Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
![]() |
#1 |
бакъйолу аккази)
|
Л.М. Ибрагимов, 2005г.
Ала ца дита – бехкбаккха хIума ца дита Аматаш баха – кIирвоьлла вехха леррина хьежа Ант даккха – гIалат каро, сакхт даккха; дерт дан Аттачу вала – халонаш лахъяла; гIуллакх юкъал тIехдала Атта хета – вай хета; атта ду мотта Бага экъан тIе яккха – анталвала, цец-акъвала Бакъхьачу кховда – юьхькIайчу, нийсачу; са яьн йолчу Бал тан – аьтту бала, аьттоне дерза Бале вала – шех бала бан, бохам баккха, новкъа гIерта Балди тIе дума хьекха – тов-товриг дийца /ала/; цхьаьннан йилбаз хьаста Баргол /буржал/ тоха – вехка; къовла Барзо лоцчуьра лаца – вортан тIера /лаг лаца/ Басах тила, сибтах воха – бос бахьа, сибат дан, хийца-дала Баьрчче /ваккха/ вала – тоьллачу метте, сийлахьчу Бегаш тIера дIадала – дов гена дала; низам чIагIдала; той тезете дерза Берам баккха – велха /й, б, д/ Берг таса – кура хелхар дан Берзан гIулг юккъехула /даккха/ дала – барт иэгIа Ботт а тIехь вовза – дукхе-дика вовза Буй буза – хIума кара кхача, са яккха Бурч йохка – жоьпе озо, дов дан Бух ахка – бух талла, бухара, орамера дуьйна талла, зен БIаьрг бада – дог дала, чам бан БIаьрг буза – бIаьрг Iабо, Iаба; дог реза дан БIаьрг /хила/ лаца – цхьана вуочу адаман дог даха, и Iаткъам цамгаре, бохаме берза БIаьрг тоха – хьажа, дIасахьажа БIаьрга Iитта –бехк баха; бIаьра хьалха иэхьа БIаьргаца важа – хьаьжча а, гича а там, тоам хила БIаьргашна дуьхьал пардо тийса – хIилланаш лело БIе яккха – малар мала /I00 грамм/, кад тоха БIостанехьа верза – дуьхьалвала; дегабаам бан БIозза ала – дукха дийца Вала /хIотта/ вожа – доркъанна вожа; чIогIа холчу хIотта; лечу хьола тIе вала Васхал яккха – баьрчче /гуччу/ яккха Векхчуьра вала – шена гIайгIа балучу хьоле вала; тIера вала Вирах Iеха – вон мохь хьекха Вовшийн /пехаш/ тIамарш яа – къиза, дера вовшех ла-та Вота тухучу тIе вала – кхоччуш къийвала, гIуллакхаш тишдала; орца доккхучу тIе вала Гай дийца – гай хьехо; юург-мерг хьехо Гала-гIожмех ловза – берашха лела; пайда боцург лело Генна дIадилла – эсе дилла, цкъачунна ца хьехо Ги волла – ги хао, тIелаца, дIатекхо Ги хаа – тIевожа, ша дIатекхавайта Гома хьежа – цабезамца Гонна ваха – гуо баккха Гоьл тIехь ког кхаба – гоьл тIе ког а биллина Iан; кура Iан Гур богIа – тешнабехк бан /кечбан/ ГIант къийса – дарж къийса ГIенах гIовла хийша – гIенах тIехIитта ГIодаюккъе тIехаа – шеко йоццуш охьатаIо, эшо Дагара хаийта – деган лаам бовзийта; эвхьаза вала Дагна даьтта хьакха – дагна тамехь дерг ала, дан Даг тIера вожа – дог дала, чам бан, чекх са ган; сий дан Даг тIе хIотта – чIогIа новкъа хила; чIогIа везавала Даг тIе шайтIа хаа – амале вала, синкхетамах хер а вел-ла, дуьхьалвала, шайтIан мукъаваха Даш тIе хаа – цхьа дош /я фразеологизм/ кест-кеста къа-мелана юкъакхийса; ша аьллачунна тIера ца вала Даш тIехь лаца – аьллачух пайдаэца; ойла а ца еш, аьллачунна тIехь чIагIван Даш тIехь саца – аьллачунна тIехь, барт бинчу тIехь Даша юккъе эккха – юккъехула шениг дийца ДаI тIе туьха тийса – Iовжаме дерг юх-юха дийца, дог