Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
![]() |
#1 |
...
|
Составитель: Ибрагимов Лёма
НОХЧИЙН ФРАЗЕОЛОГИЗМИЙН МАЬIНАДАР ПАЙДАЭЦНА ЛИТЕРАТУРА I. 2. И. Ю. Алироев. "Чеченский язык". Москва. Academia – 200I. 4. Д. Б. Байсултанов, Д. Б. Байсултанов. "Чеченско-рус¬ский фразеологический словарь". Грозный – I992. 5. А. Д. Вагапов. "Нохчийн меттан доштуьду жайна". Нальчик – 200I. 6. Х.В. Шахбазова, А.Д. Адисолтанов. "Краткий русско-чеченский фразеологический словарь". Махачкала – I999." 7. Л. М. Ибрагимов. Нохчийн фразеологизмийн маьIнадаран дошам" Грозный – 2005. 7. Г. Л. Пермяков. "Пословицы и поговорки народов Востока". Лабиринт – 200I. 8. Осетинские народные изречения. Москва – I980. 9. Е. А. Быстрова. "Учебный фразеологический словарь рус-ского языка". Л-д – I984. I0. Нохчийн фольклор. ХIоттийнарг – Ш. А. Джамбе¬ков. Грозный – I990. II. Нохчийн поэзин антологи. ХIоттийнарг – Л. М. Иб¬рагимов Москва – 2002. I2. "Орга". I990 – 2004. |
![]() |
![]() |
![]() |
#2 |
...
|
Арабаьккхина некъ – дан леринарг, Iалашоне боьду некъ
Арахьарчу неIаран арахьара зайл – хийра Ахчано вина эла – ахча бахьанехь, наха лоруш Аьшпийн /кIур/ кит – аьшпаш, пуьташ буттург Бала боьссина шо – доккха вон деана шо /ун, тIом, цIерадахар/ Балийна бала – шен бехкенна, ша тI****ийна, тIебехна Бел къагон йовхарш – каш ахка дезар долуш, велчий бен шайх стаг хьалха вер воцуш Белла меза – партала зуда, зудабер; партала адам Берзан амал – катухуш; ядорна, лачкъорна тIера; бек-хаме Берийн хабар – берийн кхетамехь долуш; цIодар Беха мотт – эладитане, хуург къайладохуьйтур доцуш Беъна бала – бехк боцуш, ша тIебеъна бала Бойн /буон/ гуьйре – гуьйренан довха денош Боккха болх – барам-бустам боккха болуш; маьIне, чу-лацаме Болатан /тIулган // дог/ дегнаш – чIогIа дегнаш, тIехIоьттинарг ловш Боьрша къамел – дуьйцург дош а долуш; нийса, майра къамел Буза лестина дашо малх – чубузу малх Буса гIенах ма гарг – тIех ирча /сурт, сибат/ Буто дегI – чIогIа, могуш, таза; чорхаме БучIи-баба – тIехь беркъа, дегI цIена ца лелош зуда Буьйда адам – партала; малонча; хIума дарна тIера во-цуш Вайх дахнарг – гIело йийриг; аьтто хьоьшуш, цIийца дерг Вала цавезарг – уггаре хьоме, гергара ВатIийна-ваьккхина шен да – тап шен да; шолгIа ваьлла шен да; дех чIогIа тера Ваьлла орам – цIа; да-нана, тайпа-тукхам /Димту/ Виран амал – хатI доццчохь амале волуш Воккха валарг – сийдоцчуваьлла волчарна а, нахана а совваьлла къано ВорхI вешин йиша – езаш, хьоме кхиийна; тIаьхьахIотта нах болуш Воцуш цатерг – хьоме, гергара; оьшуш Воцчу дена вина Iужа – ден-ненан цхьаъ бен воцу кIант / тIех хьистина/ дукхахьолах, осала, чIичIъаьлла Ву боху цIе – ву аьлла цIе хилар бен, кхин цу цIарна хьакъ воцуш; карахь кхин хIума доцуш Вуон жIаьла – вуон адам, жIаьлийн гIиллакх долуш Говран амал – цхьаьна а ца мегаш, вовшахкъаьстича а ца мегаш Гутан гуьйриг – нисделла, буточу дегIахь жима адам; горга дегI-меже йолуш хьийкъина бер ГIамар-гIаланаш – еккъа-цIена ойланехь хIиттийна, харца кийчча гIаланаш-моттаргIанаш ГIонжакъехь а доцург – цхьанхьа доцург, лартIехь до-цург ГIургIезан болар – куьцехь, тамехь, бадалкх болар ГIургIезан ворта – юткъа-еха, товш; хаза Да вийна мостагI – луьра мостагI Даг тIера кIайн зезаг – дуьненан синкъерам Дакъийн учетчик – оза, озалла валла /й, б, д/ воллуш Дала дуьне делла стаг – Дела тIехьаьжна, ирс долуш; хьал долуш адам Дашо бIелиг – бер хьостуш: сан хазаниг, хьомениг Дашо корта – хьекъале, хаза; хьомечун корта; цIен-хьаьрса Дашо куьйгаш – говза, беркате