Grommus
 

Вернуться   Grommus > Чеченская Республика > Чеченцы > Обычаи

Ответ
 
Опции темы Опции просмотра
Старый 28.07.2018, 13:15   #91
Лаьмнаш
Берий Нана
 
Аватар для Лаьмнаш
 
Регистрация: 30.06.2018
Адрес: Земля
Сообщений: 1,213
Вес репутации: 313
Лаьмнаш невозможное возможноЛаьмнаш невозможное возможноЛаьмнаш невозможное возможноЛаьмнаш невозможное возможноЛаьмнаш невозможное возможноЛаьмнаш невозможное возможноЛаьмнаш невозможное возможноЛаьмнаш невозможное возможноЛаьмнаш невозможное возможноЛаьмнаш невозможное возможноЛаьмнаш невозможное возможно
По умолчанию

Вы знаете, когда я домой приезжаю,я себя на много защищеннее чувствую,чем за пределами и мне кажется благодаря вай г1иллакхш . Как то по другому дышится).Кто то скажет-Родина,потому аьл,но на мой взгляд,все таки это именно из-за наших правил поведения общения всё.
Лаьмнаш вне форума   Ответить с цитированием
Старый 28.07.2018, 17:01   #92
Simone
Where is my snow?
 
Аватар для Simone
 
Регистрация: 30.01.2018
Адрес: Тутитам
Сообщений: 1,818
Вес репутации: 495
Simone невозможное возможноSimone невозможное возможноSimone невозможное возможноSimone невозможное возможноSimone невозможное возможноSimone невозможное возможноSimone невозможное возможноSimone невозможное возможноSimone невозможное возможноSimone невозможное возможноSimone невозможное возможно
По умолчанию

Цитата:
Сообщение от Лаьмнаш Посмотреть сообщение
Вы знаете, когда я домой приезжаю,я себя на много защищеннее чувствую,чем за пределами и мне кажется благодаря вай г1иллакхш . Как то по другому дышится).Кто то скажет-Родина,потому аьл,но на мой взгляд,все таки это именно из-за наших правил поведения общения всё.
На каком-то уровне есть эта защищенность, никто не позволит себе лишнего. Но я наоборот себя дома чувствую скованнее, ощущение что каждому есть до тебя дело, во что ты одет, как выглядишь, зачем второй раз подряд идешь в магазин или выносишь ночью мусор. Такое чувство что ты всегда под наблюдением.
__________________
'Everything that has a beginning, has an end.'
Simone вне форума   Ответить с цитированием
Старый 29.07.2018, 12:00   #93
BarbaroSSA
salvatrucha
 
Аватар для BarbaroSSA
 
Регистрация: 19.07.2016
Адрес: ...
Сообщений: 2,838
Вес репутации: 939
BarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможно
По умолчанию

Жима пьеса.

"Ширачу хенашкара кхетам.

Суьрташна тIаьхьа аз:
Ширачу заманахь нохчийн къомана, махкана а тIехь Iуналла дан хоржуш хилла Мехк-Кхиэл. Деригге а къомана маьIне киртиг тIехIоьттича гуллуш хилла Мехк-Кхиэлера къаной. Шайн кIоргачу хьекъална, сирлачу кхетамна, хазнечу зеделлачунна тIетевжий, цхьаъ бен хила йиш йоцу нийса сацам тIеоьцуш хилла цара. Оцу сацамна муьтIахь хила везаш хилла хIора а нохчо. Хийла боккхачу кхерамах къам хьалхадаьккхина оцу бакъ наха.
Исс къано хилла уьш, хIорангахь Iаса а йолуш. Нохчийн махкахь кхиъначу, нохчийн сийлахьчу лаьттан хьаналла хуьйдинчу, къоман син хьу йоьллачу диттах схьахадийна, говзачу пхьеро цестина, истанган чоно шарйина йолу Iаса – шерашца кхуьучу юкъарчу кхетаман, доккхачу собаран, кIоргачу хьекъалан билгало!
ЦIена, оьзда, собаре, цIарна тIехь цхьа а томмагIа доцу къонахий хоржуш хилла Мехк-Кхиэле. Махкахь чолхе хьал хIоьттина шаьш гулделча, къамеле бовлуш хилла къаной. Шаьш рогIера цхьаьнакхетале баьллачу хенан муьрехь ша лелийнарг дийца дезаш хилла хIораммо а. Оцу заманчохь цхьа ледирло шех ялийтинарг къаношна юкъахь нислахь, бисинчар мах хадош хилла цуьнах даьллачун. Нагахь ледарло луьрачех елахь, цуьнан къонахаллина, кхетаман семаллина, синан цIеналлина эшам балла и хиллехь, иштаниг Мехк-Кхиэла юкъара дIавоккхуш хилла, сийлахьчу декхарна хьакъвоцуш иза лорий.
Иштта шаьш гулделча, берриге а бистхилла бевлла, рагI шега кхаьчча, къеначу Ачакха а дийцира шеца нисделларг…
---------------------------------------------------------------------------------

Суьйре. УьйтIа хIоттийначу маьнги тIехь хиина Iаш воккха стаг Ачаккхий, керта веана цуьнан хеннара лулахо Изновррий. Юьстахо, куьрка хьалха хьийзаш Ачакхан хIусам-наний, къона нуссий.