этIо, чов кIамъян Даьтта а хьоькхуш, корта баккха – хаза а дуьйцуш, цIела керчо, хIаллакван; тешнабехк бан Де даа – де такха, сакъера, самукъадаккха ДегI кIелхьарадаккха – дегI дадо, кхерамна генадаккха ДегIан бустам коша бахьа – кхалха ДегIах хьацар даккха – къахьега Деза детташ дийца – доцчух хIума дан; дашца дозаллаш дан Дера дилла – хьаьшна, аьтта дIадаккха, дIаиэдан Дестош дийца – доцург тIе а детташ; долчул сов Дехьа-сехьа вала – вахна-ван /хьажахIотта/ Дешнаш дайа – эрна лен, дийца; кхочуш ца деш, дита Диканах дог дилла – диканах тешам бан Динарг дита – къинтIеравала; бекхам ца бан Динара восса – паргIатвала; куралла йита, схьаиэ, ша лакхара а ца хеташ, массаьрца а нисвала Дог даккха – чам байа; бенцахетаре, цабезаме вига Дог охьа – дагахь дерг дIадийца; деган лаам бовзийта Дог-пах охьадилла – эсала караваха; шадерг, хIума ца лачкъош, дIадийца; къайле ца хила ДогIанах ведда чухчари кIел эккха – цхьана бохамах ведда вукху бохамна кIелаваха ДогIанах елха /в, б, д/ – чIогIа, дукха елха Докъан полла бина вахьа – барми тIехь /кешнашка/ айина вахьа; дегIана дола ца далуш я нуьцкъала айина вахьа Доркъанна /доркъане/ вожа – сингаттамна кIел саца; гIайгIанна вожа Доцург дийца – харц лен, дестош дийца Дош даккха – чIагIо яйта; дош далийта Дош доцург дийца – цаоьшург, пайдабоцург; IаIам хин-боцург дийца Доь дайа – хIу кхачо; лар йоцуш дIадаккха Дукха ла дегIа – ладоьгIуш дукха хан яйа, сатийса Дуьне лаха – хьал-бахам гулбан, стамбан Дуьненах дог дилла – Iожаллина къера хила Дуьненна а дарвала – массарна а, массо хIуманна а чIогIа оьгIазваха, реза ца хила Дуьхе гIерта – бахьане; хиламан, долчун даге гIерта |
![]() |
![]() |
![]() |
#2 |
бакъйолу аккази)
|
ЖоьжагIати яккха – къинош лето, Iеса лела
Жинийн хьу кхета – жинийн цамгар кхета; аттачу бал-хах тIера ца йолу цамгар кхета ЖIов дIаяккха – кураллех вохо, могшалла талхо Зайл /тоха/ бетта – гIайгIа бан, бух кечбан Захало дийца – гIуллакх хиндолччу агIор къамел дан, хаза дийца Зуд хьекха – зуьдалла лело; стаг шегахьа воккху зуьдал-ла мел дерг лело, дийца /Хьалхара/ зIар дIадаккха – дуьхьало дIаяккха ЗIок етта – Iиттарш ян, марсаваха, иркарахIитто ЗIок а тоьхна, дита – дола а дина, дита; жимма а кхаьллина, кхин дIа ца яа Ижу лаха – /теллина/ юург лаха Ирхо яккха – хьуьнар дала, лакхе яккха Иъ-миъ баха – ийзавала; хецца, ма-дарра дIа ца олуш, тийсалуш, соьцуш дийца Йист-бIаьрга лелха – цхьаннах тера лен, лела /кхаьрдаш/ Йист яккха – чекхдаккха, цхьана хорша дерзо; дIадерзо ЙогIург яккха – хьакъ ерг, яккхалург ЙогIург дIаяла – хьакъ дерг, боггIу мах Йожуьйту-уш яхийта – сих ца луш, меллаша Йома тилла – цхьа тема дан, ледара кхочушдан Йорах /дорах/ ца дита – зен-зулам дан, бекхам бан; дох-коваккха Йорт етташ лела – ваьлла /сиха/ лела Йорт эца – болар сихдан, сихчу боларехь /ваха-ван/ Кад тоха – малар мала Ка къийла – писвала, писвола Ка къовса – хьуьнар, ницкъ къовса Караеънарг тIетоха – дера лата Ка хьакха – шортта шен долаяккха; вуо, шога хьаста Ка яхийта – юьстах яккха, лачкъо; каде хьаьвзина, шор-тта даккха /яккха/; куг /куьйгаш/ тоха Ка яла – аьттуо бала, кхиа Кийрахь вахкавала – хьагI есто, кхехко; ша-шена дагна ницкъ бан, шен са даа Киса дуза – шортта ахча даккха; са яккха Когабуьхьар лела – бай-йн ког а боккхуш, къийлалуш, новкъарло ца ярхьама; неслахь хила Кога ваха – гIеметтахIотта Коган кIело хила – тешаме накъост, гIортор хила Ког коша шарша – валарна гергаваха Ког хецца дIавижа – сапарггIат Ког хьекхийта – йоIаца ирахь Iан, цуьнан ойла тIома яха Корта айа – куравала; иэхь хета, вага хIума доцуш корта айина лела /ваха/ Корта бахьа – Iехо; ойланца шегахьа ваккха /яккха/ Корта бетта – дехар дан Корта кара билла – шадерриг кхечунах тешо; эсала ка-раваха Коча ваха – девне вала; лата чугIерта Коча таса – цхьаъ цхьанна тIехеца, девне ваккха; питана таса; тIевожо Коша дахьа –цхьа къайле шеца коша яхьа Коша хьежа – валарна гергаваха Коьрте дала – маларо кхоччуш вахо; малар сиха коьрте кхача; цхьа хIума бале дала Коьшкала хаа – тIехаа, тIевожа, бале вала Куй билла – билгалонна, тоьшаллина, меттиг дIалоцуш; чекхдоллучу нисвала, гучу а ваьлла, сихха дIаваха Куй буьтучу /буьттучу/ кхача – сийдоцчу вала; сий дан, юьхьIаьржахIотта Куралла детта – дезадетта; кура лела, кура дийца, пе-бетта Куьйгаш тоха – йоIана, зудчунна хийрачу стага куьг тIедахьа; маIзар дан Куьйгаш довхачу хица дила – ламаст: тIехьийза йоI кхечуьнга маре яхча Куьйгаш Iитта – юкъ-кара болх бан; муьшканаш ян, эв-хьаза вала Куьйге /баха/ бахийта – барт-машар бан, вовшийн къинтIерабаха; маслаIат дан |
![]() |
![]() |
![]() |
#3 |
бакъйолу аккази)
|
Кхаж бала – аьтто бала
Кханенаш яхка – кхана-кхана бохуш, хан тIаьхьатетта Кхетта вала – цIеххьана, сиха кхалха Кхечу экъан тIе даккха – кхечу гонна тIе даккха, маьIна, Iалашо хийца Къа деха – сардамаш дихка Къамкъарг /лаг/ лаца – охьатаIо, иэшо, таIзар дан Къап-къарс эккхийта – йоккха гIовгIа /ченан кIур/ якк-ха; чохь хелхар дан Къа ца хетарийн карадаха – дог ца лозучийн карадаха Къаьхьа къаста – вас еш, девне Къечалг эца – тиша хIума, вовшах ялла йоллуш Къила ваха – къа тIе лаца, бехкана къера хила Къовзийна яла – цхьажимма, йоккхачух жим-тIамма Къурд ала – эшна лара, къаро ян КIаж-мехаладаккха – коьртах даккха; тидам тIебахийта КIайчу маттахь цхьана хала – вовшех марзо эца КIелдIахула хьежа – къайлах, хьажар ца лацалуччу агIор; цабезаман, тIех эхь хетаран билгало КIесархье ваха – синкхетаман уггаре лахарчу тIегIан тIе вала, гIан-набаршка, тамтаршка ваха КIел ког таса – тешнабехк бан, новкъарло ян КIесаркIаг гайта – букъ берзо, дIаваха КIомсарш гайта – луьра дуьхьало ян КIумс ата – корта ата, коьртах хIума тоха; етта, жоьпе озо КIур байа – доь доцуш, мел верг хIаллакван КIур хилла бIаьрга хьовза – чIогIа бале вала; вуо Iаткъа Лам-латта къовса – къовсаме, тIаме вала /доза, шу къовса/ Латта эрна хьеша – шена а, нахана а пайденна воцуш ваха Лаьтта восса – долчун нийса хьесап дан волавала, кхета, меттаван Лаьхьа хилла дуьхьал яла /вала/ – къардайна; кхета, юхаяла дагахь а йоцуш Легашка хIотта – бале дала; марахдала Лергах мехий даха – кIордадаллац, диц ца лучу хьола тIе кхаччалц дийца Лерах тоха – дIахаийта, дIадийца Лерган дуьхьиг ца охьа – ла доггIане а ца догIа Лерехь /века/ цIийза – уллехь, юххехь века; дукха лен, велха Лечкъарчех ловза – пайдабоцург лело, вовшех лечкъаш хIилланаш лело Ловцаш /лугIа даккха/ баха – хасто, декъалван, баркал-ла ала Лол /тоха/ бетта – гIийла бахьанаш лело, кIел ца виса /къар ца вала/ гIерташ, цхьацца тема дан |