Дашо лаьмнаш – йоккха хазна Делла дош – ширделла, юкъараллехь ца лелаш Дешан кхоссар – дашца Iоттар, Iоттабаккхам Дийна дош – нахана юккъехь лелаш Дегала хIума – доккха дог долуш Деган эла – везар /езар/, хьомениг ДегIан бустам – дегIан кеп, бIаьрсино лоцу дегIан сурт Декъаза пал – къен, тиша, ледара Делан /миска/ пекъар – гIаддайна-гIийла, гIорасиз адам Делкъанна гина гIан – хиндоцург; самах хила бух боцу гIан Дерг а, доцург а – долчунна доцург тIе а детташ Дешан бакъо – дош ала, вистхила бакъо Дийна дакъа – воцчу новккъа; оза, хесар адам Диларийн тIекха – гайшик, верстина ваттIа воллуш Доккха де – баккхий хийцамаш хилла, вуон /дика/ деъна де Доккха дог – кура, сонта; дегала; ассна долуш Доккха хIума – мехала, дан атта доцуш Докъан полла – васте; дакъа; айина хьош долу дакъа Дуй биина доттагI – кхин тешаме хила йиш йоцуш, те-шаме Дуьне гина борз – лелла-а, шортта дика-вуон гина, хало лайна Дуьне деса ца дита кхоьллина хIума – пайдабоцу хIума; воцчу новкъа Дуьненан /дахаран/ бала – дахарехь, дуьнен тIехь нис-луш йолу халонаш, весаш, къаьхьаллаш Дуьненан мах – беза мах, дахар Дуьненан марзо – дахаран марзо, синхаам; уьйр-безамаш Дуьненан синкъерам – Iаламах, адамах доьзна хазахе-тар; йоIаца сакъерар Дуьненан Ялсамани – хаза, бIаьрса хьоьстуш, зовкхе, Iаламан хаза маьIиг ДIадаьлла гIуллакх – толучуьра даьлла ДIаяьлла пхьегIа – толучуьра яьлла; къена; йоьхна, тиша Ездареш юьйцу хан – шира зама; таханенца ца йогIуш Екъа майралла – сонталла; тIаьхьалонан ойланах херъ-елла майралла Еса туьта – хьекъална эшна, кIоргенза Еха зурма – хенахь хиндоцург; генара долийна къамел Жерочун дакъа – жима дакъа, къа а хетта луш дерг Жерочун кIант – тIехь да воцуш кхиъна: дегабааме, доккха дог долуш Жинийн /пал/ базар – жинашца тайначу наха лело хIума /пал, молханаш, цхьацца гIирс/ Жинийн хьу /хIу/ – жинийн тIеIаткъам; Iилма тIекхиаза цамгар; хье, са талхон тIеIаткъам Жинийн болх – жинаша дина, церан хьу /хIу/ йолуш ЖоьжагIатин бIогIам – къинойх дуьззина, Iеса, иман доцу адам ЖIаьлийн даар – доьша; чаьмза, чомехь доцу даар Зингатан гIодаюкъ – юткъа, оьзда, хадда йоллуш Зуд доь малх – аьхкенан йоккха йовхо лун сирла малх Зудча-бахтар – зуда; зуда-бахьана; зуда хьахоза ца ваьлча, нахаца гIиллакх лоцуш олу Зудчун шаьлта – цкъа а мекха ца дулу герз: мотт; мотт-эладита Зуьдах даьлла зуд – шозза зуд; иэхь данне а доцу адам Ирча гIан – сурт ирча долуш, чулацам къиза, къаьхьа болуш Ира дош – маьIне, чулацаме, шен меттахь аьлла дош Ирсан да – ирс долу адам Ирсан хелиг – барамехь жима, кIезиг ирс Ирча де – бохам беъна, бала боьссина де Ирча /сурт/ хьал – къаьхьа, йоккхачу къизаллин тIахьало,боккха бохам Йишин бекъа – йишин бер Йоьхна /Iуьйре/ суьйре – бохам беъна, бала боьссина Ка тоха Iемина борз – къу-борз, талорхо Кега-мерса хIумнаш – механа яй, барамна кIезиг, баш-ха пайде йоцуш Кешнийн охIла – кхелхинарш /кешнашкахь Iохкурш/ Котаман дог – стешха, шортонах хийра дог Коьллаш юккъера къухала – кхин а ледарчу Куйнан бакъо – шен куй шен коьртара баккха, дIатилла бен йоцу кIезиг бакъо Куьйган бакъо – куьг /тоха/ таIо йолу бакъо Куьркахь деттина /куьрка дулу/ шайтIа – Iаьржачу аматехь, йилбазалла долу адам; къардайна Кханалера де – тIейогIу йолу хан, генахь доцу де; жамIе де Кхерста жIаьла – волавелла, ваьлла лела /вуон/ стаг Къаьхьа де – бохам баьлла де Къаьхьа дош – вуон, восе, Iовжаме Къена /гужам/ къуккъаз – чIогIа къанвелла воккха /йоккха/ стаг /кхаьрдаш/ Къена хабарш – маьIне, чулацаме; дуьне гина, хIумнаш лайначу нехан зераш, тидамаш