| Справка |
| Календарь |
| Поиск |
| Сообщения за день |
|
|
#11 |
|
Очень приятно, Царь!
|
|
|
|
|
|
|
#12 |
|
Золото
|
Об институте ухаживания у нас. Так было еще в недавнем прошлом.
https://nohchalla.com/obychai-i-trad...ya-chechentsev |
|
|
|
|
|
#13 |
|
бакъйолу аккази)
|
"ЗАХАЛО"- йа нохчийн доьзал кхолларан гӀиллакхаш
«Малх хьаьжначу дийнахь а, стогар латабай бен, ма де захало», — аьлла кица ду вайн халкъан. Ши бӀаьрг баьллий, хьекъалца, кхетамца харжа кIантана дало нускал а, шайн йоl маре йала кӀант а бохург ду и. Йа шаьш гергарло тосучу нехан орамаш довза — хаа уьш хӀун нах бу йа нах буй... Вайн дайн заманахь хьаьнг-хьаьнга а маре йохуьйтуш ца хилла наха шайн йоӀ. КӀант хьал долчу йа мелла а таро йолчу нехан хила веза бохург дац и. Нуц хила араваьлларг уггаре хьалха шен бийца орам а, диканца хьахо дай а болуш хила везна. Тlаккха — адамашна гайта шен йуьхь йолуш: собарца, бакъонца, нийса, тешаме, хьанал, дош цхьаъ долуш хиларца. «Йуьгург стаг велахь, тӀулга тӀехь а кхоллалур ду къоначаьрга шайн ирс, — боху цунах лаьцна кицано, — йуьгург стаг вацахь, дуьне цуьнан долахь делахь а, бартаца, безамца ирсе дахар кхиъна, хайра долуш охьа а ховшур бац уьш». Шен бийца орам а болуш, схьайаьллачу цӀийнан сийлалла а йевзаш хилла кӀанта йало къастайо йоl. Дикачу къонахчунна санна, чохь, арахь, шайн йуьртахь, кӀоштахь адамашлахь ларамца йаккха цӀе эшна йо1ана а. «Орам ледара болчу синтаран гон тlе баьлла стом а хуьлу ледара», — олура захало хьахаделлачохь махкахь а шен йаккха цlе хиллачу Ӏеламстага Мадин Махьмуда. Иштта, и орамаш ледара долчу йа диканца йаккха цlе йоцчу дех-ненах схьабаьлла доьзал а хиндерг доцуш хилар зеделла халкъана. Цундела деза а, доккхачу жоьпаллин а гӀуллакх лаьрра шаьш йукъадоккху захало. Йа сих ца луш, кӀентан, йоьlан доьналла, гӀиллакх-оьздангалла, сий-ларам, цlенна пайденна хилар девзина ца lаш, хиндолчу марден, марненан амалш а толлуш хилла. Аьлча а, ларбелла шайна ледара тlаьхье лун йолу доьзалш кхоллабаларх. Уциев Абу |
|
|
|