга рагI ца кхочура. РагI кхечара дIаяьккхинера.
Aminat вне форума   Ответить с цитированием
Старый 04.01.2024, 23:04 #28
Marty Marty вне форума
бакъйолу аккази)
Аватар для Marty
 
 
Регистрация: 25.01.2010
Адрес: ..
Сообщений: 3,528
Вес репутации: 2497
Marty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможноMarty невозможное возможно
По умолчанию

и саьрмак цуо цу чуьра ара баькхнехь, цуьна йижарша рог1ана схьабог1уш лелор йара шай нана)
кеста иза а иштта инсульт йина вохьа вуьллур ву цу заддаш)
Дала дикнарг дойла массарна!
Marty вне форума   Ответить с цитированием
Старый 05.01.2024, 10:11 #29
Aminat Aminat вне форума
Золото
 
 
Регистрация: 11.11.2018
Адрес: ...
Сообщений: 1,274
Вес репутации: 2727
Aminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможно
По умолчанию

Цитата:
Сообщение от Marty Посмотреть сообщение
и саьрмак цуо цу чуьра ара баькхнехь, цуьна йижарша рог1ана схьабог1уш лелор йара шай нана)
Х1аъ... Шена и йовза ма йоьвззинехь, ши дош а аьлла, д1а хьажо, де ца хилар ду.
Ца хьажийча, хуьлаш дерг, гайта г1иртина хир ву-кх Муса.

Цитата:
Сообщение от Marty Посмотреть сообщение
Дала дикнарг дойла массарна!
Амин.
Aminat вне форума   Ответить с цитированием
Старый 08.01.2024, 11:54 #30
Aminat Aminat вне форума
Золото
 
 
Регистрация: 11.11.2018
Адрес: ...
Сообщений: 1,274
Вес репутации: 2727
Aminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможно
По умолчанию