Ачакх. Иштта ду, Изновр, охьарчу аренашца долу хьал. ЛадоьгIна хир ду вай. Мохк гIатта беза хан герга ю. Дуьненах цIе юьллуш даьржаш ду зирх тосуш деба лоха къаьмнаш.
Изновр. ХIаъ, ладоьгIна хила деза. Сагатдойтуш ду мехкан йистошкара схьакхачош долу косташ.

ЦIеххьана водий керта эккха жимстаг. Ма-ваггIара къаношна тIевогIу иза.

ТIевеънарг. Суьйре дика хуьлда шун. Стаг велла сан карах, цуьнан нехан орцанах ведда вогIу со. Нахалахь бакъ цIе йолчу Ачакхера тховсенна ваьралла лоьху ас.
Ачакх. Диканца дукха вехийла, маьрша вогIийла. Баьрче вала. (ХIусам-нене) Схьакхайкхал и кIант.

ТIевогIий, дена хьалха дIахIутту Ачакхан кIант Лорс.

Ачакх. Чувига вайн хьаша. (Лорсий, хьаший чувоьду.) (ХIусам-нене) Шуьшиъ а чугIо, схьакхайккхалц ара а ма яла. (Изновре) Суьйре яар ца хили вайшинчух, Изновр. Хьешан гIуллакхе ца хьаьжча вер вац со.
Изновр. Вайша цхьаьна хьожур ву хьешан гIуллакхе, Ачакх.
Ачакх. Хьо чугIохьа, Изновр, кху вайн хьешан Iоттаделларг хьаьнца ду а ца хаьа. Хьан йиша-ваша дукха а ду кху юьртахь, цхьа бехкечу агIор хIара хилахь, кхана дашна воьхкуш хьал хIотта а тарло. Дарна-аларна тIе даьлча, ткъа вер-ваккхар цу тIе ца долуш дисац, хьан лаам маьрша биса лаар-кха суна.
Изновр. Нийсонна маьрша вай ца хилча ца довлу, ткъа уьйр-гергарлонашка нийсонах вохавайттал доьналла эшна стаг тускар чохь Iаьхк-боьране виллал бен вац. Ма товш хир дацара хьан лулахо осала хьехош. Суна са а ца гатдеш, и вайшиннан юкъахдаьлла къамел кхидIа хьохьа.

ТIевогIу Лорс. ХIинца герзаца ву иза. Къаношна уллехь, Изновр волчу агIор а озалуш, дIахIутту кIант. Цунна тIаьххье тIейогIу Ачакхан ХIусам-нана.

Ачакхан хIусам-нана. И вайн нус ден цIа кхетаяйтича хIун дара-те, нехан бер ду-кха иза.
Ачакх. Бакъахьа хир ду. ХIокху Изновран керта алий, накъост тоха цуьнах.

Йоккха стаг чуйоьду. Хан яллале юха схьайогIу иза.

Ачакх. ХIун ди ахь?
Йоккха-стаг. Ца йоьду иза. Диканна а, вонна а ша шен цIахь ю богIу цо. Хадамалле амал йолуш ю, къар ца ло суна иза.
Ачакх. ЙоI хIух ю. Цуьнаниг санна да волу йоI кхечу тайпа хуьлийла-м хьаха дацара. ЧугIой, цунна уллехь хила хьо, жима ю иза.

Йоккха стаг чуйоьду.
Оццу хенахь керта нах богIу. Кевнехь савцу уьш. Царех схьакъаьстий, цхьаъ тIевогIу.

ТIевеънарг. Дика мел дерг догIийла кху керта, суьйре дика хуьлда.
Ачакх. Диканца вехийла хьо а, маьрша хуьлда шун дахар. Хьо ву и, Идиг?
Идиг. Могуш-маьрша деца вай, сингаттам боцуш Iай?
Ачакх. Дика Iа тхо-м. Вайгахь а хIун ду?
Идиг. Маьрша ду, могуш а ду.
Ачакх. Шу лаа-тара леларий, Идиг?
Идиг. Той-ловзаргахь тоьхна вайн стаг а вийна, ведда цхьа зуламхо. Кху агIорхьа схьайогIу цуьнан лараш. Иза схьакарорна тIехь тхуна дан накъосталла дуй хьан?
Ачакх. ХIан-хIа, и накъосталла дац шуна соьгара.
Идиг. (КIеззиг соцунгIа а хуьлий) ХIун дер тIаккха, Ачакхан дашах кхачо ю тхуна. (шен накъосташка) ДIадоьлху вай.
Ачакх. Идиг, хьенан керта ду тезет?
Идиг. Хьан вешин, цхьаьна воIан бен да воцчу хьан вешин керта ду.
Ачакх. ЭхI, хьо дуьненан болх, хьо боккха болх!
Идиг. Дала гечдойла, Ачакх, хьан вешин воIана. Тхо арадовлу.
Ачакх. ДIадовла, Дела реза хуьлда.