![]() |
![]() |
![]() |
#4 |
бакъйолу аккази)
|
Мара ирах тоха – куралла дета; даг тIе куралла йосса
Марах даккха – дохковаккха Маре ваха – зудчунна тIеваха Махках /ваккха/ даха – халкъ нуьцкъала шен махкара кхечу махка дIадига Махьар шахьаре дилла – зуда ялор кхайкхо, ловзар дан Мер кIел эха – дукха улле, юххе Меттан боьххьехь диса – дIаала сакIамлуш, дага ца догIуш диса; дагадан доллуш Мотт бастийта – ламаст: несана йистхила бакъо яла, некъ баста; вистхилийта, схьадийцийта Моханаш кхехьа – кест-кеста моха тIеян, велха-чIеIа, оьгIазъэха, девне-цIогIане вийла Мохе-малхе вала – нахана юккъе вала, чу-ара вала, во-лавала; дехьа-сехьа ваха-ван Мур бахьа – хан-зама такха; цхьа хан такха Накхош /настарш/ иэхьа – боьршалла карзахъяха, дер-зина накхош /настарш / бIаьрга Iитта Наха сагIа ца лучу ваккха – сий дайа Некъ бехка – некъ къовла, маьрша ца бита Некъ бита – некъан маршо яла, новкъарло ца ян Некъ лаха – таро-аьтто, вевза-везарг-мотт лаха Некъ лаца – зуда /юьгуш, ялош/ нускал эцна богIучарна некъан хьовзам баккха, некъ бехка /кхоан дуьхьа/ Некъ нис ца бала – некъан аьтто ца хила, даьхьнарг кхочуш ца хуьлуш юхаверза Ненан цIе /Кеса/ Пака ю моттийта – ласто, вего, кхак-ха бего, таIзаре оза Несала ваха – декхарийла, бехкала ваха; цхьаьннан куьйга кIел ваха Несаршха мотт кхаба – несарий санна, вист ца хуьлуш, мотт кхобуш / ца ваьхьаш, ца хIуттуш/ Неслахь хила – декхарийлахь хила; шен лаамехь воцуш, кхечун куьйга кIелахь хила Нехан луур дала – нах кхардо, бело «НеI-неI» бахийта – готта хьовзо, неI лохучу тIеваккха Нитташ тIе вилла а ца мегачу ваккха – сий дайа Новкъара нацкъара яккха – лачкъо, тало, шена ерзо; новкъарло ечуьра дIаяккха Нохчий матттахь ала – кхетачу /агIор/ маттахь; дIабохучух ца кхета бахьана доцуш Нуьйр тилла – куьйга /кога/ кIел вало; муьтIахь ван Обарг вала – Iедалх, чIирах ведда къайлаваьлла лела Ойла човхо – ойла эккхо, тIаьхьара яккха, яйа Оппа даха – хьошалгIа /берийн лексика/ Орам талла – бух талла /ахка/; бухара талла Орамца бухдаккха – кхин юха ца даьндолчу агIор, буха хIума ца дуьтуш; меттахIотта бахьана ца дуьтуш Ор даккха – ямартло, тешнабехк кечбан Ор чу эккха – шен бехкенна хIаллакьхила, юьхьIаьржа хIотта ОхьаIеттадайта – охьадиллийта, такхийта |
![]() |
![]() |
![]() |
#5 |
бакъйолу аккази)
|
Пайдабоцчу дала – дош доцчу дала; механа дайдала