Цхьана романан автор
Эссе

Иза иштта виса а висира халкъалахь, цхьана романан автор а хилла, цул тIаьхьа масех роман йазйича а. «Йеха буьйсанаш» аьлча, Айдамиров олура, Абузар хьахийча – «Йеха буьйсанаш» а. Стеган цIе цхьана диканах дIайаьржа, цкъа гайтинчу доьналлех а.
КIант а эцна, дуьххьара денцIа йахча, дас йетт а ца луш, цу гIелонна (марзхошца йолчу йохьана) йоьлхуш йогIучу зудчунна, шен цхьана аттана тIера рагI йаккха веанчу Бахьдаран Муьстарга и шен цхьаъ бен боцу йетт дIабелла хиллера. Цу гIиллакхо винера Муьстаргах – Бахьдаран Муьстарг. Цу гIиллакхан неслара ца волуш, велла дIа а ваьллера.
Изза дара Абузарах хилларг а, «Йеха буьйсанаш» бахьана долуш.
«Йеха буьйсанаш» – доьналла дара, цхьа а гайта ца ваьхьна долу, собарца долу доьналла. «Йеха буьйсанаш» роман йацара, иза Нохьпайхамаран заманахь хьаьдда долу хи дара нохчийн кхетамна, цо къам самадаьккхинера, ша къам дуйла хоуьйтуш.
Иза – узар бара, лазам, лергийн потт эккхар, делла бIаьрса дендалар а.
Иза – эпоха йара, историн бIешераш, нохчашна шаьш бевзичхьана – нохчех долу бакъдерг.
Абузарах къоман йахь хилира, къоман эхь, цу къомо лайна бала а.
Суна дагадогIу, нах цунах билхина, бийлина, наха вовшашка кхаьънаш даьхна, и роман а йуьйцуш. Цу романо хийла да нохчийн маттахь деша Iамийра, шаьш нохчий хил-хиларх шаьш ваьшлахь баккхий а беш.
Суна дуьххьара шен кетIахь, Мескетахь гира Абузар, де дика дан йиш йолуш, суо мила ву хаийта а. Университет йаьккхина ваьлча, Ножи-Юьрта районан Гуьржий-мохк олучу цхьана кIотара хьажийнера со, болх бан. Суна цига ваха ца лаьара. Ошаев Халид волчу вахара со больнице, суо цигара мукъаваккхийта, Абузаре кехат йазде аьлла. Ошаевс йаздира.
Август беттан цхьана дийнахь – малх кхетта, довха де дара иза – машенаш хуьйцу-уш, Мескета йуьрта йуккъе дIакхечира со, шовда доллучохь охьа а волуш. Хаьттича, наха дийцира, кху новкъа дIагIо, аьтту агIор дехха, доккха цIа хир ду хьуна, аьлла. Цу цIенна хьалххахь, урамехь, вуткъа лекха стаг лаьттара, коьртахь шляпа а йолуш, латийна узуш цигаьрк а.
– Де дика дойла хьан. Абузар мичахь Iаш ву, Айдамиров? – хаьттира ас.
– Далла везийла... э-эхI, хьуна хьалхахь ву-кх иза, – элира оцу стага, халла хезаш.
– Хьо ву иза?! – цецвелира со, – шляпа хIунда йу хьан коьртахь, суьрта тIехь-м куй ма бара хьоьгахь? – олуш.
– Йовха ма йу вайна, кIант, цIе хIун йу хьан? – схьахьаьжира Абузар. Ас сайн цIе дIайийцира.
– Мичара вогIу хьо? – хаьттира цо. Айса беъна некъ хьахийра ас, Халидан цIе йоккхуш, кехат дIа а кховдийна.
– Халидехь хIун хьал ду? – элира цо, – ларавой хIара?
– Больницехь ву иза, жимма могуш воцуш, вуьшта, гарехь-м, вон вац –дийцира ас.
– Халид оьшуш стаг ву, Дала маршалла дойла цунна... Вало, чувер ву вайша, – со хьалхатеттира Абузара.
– ХIан-хIа, – олуш, сецира со.
Абузар хьалха а волуш, тхойша кевл чоьхьаваьлча, охьахьаькхна уьйтIе а йолуш, доккха цIа дара, аьрру агIор лекхо лами а хаалуш. Беш а гуора хьалхахь.
– Валол, валол, – чувигира со хIусамдас. ДIачуваьллачохь йоккха сени йара, дехха стол а лаьтташ. Дуьхьал а, дехьа а, сехьа а неIарш йара сени чуьра дIа.
– МухIажар! – гIийлла кхайкхира Абузар.
– Бузар, вистхилирий хьо? – олуш, сени чу йелира зуда.
– Хьаша веъна вайга, Халидан гергара стаг ву хIара, – Абузар вела а луш, соьгахьа схьавирзира. Зудчун де дика дира ас.
– Далла везийла, марша а вогIийла хьо, – геннара йела а йелла, маракхийтира суна МухIажар. МухIажар Iаьржа бIаьрацIоцкъам а, Iаьржа мас а йолуш, гIерачу дегIахь, йуккъера стаг йара, йуьхь а, бIаьргаш а малхбалехьарчу къаьмнийн аматах тера а догIуш. Да а, нана а, некъ а, лелар а – массо а хIума хаьттира соьга МухIажара, йуьхь тIера йелар а ца хедаш. Аз кIеда а (жимма мерах луьйш санна), аьзнаш а дахдеш дара цуьнан. Духар Iаьржа къаьстара.