Къечу нехан хи таделла хан – Iа Къоман идея – къоман коьрта Iалашо, нийса некъ; къо-ман дахарехь кхиаме некъ Къоьжа Iилма – шира Iилма, йоза Къу-берзан амал – катухуш, ядош, лачкъош Къу-берзан буьйса – Iаьржа, дорце, шийла буьйса Къуйн кхерч – къуй гуллун, цхьаьнакхета меттиг, лачкъийна хIумнаш юхку меттиг КIадда ца бийриг – малонча; ямпарт КIайн духар – кIайчу басахь; кисин духар КIайн йийсар – /зуда/ йоI-йийсар КIайн кисин мотт – Iожаллин мотт; цIена, керла мотт КIайн маьлхан дуьне – дуьне КIайн хабар – тIехьа лаьтташ хIума доцу хабар, синкъе-раман пуьташ КIентийн /колл/ ковра – /хьуьнаречу/ кегийчу нехан то-ба КIохцалх даьлла кIохцал – хьуьнаречух ваьлла хьуьнарениг Лакхара тIуз – воккха хьаькам, дарж лакхара долуш Лар йоцург – лартIехь /оьзда/ доцург Лар толлу жIаьла – тарш-жIаьла, иччархойн эра-жIаьла; тIаьхьа лелаш, тIаьхьара ца долу адам Лачкъаза дисна /моханна дуьхьала уьду/ шайтIа – хIилла долуш, къардайна адам Лаьттан коржам – лаьттан маьIиг, лаьттан кIезиг мет-тиг Лаьхьан корта – дIаьвше мотт болуш, кхераме, бохам бохьу адам /зуда/ Лаьхьан мотт – дIаьвше, питане мотт Лекъаш дина кIорни – тIаьххьара /лекъаш дина/ бер Лелла-а борз – дуьне гина, дукха лайна Литтина деши – цIена цIандина деши: цIена, дика адам Лоьмах даьлла /лом/ кIеза – майрачу ден майра кIант Малх кхета дуьне – васте: дуьне Малх цIа кхочу йочана – аьхкенан де уггаре деха дол-чу хенахь йочана МаргIал дегI – жима, къона, хела дегI Маржа дуьне! – байттамал-дуьне Маьлхан бIаьрг – кIеззиг гучубаьллачу маьлхан тIеда, масех зIаьнар Модийн уьйриг – модех вуьззина, боьха лелаш Моз доккху моза – шена а, цIенна а пайдехь адам Моз дуу моза – жуккар, цхьана а агIор нахана пайде во-цуш Муьста адам – муьста дош олуш самукъадолуш, даим юьхь кхоьлина, муст а йина Нана ю бохург – нана /Iоттабаккхаме/; гIиллакх лоцуш олу Нанин /Нукка, Нуькка/ Ноькка – ледара, осала бер /вуо Iамийна/ Невцан кеп – невцо лелон деза гIиллакх-гIуллакх Ненан баларш – нана хийла юьхьIаьржахIоттийна; юьхькIоме боцу доьзал Нускалан кеп – нускалца догIу гIиллакх-гIуллакх /лелар-духар/ Овтаран кеп – куралла даг тIе йоьссина, малар мелла; ша-шех тоам бина синхIоттаман тIегIа Пайдана метта бина хIайда – пайда бан а воьлла, дина зен Паччахьан /маж лаьцнарг, мекх хадийнарг/ лерг лаьцнарг – майра; хьунаре /беламе/ Пекъаре яхна миска – декъазчуьнга яхна Питане Iуьрг – питанча Пуьтийн лежиг – аьшпаш буьттург Са кIезга хIума – ледара, стешха; шен бен ойла ца еш Са меца хIума – даима са меца лаьтташ, мел йиъча а ца вузуш, дуьненан хIумнах ца Iебаш; сутара, пис Саьхьара ЖоьжагIати – уггаре луьра ЖоьжагIати; стаг халчу хьолехь латто меттиг /набахтни, концлагерь, тIеман аре/ Сийна саьрмик – дIаьвше мотт болуш, девне, зуламе /дукхахьолахь – зуда/ адам Стиглан дари – бIаьрсино лоцу стиглан куьзга, сийначу басахь стиглан экъа /васте/ Суйнах баьлла суй – чIархъаьлла, каде, доьналла долу дикчу ден дика кIант Суьпа /стаг/ нах – динан арканаш нийса кхочушдеш Тайна адам – куц-кеп хаза, безамехь долуш Тап шен да – дех тера Текхан доттагI – юучунна-молучунна тIехь бен гIо-накъосталла ца ден доттагI; боттагIа, гайшик Тесча, кхолла – елча, яа бен, кхин хьуьнар доцуш; шена яахIума яккха а де доцу адам Тилла адам –нийсачу новкъах хаьдда; данне а доцчун-на, зуламна тIаьхьа я хьалхадаьлла адам Тилла тоба – юкъараллин низамехь доцург лелош, юкъ-аралло тIе цалоцург лелон зуламе тоба Толла айгIар – могуш, таза, доьналла долу сонта адам Туьхлахь бина нIаьна – доцург; бух боцуш кхоьллина хIума /хабар, эладита/ ТIедеха вон дисна доцу бала – боккха бала ТIергIан шаьлта – тоьхча, Iоьттича зен дийр доцу герз; осалчу стеган багахь-дагахь тIом /гIам-гIим, яппарш/ Уггаре Iехалу хан – жима, къона, хаза хан; жималла Хадда йоллуш гIодаюкъ – оьзда, юткъа Хаза бегаш – массеран а сакъералуш, цхьанна а вас ца еш Хаза хабар –ладугIучунна товш; маслаIате; хазчу озаца, кIеда-мерза, чулацаме къамел Хаза /денош/ хан – цхьаьна мерза яьккхина хан, паргIат, са дууш хIума доцуш; жималла Хала адам – вуон амал йолуш, бартана чехка Хан тоьхна-а /борз/ пионер – ханна /шерашна/ жима воцуш, хенара; къаналле лестина Харц дуьне – вайн дуьне Харц Iаббаз – харц, къардайна, сонта адам ХатI доццург – хаза доцург, лартIехь доцург Хела йоI-йиша – коча, къона, хаза йоI-йиша Хих бина шад – балун боцу шад; далундоцург Хуьл-хуьлуш хилла хелиг – хенан йохалла; меллаша хилла Хьерахь а, хьаьттахь а доцург – цхьанхьа а доцург, лартIехь доцург ХIож-корта – боккха корта, дегIан бустамца ца богIуш ХIума южу меттиг – кара хIума йогIу меттиг, дуьненан рицкъанах хоттавалла аьтто болу меттиг ХIурда чу цу кана – кхачаме доцург; тIех кIезга; кIезгаллин тIегIа ХIуьрлаьIа мехкарий – хаза, дуткъа, лекха догIмаш до-лу мехкарий Цу берг – яахIума ерг, къен воцург; зуда кхабалун верг Цхьана /куллан кIохцалш; ден ши хьакха / кетаран мезий – цхьана доьзалера, кхерчара; вовшех тера ца хилча ца бовлу; цхьаъ бу; цхьана бу ЦIийнан дукъ – цIен тIехь дан мел дезарг, мел оьшург ЦIийх даьлла цIий – цуьнан, цунах терра ву; шайн /тхан тхешан,цуьнан, сан/ ву; доьзалхо Чалахь бинарш – къечу нехан доьзал; эхь-ийманах дIахаьдда, яхь гIорийна; хIуъа дан эхь доцу нах Чо чехка чола куй – беха, буткъа чо болу сира, мокха куй Чучча захалонаш – ийна /шина вашас ши йиша ялийна, несо маьрйиша шен вешина йигна/ захалонаш Чуьра дов – цхьана тхов кIеларчу я цхьана цIийнан не-хан вовшашлахь дов Чуьра /къу/ мостагI – доьзалера, кертара ШайтIан амал – ма де боххург бен ца деш; къардайна ШайтIан болх – адаман хье баьхьна хилларг; эм-иэсехь волчо ца дендерг ШайтIан ког – Iоттабаккхам ШайтIан куй – тиллича, бIаьрсине лаца ца луш, къайла-воккху бохуш дуьйцу ШайтIан нуц – зуда ялон хан тIехъяьлла, зуда йоцуш, жоьра боьрша стаг Ша тIехь йина гIала – бух боцуш, тIаьхьало йоцуш до-лу хIума, цхьана дийнахь доьхна дIадаьндерг Шен кIесаркIаг гуш а гундоцург – цкъа а гундоцург; хиндоцург Ши пIендий, цхьа къамкъарггий /ши тIаммий, цхьа цIогий/ – оза, хесара Элан бос – товш, тамехь бос /цIен богуш бос/ Элдара дегI – товш, тIахъаьлла, куьцехь; атта лелош Эмкалан хьажар /неол./ – кура Эпсаран кеп – маларх кхетта, куралла даг тIе йоьссина Яйна тIаьхье – ледара, осала, доьналлина цIура тIаьхье Ялсаманин хьаша – ийманехь ваьхна, валар хилла Ялсаманин хьоза – иман лакхара долуш Яьсса пхьегIа – хьалакхоьссича охьа а воцуш, хIела-хIуьла Яьсса /хIума/ туьта – хьекъална эшна, ассна доцуш Iаьржа бала – боккха, беза бала Iаьржа де – бала беъна, бохам баьлла де Iаьржа дог – хьогIе, чIире дог Iаьржа ун, лен талу – дIаьвше, уьне мел дерг Iаьржа Iа – ло доцуш, довха Iилман корта – хьекъал долуш, хаарш лакхара долуш Iовдал ойла – лартIехь йоцу; сийдоцу, къиза ойла; зен-зуламан новкъа воккхун волу ойла Iожаллин мотт – вала вуьжу /вижна/ кIайн кисин мотт Iожаллин сахьт – кхелха, ле сахьт Iожаллин той – тIом; дукха баларш хуьлу, доккха цIий Iанорца доьрзу зен-зулам, латар, тохар Iожаллин /маIа-макажойн/ хелхар – дуьненах дог диллина тIамна, Iожаллина сица, дагца кечлуш деш долу чIагаран хелхар |
![]() |
![]() |
![]() |
#3 |
...