Керта баьхкинарш дIабоьлху. Дена хьалха хIутту Лорс. Иза дарвелла ву. Улле вогIий, цуьнан белша тIе куьг дуьллу Изновра.

Изновр. Сихалла ма толае, кIант, сихалла ма толае.
Ачакх. Сан дош иштта ду. Хьаша кех валлалц зударщка хIумма а ма ала, цара гIовгIа яккхарна кхоьру со. Дин, кеч а бай, дIо кевнан утармех дIатаса. И а дай, хьо катоххи хьайн девешин керта дIагIо. Ган везарг гуо, юьртара валлалц и стаг сан ваьраллехь ву, кханенан хьесап кханено дойтур ду.

Лорс дIавоьду. Ши къано вист ца хуьулуш цхьа хан йолу.

Ачакх. Изновр, схьавалавехьа и вайн хьаша.

Изновр, воьдий, хьаша а валош схьавогIу. Ачакхна хьалхха дIахIутту хьаша, Изновр Ачаккхна улле охьахуу.

Ачакх. ДIо утармех дIатесна дин бу хьуна, юьртах валлалц некъ маьрша а бу хьуна. ХIара гIуллакх талла сан дош а ду хьуна. Ахь цу кхелхинчуьнца лелийна девнан кеп маслаIтана хьакъ елахь, цунна юкъара а хир ву со. Ткъа хIинца дIагIо.

Хьаша дIавоьду.

Суьрташна тIаьхьа аз:
Ачакха шен дийцар дерзийча, вовшашца къамеле бевлира къаной. ХIораммо а шен хьесап дира хезначун. Накъосташка лерина ла а доьгIна, шайн юкъара жамI кхайкхийра къанойх воккхачо:
– ЧIир-мостагIалло бен кхачош дац стагана стеган цIий. Дош дашера даьллачохь, сихалла толийна, адам дийнарг зуламхо ву. Зуламхо хьайн букътIехьа лаьцна ахь. И вуо ду. Амма де эшна хьайга орца аьлла стаг ахь тесна витинехьара, тIаьхьабогIучар, дов таллар доцуш. иза вен а вийнехьара, вуо кхин а совдер дара. Хьешан бехк а хьаьрчар бара хьох. Оцу шиннах хьо ларвалар дика ду. Дикано эший хьоьгара даьлла вуо!
Хьайн хIусамехь буьйса яккха маьрша ца вуьтуш, буьйсана кIел дIахьажийна ахь айхьа тIелаьцна стаг. И вуо ду, вайн гIиллакхашна бIостанехьа а ду. Амма цуьнан карах велларг шун ваьраллехь стаг а хиларна, цIий кхочу нах тIекхочехь а хиларна, кхерамна кIел вара деэшнарг. Оцу кхерамна гена ваьккхина ахь иза. Собаре а хилла, иштта само яр дика ду. Юха а дикано эший хьоьгара даьлла вуо!
МаслаIатана некъ лахар, хьайн дош луш, тIелецира ахь, толо езачу нийсонна юкъара а хили. Дуьхьала хIотто вуо а доцуш, дика ду иза…
Замин Ачакх, хьо хьакъ ву Мехк-Кхиэлехь хила, дIаэца иссалгIа Iаса!"
BarbaroSSA на форуме   Ответить с цитированием
Старый 01.08.2018, 05:04   #94
Ters-Maimal
хабиби
 
Аватар для Ters-Maimal
 
Регистрация: 21.08.2016
Адрес: Европа
Сообщений: 1,943
Вес репутации: 295
Ters-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможноTers-Maimal невозможное возможно
По умолчанию

Наима Нефляшева. Куда делся кавказский обычай не хвалить своих собственных детей?
http://www.kavkaz-uzel.eu/blogs/1927/posts/32524
__________________
У нас нет вечных союзников и у нас нет постоянных врагов, вечны и постоянны наши интересы. Наш долг — защищать эти интересы. (с) Лорд Пальмерстон
Ters-Maimal вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы
Опции просмотра

Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход


Текущее время: 00:11. Часовой пояс GMT +4.


Powered by vBulletin® Version 3.8.11
Copyright ©2000 - 2018, vBulletin Solutions Inc. Перевод: zCarot