Пе /бетта/ тоха – улле ца ван, тIе ца ван, къехкаш лела Пиллиг хьекха – гонаха хьийза, тIехьийза Пурхе ата – пурх /раз-гара/ вада, ида Пхьуьйша волла –дахаран Iаткъамах тIех ларван Пхьуьйшахь лаьхьа иэхье – къайллах кхерамаш тийса ПIелг /болла/ бахийта – лачкъо, тало, зен дан ПIелг а бетташ, харжа – шена луъ-луъург, хазахет-хетарг харжа, къасто ПIелг /Iотта/ хьакхабалийта – эвхьазло лело, муьшка-наш ян ПIендарш юккъе гIаж Iитта – тера-мера йоцу Iиттарш ян; догдеттIарг дийца Рахь /ратIа/ ботта – пуьташ ботта Рицкъ хила – доьгIна, Азаллехь язделла хила Са даа – са гатдан, кIамдан, синна Iеткъа Са даккха а, дола а ца вита – готта хьовзо Са дахьа – са шегахьа даккха; чIогIа кхеравала Са дита – кхалха Са дуткъадала – са кIаддала, ирдала Са кIажийн пхенашка досса – чIогIа кхеравала Са лоццучу /лоцце/ тоха – синметта, са доллучу Са малхадала – паргIатдала, зовкх хьега хIотта Са тIехь латта –хаддаза /уллехь/ тIехь латта Сах-пахе хила – са меттадеана; хьалха санна Синехьа /вала/ верза – сине ладегIа СинпIилдиг схьаэца – са эца, са лаца Сискал лаха – рицкъа лаха Тайнначохь дита – хазделлачохь Тайнигех ловза – IаIам, пайдахинбоцург лело; берийн кхетамара валаза хила Тап-марха ян – моттаргIанаш лело, тера лела Тахьтаргех ловза – берийн ловзарех ловза, IаIам хин-боцург лело; берийн кхетам хила ТIадам билла – чекхдаккха, хадо, йист яккха ТIамарх /цIийх/ дола – амале дерза ТIаьххьарчу новкъа вала – бармахь кешнашка боьдучу новкъа вала ТIемаш довла – дIаэккха, дIаваха ойла кхиъна яьлла хи-ла ТIе нехаш хьекха – емалван, доцург кхолла ТIехула а ваьлла дIаваха – накъосталла ца деш, юха ца хьожуш, бен дIа ца хеташ, дIаваха ТIехь дечиг даккха – чIогIа етта, таIзар дан ТIома кIел волла – цхьаъ шен дезаршца тIелаца, цуьнан массо хIуманна тIехь дакъалаца ТIуз тI****а – гIуллакхаш тодала, аьтто бала; тола ТIурнене яхийта – стигал яхийта, /лекха/ лакха хьалак-хосса; садаккха; там бина, са стигла, мархашка даккха ТIуьрлиг ботта – аьшпаш ботта Уккал тIе хIума /тоха/ йилла – яьIни тIе хIума тоха; тоьхна меттавало Ун дала – цхьаннах кхетта цамгар тIеяла; вониг даржа Уппадваккха /гIибаваккха, гIибатттаса/ – чIогIа етта, йиттина, дегIана дола ца даллучу ваккха Уьттаза ала – дукхазза; цкъа аьлла ца Iаш – масийттаза Уьшала волла – зен-зуламна юкъаозо, декъаозо |
![]() |
![]() |
![]() |
#6 |
бакъйолу аккази)
|
Хаза воцчу вала – иэхь-бехках мукъавала, гIиллакхах воха; талха; къанвала
Харцхьа кховда – вуочу метте, ца оьшшучу кховда Харцхьа тида – бIостанехьа; нийса ца тида /ца кхета/ ХатI доцчохь бохь богIа – дан цадеззачохь дан Херо /юккъе/ йола – уьйр-марзо лахъяла, хервала Хецна вита – шен лаамехь Хецца дийца – ийза а ца луш, майрра, юха а ца хьоьжуш Хецца яхийта – ма-йоьдду, урх малйина, юха ца ийзош «Хи да» бахийта – луьра таIзар дан, ницкъ бан, етта Хи хи тIе кхехьа – эрна къахьега Хоршара вала – низам талхо, цхьана некъана нацкъара вала Хорша верза – нисвала, кхета, низаме ван Хотталахь восса – таро йоцчохь, ца лаахь а, лууш санна ХьагI /гамо/ лаца – эмгаречу ойлан йийсаре ваха Хьажо-ош тоха – лерина, дикка Iалашо а лаьцна Хье схьаэца – синхааман Iаткъам бан; Iехо, тило ХьеттIа маIа йолла – сий дайа, юьхьIаьржахIотто Хьожа кхета – хаадала, туосадала; талха Хьокханна тIе яха– сийдоцчу яла, юьхьIаьржахIотта ХIоьра-хIора /хIера-хьоь/ даккха – даржо, тало, во-вшахдаккха ХIу хада – тIаьхье йоцуш виса, орам бакъабала ХIушт-пушт