|
II
Балхана тIера – къахьега мало ца еш Бартана чехка – бага /дага/ деънарг, ца сецош, ма-дарра дIаолуш; сиха лер долуш Дала а, наха а делла – ирс долуш, Дела тIехьаьжна Дашна /маттана шера/ говза – олург говза олуш, ала, дийца хууш ДегIана аьхна – дегIана тамехь Дела тIехьаьжна – ирс долуш; Дала дуьне делла адам Дечунна тIера – къахьега мало ца еш, дечух самукъадо-луш Долчунна къера – догцIена; шен де хууш Жинаша иэгIийна – жинийн цамгар кхетта Жинашца тайна – къайлах ницкъ, хьуьнар долуш Ка каде – тIахъаьлла, каде Ка куьйса – ка ледара йолуш я янне а йоцуш Когана маса – сиха, чехка водуш, вадалуш Куьг говза – говза пхьар Лергана онда – къора, лерса таьIна долуш Лергана сема – ира лерса долуш Лерсинна тамехь – лерса хьоьстуш, лерсинна аьхна Маларна тIера – молуш сакъералуш Набарна тIера – наб ян лууш, наб дукха еш Нур дашо – дашо нур а догуш Са цIена – цIенчу хIух, сих схьаваьлла /й, б, д/; оьзда Са дуткъа – чевле, дегабааме; хIуман дуьхе сиха кхуьуш Са кIезга – стешха, эндаже, осала Сан хила тамехь – сох тера; со санна декъаза, ирча Са чIогIа – ассна долуш; доьналла, хьуьнар долуш ТIам шера – мас шера йолуш Унах цIена – могуш, таза Хабарна тIера – дукха луьйш, дуьйцуш самукъадолуш Хьекъална эшна – кIоргенза, хьекъална гена воцуш Хьеша-дена муьтIахь – хьаша дика лелош, хьешан гIуллакхе хьожуш Ца гуш – дика – ца гина де ловзар а долуш, бIаьргашна хьалха ца хIиттар цуьнан дикалла а йолуш ЦIий цIена – цIий ийна доцуш, боьха доцуш, цIенчу хIух ЦIий чехка – аьрха, сиха Чкъор /цIена, ховха/ ꬬIайн – кIайчу басахь, амат, си-баттт кIай долуш /куьйгана кIеда, ховха дилха долуш/ Шен балхана къера – догцIена; шен де хууш Шена дика – шегахьа узуш, ша дукхавезаш Шен синна декъаза – са дуткъа; мел дийриг шена бале долуш Юучунна тIера – юуш самукъадолуш, гайшик |
![]() |
![]() |
![]() |
#4 |
...
|
III
Ала ца дита – бехкбаккха хIума ца дита Аматаш баха – кIирвоьлла вехха леррина хьежа Ант даккха – гIалат каро, сакхт даккха; дерт дан Аттачу вала – халонаш лахъяла; гIуллакх юкъал тIехдала Атта хета – вай хета; атта ду мотта Бага экъан тIе яккха – анталвала, цец-акъвала Бакъхьачу кховда – юьхькIайчу, нийсачу; са яьн йолчу Бал тан – аьтту бала, аьттоне дерза Бале вала – шех бала бан, бохам баккха, новкъа гIерта Балди тIе дума хьекха – тов-товриг дийца /ала/; цхьаьннан йилбаз хьаста Баргол /буржал/ тоха – вехка; къовла Барзо лоцчуьра лаца – вортан тIера /лаг лаца/ Басах тила, сибтах воха – бос бахьа, сибат дан, хийца-дала Баьрчче /ваккха/ вала – тоьллачу метте, сийлахьчу Бегаш тIера дIадала – дов гена дала; низам чIагIдала; той тезете дерза Берам баккха – велха /й, б, д/ Берг таса – кура хелхар дан Берзан гIулг юккъехула /даккха/ дала – барт иэгIа Ботт а тIехь вовза – дукхе-дика вовза Буй буза – хIума кара кхача, са яккха Бурч йохка – жоьпе озо, дов дан Бух ахка – бух талла, бухара, орамера дуьйна талла, зен БIаьрг бада – дог дала, чам бан БIаьрг буза – бIаьрг Iабо, Iаба; дог реза дан БIаьрг /хила/ лаца – цхьана вуочу адаман дог даха, и Iаткъам цамгаре, бохаме берза БIаьрг тоха – хьажа, дIасахьажа БIаьрга Iитта –бехк баха; бIаьра хьалха иэхьа БIаьргаца важа – хьаьжча а, гича а там, тоам хила БIаьргашна дуьхьал пардо тийса – хIилланаш лело БIе яккха – малар мала /I00 грамм/, кад тоха БIостанехьа верза – дуьхьалвала; дегабаам бан БIозза ала – дукха дийца Вала /хIотта/ вожа – доркъанна вожа; чIогIа холчу хIотта; лечу хьола тIе вала Васхал яккха – баьрчче /гуччу/ яккха Векхчуьра вала – шена гIайгIа балучу хьоле вала; тIера вала Вирах Iеха – вон мохь хьекха Вовшийн /пехаш/ тIамарш яа – къиза, дера вовшех ла-та Вота тухучу тIе вала – кхоччуш къийвала, гIуллакхаш тишдала; орца доккхучу тIе вала Гай дийца – гай хьехо; юург-мерг хьехо Гала-гIожмех ловза – берашха лела; пайда боцург лело Генна дIадилла – эсе дилла, цкъачунна ца хьехо