– Тхойша дехьачу волу, МухIажар, хьеше са а доIуьйтуш, – элира Абузара.
Чохь дуккха а суьрташ дара пенах хьалакхозуш. Аьтту агIор а, нийсса дуьхьал а ши диван йара, йуккъехь жима стол а лаьтташ.
Стоьлана схьанехьа ши кресло а гира суна. ДIанехьа, аьрру агIонгахьа, нохчаша йеш хилла пенаца йолу пеш а хаалора.
Ас суьрташ хаьттира. Харачойн Зеламха а, Шайх Мансур а, когах буржалш тоьхча санна Iаш, Iаьлбаг-Хьаьжа а, Дуй Iумин йуьхь-кха а, Абузаран ден сурт а, цхьана кехата тIехь дуккхачу а наибин суьрташ а дара.
Абузаран шен суьрташ а гира суна, жима волуш а, цул тIаьхьа а даьхна долу. МухIажаран масех сурт а дара; доьзалца цхьаьна даьхнарш а.
Абузара сих-сиха цигаьрк а латош, меллаша гIийла къамел долийра соьца, наггахь ира схьа а хьожуш.
Сан хьал мелла а гIолехь дара Абузарчул, хIунда аьлча суна иза вевзара, цуьнан «Маршонан цIарах», «Йеха буьйсанаш» цIе йолу романаш а, «Лаьмнийн некъашкахула» боху дийцарийн гулар а.
Цу тIера «КIант веллачу дийнахь» аьлла долу дийцар нохчийн литературехь – хIетахь а, хIинца а – уггар а тоьллачех, хьалхара дийцар а хета суна. Цул сов, Абузар суна вуьйцуш а хезнера, вешна а ца Iаш, цо оцу романаца – «Йеха буьйсанашца» – хьегна бала а хезнера суна.
Со цунна мила ву ца хаьара йа ас хIун леладо а. Жим-жима сайх иза кхето гIоьртира со, айса цхьацца къоламаш хьекхар а дуьйцуш.
– Хала некъ бу-кх иза, хьенех, – элира Абузара, – хьаьнг-хьаьнгга а лела ца луш йа баркалла хуьлуш некъ а бац, делахь а и коьрта-м дац, стеган декхар ду-кх коьрта. Цу кIентийн къа ма ду – суьрташка дIахьаьжира иза – шаьш вай бицбича, къоман йуьхь а, истори а ма йу иза; цара аттий-халий ма ца хиржина, дуьххьала дIа маршо бен, Дала массарна а цхьатерра йелла йолу...
Са-м ца гатдо ахь? Са ма гатделахь, хьан гIуллакхе кхана хьожур ву вайша, тахана хьаькамаш карор бац вайшинна – элира цо, оцу цхьана эхасохьтехь масийтталгIа цигаьрк а латийна.
Иза вуткъочу дегIахь, лекха, экхан дилхалахь а волуш, цIена йаьшна, йехо йекъа гучу йуьхь тIехь боккхо мара а къаьсташ, сийначу бIаьргийн ира хьажар а долуш, хенало къонах вара, сих-сиха, жимачу стеган санна «эххIей» олуш, къона велар а хьодуш. Тхуна тIаьхьо – дикка вевзича – Фолкнерах тера хийтира иза, цуьнан санна, ши мекх а долуш, сийна кучамаш а лелош, иштта дегIаца – эгIаза а.
Со Абузара шолгIачу дийнахь районера мукъаваьккхира, цу хенахь хиллачу дешаран министре тхан йуьрта – Олхазар-кIотара – балха хьажор доьхуш, кехат а йаздина. И кехат суна паччахьан мухIар санна, ницкъ болуш а хетара, хIунда аьлча цу бухахь «Йехачу буьйсанийн» авторан цIе а, фамили а лаьттара.
Со воьддушехь, сайн кехат а эцна, министрана тIе вахара, дуьхьало йан йоьлла секретарша тергал дIа а ца йеш. Секретарша суна тIаьххье, арз а эцна, чуиккхира. Министр хьалагIаьттира цу гIовгIанна. Ас кехат стоьла тIе диллира, нохчийн маттахь де дика а деш.
Министр воьхна-а охьалахвелира, кехатах бIаьрг кхетча, кхин вистхилар а доцуш. йуха цIаьххьана, хIун ду а хиъна: «Эти шпаргалки... мне не нужны ваши шпаргалки... Обком распределяет... идите, выйдите отсюда, не мешайте мне работать», – элира цо цхьанаэшшара, Абузаран кехат аьтту буйнахь хьерча а деш. Хьоьжуш лаьтташ секретарша а йара.
Схьа а ца хьожуш: «Марина, проводите его», – элира тIаккха.
Ас, катоьхна, кехат схьадаьккхира. Йуха, волавелла, аравелира со, хIун дан деза а ца хиъна, даьхни долчу жоьлачухулла суо вогIуш санна, и министерство бен-башха а ца хеташ. Ламеш тIе со охьаваьлча, сайца доьшуш хилла кIант кхийтира сох, шен кехаташца.