хила – дийцинарг, дан леринарг кхочуш ца хила, дийцар а хилла диса Ца лозу корта бехка – шен гIуллакх доцург, бала бо-цург, цадогIург лело Цергех хи дала – чIогIа хьоьгуш /сатесна; езаелла/ Церг /таса/ тоха – чоме хьажа, жимма кхалла Церг яхийта – акха лазо, дезар дан Цхьа агIо лаца – цхьаьнгахьа вала, цхьанна тIаьхьа хIотта Цхьана бIаьргахь велха – дог ца догIуш /моттаргIанна/ Цубуу /ата/ чуяхьа – бат ата, бетах хIума тоха ЦIакел дехьеш яхка – гIуллакх гена тетта, тIаьхьатетта ЦIартIе яккха – маре йига; долаяккха ЦIарца ловза – кхераме, бохаме дерг лелон ЦIерга эккха – хIалакьхила ЦIе тоха – цIарца билгалъяккха ЦIе яккхийта – хьуьнар гайта; цIарца нахе ша вийцийта ЦIий лаха – бекхам бан ЦIий мийла – чу са ца доуьйтуш ницкъ бан, гIело ян, вацо ЦIийца даккха – тIамца, вер-вакхар а нислуш, хала ЦIоьк ала /цIук баккха/ – барт баккха ЦIуквала – баIвала, лерина кечвала ЦIурк туьллучу кхача – чекхдолучу кхача, болх йисте боллучу Чам бала – дог дала, кIордо Чан тийсийта – хьалхара идийта; кхеро, иэшо Чевна тIе туьха тийса – дог детI-детIарг юх-юха дийца, карладаха Чекх са гайта – ма-варра /ледарчу агIор/ ша гайта Чомехь дуьне даа – лартIехь, кхин даккхийчех зен-зулам доцуш Чохь вахкавала – кийрахь вахкавала Чохь виса – кIелвиса, аравала де доцуш, меттахь воьжна виса ЧухIотта – чохь-арахь оьшург дар шена тIе а лаьцна, йолах болх бан; кийрахь IаIа, дагах кхета Чучча /баха/ ваха – тIеттIаваха; вовшех хьарча, лата ЧIанаваккха – долчух ваккха, къийван ЧIиччIашка ваха –лазийна я дегазаллина юьхь хебар-шка яхийта /яха/; дегазаллин йийсаре ваха |
![]() |
![]() |
![]() |
#7 |
бакъйолу аккази)
|
ШайтIан бIаьра хьежа – бIаьрганегIар ца тухуш, цхьа-на метте кIирвоьлла хьежа
ШайтIа кийра дола – шайтIан мукъа ваха, шен амалехь доцург лело ШайтIане пIелгаш Iиттийта – хиндоцчуьнга сатийса, цахиндолчуьнга сатийсарца, ша-шен садаа Шамали лекха – кIадда ца деш, мукъа Iан Шен дикнах чекхвала – цхьаьнггера а гIо а доцуш, не-хан дикане са а ца туьйсуш Шечунна тIегIерта – ша бохучунна, шена луучунна Ши /ши-кхо/ дош ала – доцца ала, кIеззиг къамел дан Шина гIанта тIехаа гIерта – шина метте /дарже/ цхьа-босса кхийда Эсала караваха – атта, дуьхьало ца еш караваха; шен лаамехь Юкъ ехка – цхьана Iалашонна, нигатна гIароллехь лат-та, даима кийча, сема хила Юкъ яста – герз охьадилла, тIом сацо, маьршачу дахар-на тIеверза Юккъехула шениг дийца – кхечуо дуьйцург тидаме а ца оьцуш, шена луург, шен садуург дийца Юм яйта – эккхо, лалла, вадийта; масъян Юьстах латта – тобанца воцуш, ша къаьстина; дакъа ца лоцуш Яхь яха – цхьана хIуманна иракарахIитто; яхье ваха ЯьIни тIера лаца – вортанна тIера, карара ца волу волччу меттера лаца ЯьIни тIе хаа – коьшкала хаа, тIевожа, шена хьалхара лело Iад дула – таIзар дан, ницкъ бан Iажрахьта хIотта – карчам /пачхьалкхан карчам/; къаьхьа де хIотта IалагIожа вовшахтоха – цхьаьна цадогIурш цхьаьна-детта Iаьл-даьIахк а ца /йита/ йиса –хIумма а буха ца диса «IаьнцI-IаьнцI» бахийта – етта; къиза /етташ/ хьовзо Iетто дог даийта – чIогIа дог даккха, дохковаккха |
![]() |
![]() |