Ги волла – ги хао, тIелаца, дIатекхо Ги хаа – тIевожа, ша дIатекхавайта Гома хьежа – цабезамца Гонна ваха – гуо баккха Гоьл тIехь ког кхаба – гоьл тIе ког а биллина Iан; кура Iан Гур богIа – тешнабехк бан /кечбан/ ГIант къийса – дарж къийса ГIенах гIовла хийша – гIенах тIехIитта ГIодаюккъе тIехаа – шеко йоццуш охьатаIо, эшо Дагара хаийта – деган лаам бовзийта; эвхьаза вала Дагна даьтта хьакха – дагна тамехь дерг ала, дан Даг тIера вожа – дог дала, чам бан, чекх са ган; сий дан Даг тIе хIотта – чIогIа новкъа хила; чIогIа везавала Даг тIе шайтIа хаа – амале вала, синкхетамах хер а вел-ла, дуьхьалвала, шайтIан мукъаваха Даш тIе хаа – цхьа дош /я фразеологизм/ кест-кеста къа-мелана юкъакхийса; ша аьллачунна тIера ца вала Даш тIехь лаца – аьллачух пайдаэца; ойла а ца еш, аьллачунна тIехь чIагIван Даш тIехь саца – аьллачунна тIехь, барт бинчу тIехь Даша юккъе эккха – юккъехула шениг дийца ДаI тIе туьха тийса – Iовжаме дерг юх-юха дийца, дог этIо, чов кIамъян Даьтта а хьоькхуш, корта баккха – хаза а дуьйцуш, цIела керчо, хIаллакван; тешнабехк бан Де даа – де такха, сакъера, самукъадаккха ДегI кIелхьарадаккха – дегI дадо, кхерамна генадаккха ДегIан бустам коша бахьа – кхалха ДегIах хьацар даккха – къахьега Деза детташ дийца – доцчух хIума дан; дашца дозаллаш дан Дера дилла – хьаьшна, аьтта дIадаккха, дIаиэдан Дестош дийца – доцург тIе а детташ; долчул сов Дехьа-сехьа вала – вахна-ван /хьажахIотта/ Дешнаш дайа – эрна лен, дийца; кхочуш ца деш, дита Диканах дог дилла – диканах тешам бан Динарг дита – къинтIеравала; бекхам ца бан Динара восса – паргIатвала; куралла йита, схьаиэ, ша лакхара а ца хеташ, массаьрца а нисвала Дог даккха – чам байа; бенцахетаре, цабезаме вига Дог охьа – дагахь дерг дIадийца; деган лаам бовзийта Дог-пах охьадилла – эсала караваха; шадерг, хIума ца лачкъош, дIадийца; къайле ца хила ДогIанах ведда чухчари кIел эккха – цхьана бохамах ведда вукху бохамна кIелаваха ДогIанах елха /в, б, д/ – чIогIа, дукха елха Докъан полла бина вахьа – барми тIехь /кешнашка/ айина вахьа; дегIана дола ца далуш я нуьцкъала айина вахьа Доркъанна /доркъане/ вожа – сингаттамна кIел саца; гIайгIанна вожа Доцург дийца – харц лен, дестош дийца Дош даккха – чIагIо яйта; дош далийта Дош доцург дийца – цаоьшург, пайдабоцург; IаIам хин-боцург дийца Доь дайа – хIу кхачо; лар йоцуш дIадаккха Дукха ла дегIа – ладоьгIуш дукха хан яйа, сатийса Дуьне лаха – хьал-бахам гулбан, стамбан Дуьненах дог дилла – Iожаллина къера хила Дуьненна а дарвала – массарна а, массо хIуманна а чIогIа оьгIазваха, реза ца хила Дуьхе гIерта – бахьане; хиламан, долчун даге гIерта ЖоьжагIати яккха – къинош лето, Iеса лела Жинийн хьу кхета – жинийн цамгар кхета; аттачу бал-хах тIера ца йолу цамгар кхета ЖIов дIаяккха – кураллех вохо, могшалла талхо Зайл /тоха/ бетта – гIайгIа бан, бух кечбан Захало дийца – гIуллакх хиндолччу агIор къамел дан, хаза дийца Зуд хьекха – зуьдалла лело; стаг шегахьа воккху зуьдал-ла мел дерг лело, дийца /Хьалхара/ зIар дIадаккха – дуьхьало дIаяккха ЗIок етта – Iиттарш ян, марсаваха, иркарахIитто ЗIок а тоьхна, дита – дола а дина, дита; жимма а кхаьллина, кхин дIа ца яа Ижу лаха – /теллина/ юург лаха Ирхо яккха – хьуьнар дала, лакхе яккха Иъ-миъ баха – ийзавала; хецца, ма-дарра дIа ца олуш, тийсалуш, соьцуш дийца Йист-бIаьрга лелха – цхьаннах тера лен, лела /кхаьрдаш/ Йист яккха – чекхдаккха, цхьана хорша дерзо; дIадерзо ЙогIург яккха – хьакъ ерг, яккхалург ЙогIург дIаяла – хьакъ дерг, боггIу мах Йожуьйту-уш яхийта – сих ца луш, меллаша Йома тилла – цхьа тема дан, ледара кхочушдан Йорах /дорах/ ца дита – зен-зулам дан, бекхам бан; дох-коваккха Йорт етташ лела – ваьлла /сиха/ лела Йорт эца – болар сихдан, сихчу боларехь /ваха-ван/ Кад тоха – малар мала Ка къийла – писвала, писвола Ка къовса – хьуьнар, ницкъ къовса Караеънарг