– ДIавала, ахь хIун леладо! – элира цо, – эццахь цуьнан зам йолчу метишкана итт туьма делча, хьуна луъучу районе хьажаво хьуна, – аьлла.
– ДIа муха ло иза? – хаьттира ас. – Цхьа гIалгIа ву церан белхало, цо дIа чу хьо, валол соьца. Ас итт туьмий, кехаташ дIаделира.
Пхи минот йалале: «Урус-Мартан», – дара сан кехаташ тIехь, ас аьлла йолу район. Иза сан дуьххьарлера взятка йара Советан Iедална – Советан Iедал ас ийцира. Кхин чIогIа а ца хиллера, Ильича ма-дийццара.
Цкъа дIаваха охьа а волавелла, йуха цIаьххьана цхьаъ-м дагадеъна, министр волча дIахьаьдира со, цакхиарна кхеравелча санна. Хьалхалерра сурт хIоьттира, секретарша дуьхьало йан а ца ларош.
Министр вистхила кхиале, кехаташ стоьла тIе кхиссира ас: «Хьан куьг оьшуш хIумма а дуй кхузахь?» – олуш.
– Я же сказал... Обком...
– Обком подписал, – элира ас, и дош цуьнан багара далале. Министр кхийтира. Министр вехха, геннара хьалахьаьжира бухара.
Со охьа тIехьоьжура. Со нийсса бIаьра хьоьжура, бIаьрга тIе бIаьрг хIоттийна: «Цхьа хIумма а йац-кх хьо!» – бохура сан хьажаро.
«ХIун ду тIаккха! Тхоьгахь ду-кх хIара», – министран бIаьргаша.
Охкайелла, кIеда, йаккхий беснеш а, баьшна боккха корта а болуш, экамчу куьйгийн дуткъа пIелгаш кIайн а къаьсташ, къено тоьлла стаг вара министр.
– Ма... Мар-ри-на, – элира цо, орца даккха тохалуш санна, кехаташ схьаэца ас куьг дIакховдийча, аркъал кресло чу дIа а кхетта, ас шена тохарна кхеравелча санна. Со аравелира. Со кхийтира, Абузар массарна а ца хиллий Айдамиров Абузар, иза везаш а, ца везаш а ши тоба хил-хиллийла.
Везарш тхо дара – мисканаш-студенташ, ахархой, баккхий нах, наной, къахьоьгуш долу адамаш а.
Ца везарш кхин хиллера, Iедало хьаьстинарш, иту хьокхуш нисбинарш: паек а луш, дача а, путевка а, машен а, – шайна герга озийнарш. Уьш Iедалан даржехь бара, хьаьвданна тIе битнарш. Суна цу дийнахь дуьххьара къахийтира Абузарах. Со цу дийнахь кхийтира цунах, иза мила ву, хIун ду хууш.
Ас иза Мамакаев Мохьмадца вустура. Цаьршинца нисса йа уллохь Ошаев Халид а, Сулейманов Ахьмад а, Итаев ВахIид а хIоттийра ас.
И пхи стаг соьца тахана а ву, ас велла дIаваллалц сайца дIакхоьхьур волуш.
ТIаьхьо-м дуккха а бевзира суна Абузаран мостагIий. Уьш Iилманчашна йукъахь бара, литераторшна, редакторшна йукъахь а. Уьш дукха бара, обкомера охьа – райкоме, райкомера охьа – комсомоле, комсомолера охьа – пионерашка кхаччалц, цигара дIа а, кхин дIа а. Цара йаздора аьрзнаш а КГБ-ега, Кремле а, Обкоман хьаькамашка а.
Суна гира «Йехачу буьйсанашна» вайн Iилманчаша йелла хилла рецензеш: «реакционни, националистически, антиобщественни, культ одного народа, разжигает межнациональную рознь» – бохучу, уголовни статьяшна кIел йига йиш йолчу бехкалонашца.
Амма Сталин велла хиллера, Бере а, Вышинский а – ца кхиир-кх, дависарг, тIаьхьабисира йа, аьлча а, зама кхин йара: Советаш Iаьмеркаца герз дарехь къийсалуш, тоьпаш йеттар саца а дина – цкъачунна.
ТIаккха Абузаран романах рецензеш Маскохарчу институт историн а, академин а йала дийзира, муьжгийн Iилманчийн, уьш дуккха а гIолехь а йара, нохчаша кху цIахь Обкоме а, КГБ-е а кхехьийтинчарел. Цара, маскохарчара, и роман истори йу, бохура, истори хуьйцуш ца хуьлу.
Вайчарна ца тайра – Iилманчашна, – вайчаьрга мохь белира (вай сема ма ду!), «кхузахь дерг Маскохахь ца хаьа, и роман реакционни йу, националисташ бу кхузахь, и роман – зулам ду», бохуш.
Абузар гина а воцуш, цуьнан романаш йешначунна («Маршонан цIарах». «Йеха буьйсанаш», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц»), иза чIогIа буьрса а, хала а стаг хета там бу, цхьа сиха, дера, хьанна а коча ваха кийчча волуш.
