Старый 15.04.2020, 22:37 #51
Мадина Мадина вне форума
хабиби
Аватар для Мадина
 
 
Регистрация: 18.08.2009
Адрес: Город на Волге
Сообщений: 1,560
Вес репутации: 847
Мадина невозможное возможноМадина невозможное возможноМадина невозможное возможноМадина невозможное возможноМадина невозможное возможноМадина невозможное возможноМадина невозможное возможноМадина невозможное возможноМадина невозможное возможноМадина невозможное возможноМадина невозможное возможно
По умолчанию

Шовда

Вайн лаьмнашка бух дуьлуш ду шовданаш,
Шовданашца хаз кхуьуш ду зезагаш,
Оц кхуьушчу зезагашца ойла еш,
Йоьхур ю хьо йинчу нениг сайна ас.
Оц кхуьуш зезагашца ойла еш,
Йоьхур ю хьо йинчу нениг сайна ас.

Ма мотталахь хьо хаз елла со лела,
Хьан бахамехь 1еха велла со лела,
Жимчохь дуьйна хьоьга бахна сайн безам
Хууш вац со х1ухилла те сайн дагна.
Жимчохь дуьйна хьоьга бахна сайн безам
Хууш вац со х1ухилла те сайн дагна.

Стигла вала теша со хьо лоьхуш,
Дуьнен мел ду д1а г1о те со хьо лоьхуш.
Йинчу нениг йоьхур ю хьо сайна ас
Ехча ца лахь, ядор ю хьо сайна ас.
Йинчу нениг йоьхур ю хьо сайна ас
Ехча ца лахь, ядор ю хьо сайна ас.
__________________
Научитесь дышать счастьем. Оно в воздухе. оно в мелочах...
Мадина вне форума   Ответить с цитированием
Старый 15.04.2020, 22:43 #52
Мадина Мадина вне форума
хабиби
Аватар для Мадина
 
 
Регистрация: 18.08.2009
Адрес: Город на Волге
Сообщений: 1,560
Вес репутации: 847
Мадина невозможное возможноМадина невозможное возможноМадина невозможное возможноМадина невозможное возможноМадина невозможное возможноМадина невозможное возможноМадина невозможное возможноМадина невозможное возможноМадина невозможное возможноМадина невозможное возможноМадина невозможное возможно
По умолчанию

Даймохк Имран Усманов
Нанас берахь дуьйна суна хьо марзбина,
Хьоьга дагардуьйцуш, хийла ойла йина,
Сан дай баьхна латта, сан ирс долу Даймохк, 2 раза
Ахь кхиийна, ахь стаг вина, со новкъа велира.
Хьуна гена ваьлча, херехь зама яьлча,
Даго лоькху зурма суна хьо хетара,
Сан дай баьхна латта, сан ирс долу Даймохк, 2 раза
Малх бицбина, нур къагийна, хьо суна лепара.
ХIора йогIу кхане хьоьца йоккхур, бохуш,
Винчу махка кхача ас сатийсинера,
Сан дай баьхна латта, сан ирс долу Даймохк, 2 раза
Хьоьх къаьстина, дог диллина, Iалур ца хиллера.
Сан дай баьхна латта, сан ирс долу Даймохк, 2 раза
Хьоьх къаьстина, дог диллина, Iалур ца хиллера.
__________________
Научитесь дышать счастьем. Оно в воздухе. оно в мелочах...
Мадина вне форума   Ответить с цитированием
Старый 23.04.2020, 12:06 #53
i.am i.am вне форума
.
 
 
Регистрация: 09.10.2017
Адрес: .
Сообщений: 1,652
Вес репутации: 980
i.am невозможное возможноi.am невозможное возможноi.am невозможное возможноi.am невозможное возможноi.am невозможное возможноi.am невозможное возможноi.am невозможное возможноi.am невозможное возможноi.am невозможное возможноi.am невозможное возможноi.am невозможное возможно
По умолчанию

Йиш ялар, да виссарг, Iуьйренин сана,
Йиш ялар, да виссарг, суьйренин сана,
Йиш ялар, да виссарг, кийра дIабелла,
Хьо везаш догу дог хьуна дIагайта.

Дешнашца, хабаршца Iехийра ахь со,
Хумма дац, хьомениг, замано нисдо
Зама ма дIайоьду, доьду хи сана,
И дерриг нисдийр ду кхоьллинчу Дала.

Сунна хьо везара, хIинца а веза,
И безам бохуриг доккха дош хилла,
Хьуна ма мотталахь, со хьайха яьлла,
Кхин безам ца карош со гIийла лела.

Хьо декъала ма войла эра дац хьуна,
Езачух хьегийла эра дац хьуна,
Со-м хьалхе яьккхира ахь безамах, ирсах,
Хьо хьайна вехийла кхечуьнца гIоза.

Диц ма де, хьо хир ву сан деган ойла.
Йоьду со яллалца хьо воцчохь лела,
Хьайн делахь, дог хьостуш, тIаьххьара дош ала,
Вай вовшийн кхи гур дац, хьо марша Iайла.

Йиш ялар, да виссарг, Iуьйренин сана,
Йиш ялар, да виссарг, суьйренин сана,
Йиш ялар, да виссарг, кийра дIабелла,
Хьо везаш догу дог хьуна дIагайта

Исполнение : https://ipleer.com/song/12233251/Dzh...alar_davisarg/
i.am вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Метки
нохчийн эшарш, тексты песен

Опции темы
Опции просмотра

Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход


Текущее время: 01:53. Часовой пояс GMT +4.

Powered by vBulletin® Version 3.8.11
Copyright ©2000 - 2021, vBulletin Solutions Inc. Перевод: zCarot
 

 

Copyright © 2017