тIетоха – дера лата Ка хьакха – шортта шен долаяккха; вуо, шога хьаста Ка яхийта – юьстах яккха, лачкъо; каде хьаьвзина, шор-тта даккха /яккха/; куг /куьйгаш/ тоха Ка яла – аьттуо бала, кхиа Кийрахь вахкавала – хьагI есто, кхехко; ша-шена дагна ницкъ бан, шен са даа Киса дуза – шортта ахча даккха; са яккха Когабуьхьар лела – бай-йн ког а боккхуш, къийлалуш, новкъарло ца ярхьама; неслахь хила Кога ваха – гIеметтахIотта Коган кIело хила – тешаме накъост, гIортор хила Ког коша шарша – валарна гергаваха Ког хецца дIавижа – сапарггIат Ког хьекхийта – йоIаца ирахь Iан, цуьнан ойла тIома яха Корта айа – куравала; иэхь хета, вага хIума доцуш корта айина лела /ваха/ Корта бахьа – Iехо; ойланца шегахьа ваккха /яккха/ Корта бетта – дехар дан Корта кара билла – шадерриг кхечунах тешо; эсала ка-раваха Коча ваха – девне вала; лата чугIерта Коча таса – цхьаъ цхьанна тIехеца, девне ваккха; питана таса; тIевожо Коша дахьа –цхьа къайле шеца коша яхьа Коша хьежа – валарна гергаваха Коьрте дала – маларо кхоччуш вахо; малар сиха коьрте кхача; цхьа хIума бале дала Коьшкала хаа – тIехаа, тIевожа, бале вала Куй билла – билгалонна, тоьшаллина, меттиг дIалоцуш; чекхдоллучу нисвала, гучу а ваьлла, сихха дIаваха Куй буьтучу /буьттучу/ кхача – сийдоцчу вала; сий дан, юьхьIаьржахIотта Куралла детта – дезадетта; кура лела, кура дийца, пе-бетта Куьйгаш тоха – йоIана, зудчунна хийрачу стага куьг тIедахьа; маIзар дан Куьйгаш довхачу хица дила – ламаст: тIехьийза йоI кхечуьнга маре яхча Куьйгаш Iитта – юкъ-кара болх бан; муьшканаш ян, эв-хьаза вала Куьйге /баха/ бахийта – барт-машар бан, вовшийн къинтIерабаха; маслаIат дан Кхаж бала – аьтто бала Кханенаш яхка – кхана-кхана бохуш, хан тIаьхьатетта Кхетта вала – цIеххьана, сиха кхалха Кхечу экъан тIе даккха – кхечу гонна тIе даккха, маьIна, Iалашо хийца Къа деха – сардамаш дихка Къамкъарг /лаг/ лаца – охьатаIо, иэшо, таIзар дан Къап-къарс эккхийта – йоккха гIовгIа /ченан кIур/ якк-ха; чохь хелхар дан Къа ца хетарийн карадаха – дог ца лозучийн карадаха Къаьхьа къаста – вас еш, девне Къечалг эца – тиша хIума, вовшах ялла йоллуш Къила ваха – къа тIе лаца, бехкана къера хила Къовзийна яла – цхьажимма, йоккхачух жим-тIамма Къурд ала – эшна лара, къаро ян КIаж-мехаладаккха – коьртах даккха; тидам тIебахийта КIайчу маттахь цхьана хала – вовшех марзо эца КIелдIахула хьежа – къайлах, хьажар ца лацалуччу агIор; цабезаман, тIех эхь хетаран билгало КIесархье ваха – синкхетаман уггаре лахарчу тIегIан тIе вала, гIан-набаршка, тамтаршка ваха КIел ког таса – тешнабехк бан, новкъарло ян КIесаркIаг гайта – букъ берзо, дIаваха КIомсарш гайта – луьра дуьхьало ян КIумс ата – корта ата, коьртах хIума тоха; етта, жоьпе озо КIур байа – доь доцуш, мел верг хIаллакван КIур хилла бIаьрга хьовза – чIогIа бале вала; вуо Iаткъа Лам-латта къовса – къовсаме, тIаме вала /доза, шу къовса/ Латта эрна хьеша – шена а, нахана а пайденна воцуш ваха Лаьтта восса – долчун нийса хьесап дан волавала, кхета, меттаван Лаьхьа хилла дуьхьал яла /вала/ – къардайна; кхета, юхаяла дагахь а йоцуш Легашка хIотта – бале дала; марахдала Лергах мехий даха – кIордадаллац, диц ца лучу хьола тIе кхаччалц дийца Лерах тоха – дIахаийта, дIадийца Лерган дуьхьиг ца охьа – ла доггIане а ца догIа Лерехь /века/ цIийза – уллехь, юххехь века; дукха лен, велха Лечкъарчех ловза – пайдабоцург лело, вовшех лечкъаш хIилланаш лело Ловцаш /лугIа даккха/ баха – хасто, декъалван, баркал-ла ала Лол /тоха/ бетта – гIийла бахьанаш лело, кIел ца виса /къар ца вала/ гIерташ, цхьацца тема дан Мара ирах тоха – куралла дета; даг тIе куралла йосса Марах даккха – дохковаккха Маре ваха – зудчунна тIеваха Махках /ваккха/ даха – халкъ нуьцкъала шен махкара кхечу махка дIадига Махьар шахьаре дилла – зуда ялор кхайкхо, ловзар дан Мер кIел эха – дукха улле, юххе Меттан боьххьехь