Абузарал кIеда а, хьасене а, мерза Iаь йолуш а къонах ца кхетта сох, айса даьхначу шерашкахь йа цул граждански доьналла долуш нохчо а ца гина бакъонна тIехь, цуьнца нийсса ца хилча.
Авторханов Iабдурахьман а вара, Ошаев Халид а, амма уьш кхин бара, хьалхарниг – генахь вара, шолгIаверг – историх дукха ца хьакхавеллера йа, аьлча а, истори шена ма-хетта талла хан ца йитнера Советан Iедало, шийтта-кхойтта шарахь набахтехь валлош, йерриг могашалла дIа а йаьккхина, араваьллачул тIаьхьа а партера дIавоккхуш, тIаьхьа айкхаш баьхна, хьийзош.
Суо иштта цхьаь а волуш, Абузаран ойла йича, даим велавелла, цхьацца бегаш беш, гуттар а сайна дош кхуссуш дагавогIу суна иза, тхаьш вовшахкхеттачохь. Вовшах тхо дукха детталора. Дукхахьолахь Мусай, сой хуьлура – Ахмадов, Абдулаев Леча а вогIура кест-кеста, Бисултанов Апти а, Султан а нислора тхоьца, – Яшуркаев. Амма даим хуьлушверг Ахмадов, сой вара. Муса айса вигира-те моьтту суна дуьххьара Абузар волчу, Ошаев волчу вигар-м дагадогIу суна.
Абузар сайна дикка вевзича, иза сайца мелла а эвхьаза хилийтархьама, цхьацца хIума олура ас, забар йеш санна. Абузар кхетара цунах, цо иза дIа а лецира.
– Хьенех, – олура цо соьга, вела а лой – цуьнан велар хеза суна, хIара могIанаш йаздеш, – ахь бахкийна хир бу хIорш, хьо Сибрехара цIа валлац, гучуваьлла стаг-м вац хьуна кхарах, – олий.
– Чохь кхиъна нах ма бу хIорш, Абузар, кхарна хала ма ду некъашца лела, – олура ас. Тхо Абузарана гонаха охьаховшура – велар цкъа а йуьхь тIера ца долучу, – вовшашна муьшканаш а йеш. Абузар «эхI-хIеъ-хIеъ» деш велалора: «ХIун боху цара хьоьга, хьенех?» – хоттуш соьга. Со а, дIа вела а лой, Iадда Iара: «ХIума ца бохура кхара-м», – олуш. Доьзал гучуболура маршалла хатта, кIант – Мохьмад а – вогIура. ТIаккха МухIажар...эхI, маржа! ХIетахьлера МухIажар тахана дийна йолуш санна го суна, паргIатчу когбаккхарца, йуьхь тIехь йелар а сецна: «Шу доцуш ма хаза дацара, шу ма хьеделлера, Бузар чIогIа сагатдеш ма вара шуна», – аларца, массарна а марайетталуш, тIе куьйгаш хьоькхуш, хIоранна а бIаьра хьоьжуш. Йелайелча ши бIаьрг жимма горглора цуьнан, йуьхь шор а луш. Абузара шен бегаш болабора, тхох цхьацца хьовза а веш, дукхахьолахь со хуьлура цо йуьхьаралоцург. Суна чIогIа товра иза, цо сайн хьовзор.
Со дуьхьал забар йан гIуртура. Дукха а безаш, сайна бевзинчу нахах – Халидах а, Сулейманов Ахьмадах а – Абузар къаьсттина сица гергара хетара суна, хIунда аьлча цуьнгахь ден къинхетам бара тхоьца, воккхачун Iуналла а. Иза хьан да а, ваша а, деваша а вара. Иза Iу вара. Цо хьехамаш дукха ца бора, метт-меттарниг дуьйцура, хьуна дахарехь оьшудерг, ца хилча цадолург. Цо истори йуьйцура, кху халкъаца Iиттаделларш, вай ца лору масаллаш, интеллигенци йу бохучу наха шена лелийна хьовзамаш а. Цхьа дера ца дуьйцура, оьгIазаллица, къинхетамца дуьйцура, адамера дуьйлучу гIалаташна къинтIера вуьйлуш санна: «Йуха шена гечдар дийхира соьга хьенеха, дохковаьлла хиллера иза», – эр дара Абузара, уггар чIогIа меттанаш деш, шеца мостагIалла лелийначух а.
Цуьнан цхьаьнцца а хьагI йацара, хIораннах а кхетар бен, бакъду, мила-мила ву-м хаьара цунна, хIораннан мах а. Иза геннара хьоьжура цаьрга, лакхара охьа чу – кху лаьттахь харцонаш лелош, кIел когаш туьйсуш, мостагIашна хьо вухкуш, аьрзнаш деш – хIайтъаьлла хьийзачу адамийн IиндагIашка, гIаларташка, цхьацца цIерийн «бакъонашка», «хьенех-минех» бохуш, цара вовшийн йохучу йаккхийчу цIерашка а.
Абузар верриг а цхьа собар дара, – хьекъале собар, дуьне дуьсур дуйла хууш долу, цхьа хIума а дош доцийла, цааьлларг – моз дуйла, аьлла цхьанне вас йечул. Диван чохь дIа а таьIий, гола тIе баьккхина ког а болуш, цхьанаэшшара дийца волалора иза, хьалхара сахьташ чекх а девлла, тхан къамелаш дахдала дуьйладелча.
ТIаккха велар а ца хуьлура йа забар а. ТIаккха бакъдерш хуьлура, дуьненан харцонаш, тхоьга деш долу весеташ, дагадохкурш, цакхиънарш.
– Дуьненан хьелаш ма лералаш, – олура цо, – цхьаъ бен хир дац шуна: йа хьал, йа бакъдерг. Пайхамарш бахамаш буьтуш ца ихна шуна, Iилма бен.
Цу хенахь цунах эхь хетара, цуьнан шерех, цо хьегначу къих, цунна халкъера ца хиллачу хьакъболлучу ларамах а.
Суна даим кху халкъан хьалхара маракъийла лаьара иза оцу хьолахь, цунна ша оьшуш вуйла, ца хилча йиш йоцийла, шен махкахь Пайхамар ца вевзийла хоуьйтуш.
Йа Рабби! Ма нийса аьлла ду-кх, шен махкахь цхьаннах а Пайхамар цахилар, дика динчо бен, вон цадар а.
– Йуург шелло, Бузар! ХIума йаийтал кхаьрга, – гучуйолура МухIажар, цхьа гIилкхехь, неIарехь а соьцуш. ТIаккха тхо стоьла гонаха охьаховшура, хьой-хьой цига хаа бохуш, вовшашца къийса а луш. Ас неIарера гIант хоржура, жимхалла лелорхьама, суо жиманиг а воццушехь, хIусамца болчу ларамна.
МухIажара масийтта кхача бохьура тхуна, тайп-тайпана кечбой, и доккха стол дIалоцуш.
– Бузар, ахь хIара йаалахь, хIара кIеда йу хьуна. Хьормакан чай а даьккхина ас, – олура цо хIусамдега.
Абузар велалора, сих-сиха чайнах къурд а беш. Оццул суо цига оьхуш (цул хьалха а йа тIаьхьа а), цу шиннал лераме, мерза – вовшашца болчу къинхетамца – зуда а, стаг а ца гира суна, айса йоккхучу хеначохь. МухIажар оьзда стаг йара шен цIенца а, нахаца а, шел гIолехь хIусамнана къонахчун хила йиш а йоцуш, йаздархо-м хIунда вуьйцура, иштта а лара хьакъволу.
Кест-кеста иза дагайеъча (бакъ ма ду ас цуьнан ойла сих-сиха йар), сайн нана дуьхьалхIутту суна, и шиъ цигахь – эхартахь – цхьаьна йолуш санна, цкъа а вовшех а ца къаьсташ, дуьненахь аса и ший а цхьана дагца макхаббара.
МухIажар а, сайн нана а – суна даим цхьаъ хилла, и ший а сайн цхьаъ йолуш санна, цхьа-цхьацца а йоцуш. Цхьанна ши нана хила йиш хилча, со церан шиннан а ву.
Мусаца мелла а дукхох нислора сан Абузар волчу кхачар. Тхан дикох Iаь а товра вовшашца, проза йазйеш хиларе терра. Тхо вовшашца паргIат а дара, дуьйцушдерг йукъара а долуш. Цхьацца дуьйцу-уш, йаздархой а хьахабора оха, хьанна муьлха дика хета, олуш. Мусас Фолкнер вуьйцура, Сервантес а хастош. Сервантес Абузарана а товш хиллера, Александр Дюма а.
– Хьенех, хьо оцу мехкарийн настарш а йитина, йаздан маца волало? – олура соьга Абузара, «эхI-хIеъ» деш, вела а лой. Муса а велалора тIаккха, Абузараца берта а воьдуш. Со дуьхьал тасалора, йоI хьахош ца хилча, произведени дешархочунна сингаттаме нисло, бохуш.
Тхан бегаш гIеххьа бахлора, вовшашца марзо а оьцуш. Абузар хьала а гIоттий, цхьацца киншка эца, дехьа чу волура, тхойшинна гайта. Ас цуьнан пачкичуьра цигаьрка лачкъайора, сайна кхин оьшуш а йоццушехь.
Мусага мохь болура: «Ахь хIун леладо! Эхь ма ду, дIагича!» – олуш, ший бIаьрг а къарзабой.
– Пачки чохь ткъа ма йу, – олура ас, – йа, хьо санна, мотт луьйш а йац, хьо сецчхьана, – олий. Мусана ца хаьара, ас иза хIунда леладо. Ас иза хIокху денна лелош дара, тахана иштта йаздархьама, дагалецам хилийта, Абузар велийта а, (цхьа йоза а, рицкъа а хилла,) хIара могIанаш цуьнга кхачахь.
Наг-наггахь гIала вар нислора Абузаран, шен цхьацца гIулкхана йа нехан долчу хьашташна. – Валол, Леча а, Муса а волчу хIотта веза вайша, – олура цо, «СтелаIад» редакце гучу а волий, со балхахь ларалучу. И шиъ «Дом печатехь» вара болх беш: Леча газетан редактор вара – «Ленинан некъ». Мусагахь журнал дара – «Орга». Абузар цу шинна чу а хьажавой, приемнехь соцура со, секретаршица кофе а молуш, царна чу а йохьуьйтуш. Йуха тIаьхьуо чувоьдура, церан къамел тоделча.
– КIант! – велалора Абузар, – Хьо-м вац сан бала болуш йа соьца кхуза веъна а! Хьо секретаршашца кофе мийла веъна хилла-кх кхуза, – олуш, йух-йуха вела а воьлуш. Цунна ца хаьара (йа хаьара?) иза а ас цхьана забарна леладойла, цуьнга иштта алийта, цунах а дагалацам бан, сайн сица кхаба, воккхаве, кханалама тIаьххьенна дийца, суо иштта цуьнан гергара хилар, цо забаршца суо хьовзавар, суо цунах воккхавер – Айдамиров Абузарах, цу «Йехачу буьйсанех», цу «... ткъесах», «Дорцах», «Калугерчу йийсарх» а.
Со жимма хьалхавели кхузахь, хазахетарша Iеха а вина, вуонаш хила а ца хилча санна. Вуон а кхечира цхьана дийнахь, МухIажар кхин йац аьлла. Со Iадийра цу хаамо. Суна хаьара хилларг. Жимчохь дуьйна шеца йаьхна, кхиъна, шеца цхьаьна къанйелла йолу хIусамнана кхалхарца бен, доккха вуо дан йиш йац къонахчуьнга. Абузаре вуо деънера, цуьнца цхьаьна тхоьга а, хIунда аьлча тхо, бухахь нана йолчу доьлхуш санна, оьхура цига, МухIажар йуй а хууш. Тхо пхиъ вара цига вахнарг: Лечий, сой, Султан, Мусай, Аптий. Абузар велавелира тхо гича, сихха бIаьранегIарш а тоьхна.
– Шу тIекхачаде шена бохуш, дIайаха-кх МухIажар, – элира цо, тхо марадихкарца, ший а бIаьрг а тIунлуш.
– Абузар, нахана тIе а ма кхаьчна халонаш, пайхамарша а ма лайна, – элира цхьана стага.
– Тхо пайхамарш ма дац, хьенех, тхо гIийла нах ма ду, – элира Абузара. Со букъ а берзош, дехьавелира, сайн бIаьрхи ца гайта. Йуха, схьадахкале, кешнашка а дахара тхо. Керла барз бара, жимо чурт а лаьтташ. Борза кIелахь – МухIажар а. Дуьне а дара иштта массарех диса дезаш. Iожална цхьа а ца вуьсура тIаьхьа: массо а шен рогIехь вара – цхьаъ хьалха, важа – тIаьхьа, амма мацца а дIакхача везаш.
Сих-сиха Абузар волчу а доьлхуш – цуьнан догъэца, – хьалха санна, лелара тхо. Тхо гучудевлча, Абузара бер дохуьйтура, цу йуьртахь марехь йолчу шен йоIе схьакхайкха. Тхо йоIа чIогIа Iалаш а дора, шен нанас санна, дика.
Амма хIетте а хьал кхин дара: синкъерам ца хаалора, синкъерам байнера, дIалечкъинера, хьул а луш. Абузар цхьацца бегаш ба-м гIертара. Тхо а хуьлура дакъа лоцуш.
Цул тIаьхьа кху махкахь хийцамаш буьйлабелира, цхьанна а цкъа а дагахь а ца хилла болу: митингаш, маьхьарий, «сой-сой», бохуш, «хьойсой».
Дуьххьара бехван волийнарг Асланбек Шерипов вара, граждански тIеман турпалхо, революци йоккхуш, уггар а чIогIа дакъалаьцнарг.
Йуха Ахьмад волийра – Сулейманов, – цуьнан «Цхьа-ши дош» цIе йолу киншка майданахь йага а йеш, «Iеса поэма» бахьана а дина.
Иза геннара богIуш некъ хиллера, цхьана бохамна кечбина, халкъан корта хIаллакбан, «хIара ву» ала, стаг ца вита, дош леларг – маьттазваккха.
ТIаккха тIом чу беара. Абузаран а, тхан а дуьхьалонах гIуллакх ца хилира. Тешнабехк коьрттера схьабогIуш хиллера, масех шарахь кеч а бина, цIуьх1арш хьалха а баьхна, бохкалурш эца а эцна, кечбинарш гIовтта а бина.
Москохара схьа дара дерриг а, Кремлера, Любянка цIе йолчу майданера а.
3Iараш дIадиллира, керт йоьхна а моттуьйтуш, тIаьхьара тIе а тоьттуш, «ура» а бохуш, хеста а беш.
«Бакъ дац шуна, тешнабехк бу шуна иза, вай Iехош ду шуна цара, варийлаш, ма тешалаш!» – баьхначу Абузарах мостагI вира, майданахь кхайкха а веш.
Иза иштта оьшуш дара, къам дерриг а х1аллакдан, мохк ата, бохка, дакъош дохуш, дIасабахьа а.
Абдулаев Лечас тIаьхьо стих йазйира Айдамировна, цуьнгара а, кху махкера а хьал ма-дарра хууш; ас иза кхузахь йерриг а йала а йо:
Айдамиров Абузарна

Ма рагI йара хIоьттинарг
Цу аьхкенан дийнахь,
Шегахь ду мел моьттинарг
Дайна карадина.

Оцу дийнналц стаг хилларг,
Стаг а ца хиллера.
Оцу дийнналц лардинарг,
Сий а ца хиллера.

Хьийзаш йара гIалин йукъ,
Ша Iарш-Майда хилла.
Мизан-Терзе далийна,
Чехош гIуллакх-гIиллакх.

ГIуьттуш йара тангIалкхаш,
ЦIераш йара летош.
ЦIийзаш йара чагIалкхаш,
И цIийн хьожа кхетта.

...Хьо кхийтира, сий-цасий
Шен хеннахь дуй сийлахь,
Хенал хьалха хилла сий,
Эрна хилла сий дуй.

Ахь гIиттийнчу маршоно,
Хьуна йинчу йахьах
Йогуш йара Iарш-Майда,
Мизан-Терзан эхь а.

ХIинц-хIинца а – кху махках дог ца Iебачара, кху шолгIачу тIамо диснарг а хIаллакдинчу къоме мохь беттачу, орца дохучу, ша-шех кайеттачу Абузарана цхьацца кхиссарш йо – Лубянкин белхалоша.
Уьш дукха а хиллера чIогIа, Iаламат дукха. Дено-денна дебаш а бу.
Суна ала лаьара цаьрга – хIара къам цIенна доьхкинчаьрга – цIуьхIаршка, айкхашка: «Шу дац цуьнан мах хадон, шу ма дац, шу, – ала, цхьана поэта ма-аллара, – цо бинччул некъ бича бен, дистхуьлу а ма дац шу, цо хьегначчул къа хьегча бен, цуьнга маршалла хатта а.
ХIаъ, маршалла, дуьххьала иза, «де дика дойла» боху ши дош а: хьен-хьеннан а бакъо йац къонахчуьнга хьал-де хатта!
Къонах – иза къонах ву, ша къонах волчун бен цкъа а вовза йиш а йоцуш!»
Ма... мичара... ца оьшу шуна! Ца оьшу шуна гIовгIанаш!
Цхьа дика дейша, цхьа дика, цхьана хьешана уьстагI а бей;
дуьне Iаддол йолчу харцонна, реза доцуш, дош алий а;
шайгахь доцу доьналла дерг къонах ву олуш, совций а.
Кхин хIумма а ца оьшура шуьгара – кхин цхьа хIума а!

Соьлжа-гIала 2002 шо
Aminat вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Метки
муса бексултанов, нохчийн литература, нохчийн яздархой, чеченская классика, чеченский писатель

Опции темы
Опции просмотра

Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход


Текущее время: 12:35. Часовой пояс GMT +4.

Powered by vBulletin® Version 3.8.11
Copyright ©2000 - 2024, vBulletin Solutions Inc. Перевод: zCarot
 

 

Copyright © 2017