диса – дIаала сакIамлуш, дага ца догIуш диса; дагадан доллуш Мотт бастийта – ламаст: несана йистхила бакъо яла, некъ баста; вистхилийта, схьадийцийта Моханаш кхехьа – кест-кеста моха тIеян, велха-чIеIа, оьгIазъэха, девне-цIогIане вийла Мохе-малхе вала – нахана юккъе вала, чу-ара вала, во-лавала; дехьа-сехьа ваха-ван Мур бахьа – хан-зама такха; цхьа хан такха Накхош /настарш/ иэхьа – боьршалла карзахъяха, дер-зина накхош /настарш / бIаьрга Iитта Наха сагIа ца лучу ваккха – сий дайа Некъ бехка – некъ къовла, маьрша ца бита Некъ бита – некъан маршо яла, новкъарло ца ян Некъ лаха – таро-аьтто, вевза-везарг-мотт лаха Некъ лаца – зуда /юьгуш, ялош/ нускал эцна богIучарна некъан хьовзам баккха, некъ бехка /кхоан дуьхьа/ Некъ нис ца бала – некъан аьтто ца хила, даьхьнарг кхочуш ца хуьлуш юхаверза Ненан цIе /Кеса/ Пака ю моттийта – ласто, вего, кхак-ха бего, таIзаре оза Несала ваха – декхарийла, бехкала ваха; цхьаьннан куьйга кIел ваха Несаршха мотт кхаба – несарий санна, вист ца хуьлуш, мотт кхобуш / ца ваьхьаш, ца хIуттуш/ Неслахь хила – декхарийлахь хила; шен лаамехь воцуш, кхечун куьйга кIелахь хила Нехан луур дала – нах кхардо, бело «НеI-неI» бахийта – готта хьовзо, неI лохучу тIеваккха Нитташ тIе вилла а ца мегачу ваккха – сий дайа Новкъара нацкъара яккха – лачкъо, тало, шена ерзо; новкъарло ечуьра дIаяккха Нохчий матттахь ала – кхетачу /агIор/ маттахь; дIабохучух ца кхета бахьана доцуш Нуьйр тилла – куьйга /кога/ кIел вало; муьтIахь ван Обарг вала – Iедалх, чIирах ведда къайлаваьлла лела Ойла човхо – ойла эккхо, тIаьхьара яккха, яйа Оппа даха – хьошалгIа /берийн лексика/ Орам талла – бух талла /ахка/; бухара талла Орамца бухдаккха – кхин юха ца даьндолчу агIор, буха хIума ца дуьтуш; меттахIотта бахьана ца дуьтуш Ор даккха – ямартло, тешнабехк кечбан Ор чу эккха – шен бехкенна хIаллакьхила, юьхьIаьржа хIотта ОхьаIеттадайта – охьадиллийта, такхийта Пайдабоцчу дала – дош доцчу дала; механа дайдала Пе /бетта/ тоха – улле ца ван, тIе ца ван, къехкаш лела Пиллиг хьекха – гонаха хьийза, тIехьийза Пурхе ата – пурх /раз-гара/ вада, ида Пхьуьйша волла –дахаран Iаткъамах тIех ларван Пхьуьйшахь лаьхьа иэхье – къайллах кхерамаш тийса ПIелг /болла/ бахийта – лачкъо, тало, зен дан ПIелг а бетташ, харжа – шена луъ-луъург, хазахет-хетарг харжа, къасто ПIелг /Iотта/ хьакхабалийта – эвхьазло лело, муьшка-наш ян ПIендарш юккъе гIаж Iитта – тера-мера йоцу Iиттарш ян; догдеттIарг дийца Рахь /ратIа/ ботта – пуьташ ботта Рицкъ хила – доьгIна, Азаллехь язделла хила Са даа – са гатдан, кIамдан, синна Iеткъа Са даккха а, дола а ца вита – готта хьовзо Са дахьа – са шегахьа даккха; чIогIа кхеравала Са дита – кхалха Са дуткъадала – са кIаддала, ирдала Са кIажийн пхенашка досса – чIогIа кхеравала Са лоццучу /лоцце/ тоха – синметта, са доллучу Са малхадала – паргIатдала, зовкх хьега хIотта Са тIехь латта –хаддаза /уллехь/ тIехь латта Сах-пахе хила – са меттадеана; хьалха санна Синехьа /вала/ верза – сине ладегIа СинпIилдиг схьаэца – са эца, са лаца Сискал лаха – рицкъа лаха Тайнначохь дита – хазделлачохь Тайнигех ловза – IаIам, пайдахинбоцург лело; берийн кхетамара валаза хила Тап-марха ян – моттаргIанаш лело, тера лела Тахьтаргех ловза – берийн ловзарех ловза, IаIам хин-боцург лело; берийн кхетам хила ТIадам билла – чекхдаккха, хадо, йист яккха ТIамарх /цIийх/ дола – амале дерза ТIаьххьарчу новкъа вала – бармахь кешнашка боьдучу новкъа вала ТIемаш довла – дIаэккха, дIаваха ойла кхиъна яьлла хи-ла ТIе нехаш хьекха – емалван, доцург кхолла ТIехула а ваьлла дIаваха – накъосталла ца деш, юха ца хьожуш, бен дIа ца хеташ, дIаваха ТIехь дечиг даккха – чIогIа етта, таIзар дан ТIома кIел волла – цхьаъ шен дезаршца тIелаца, цуьнан массо хIуманна тIехь дакъалаца ТIурнене яхийта – стигал яхийта, /лекха/ лакха хьалак-хосса; садаккха; там бина, са стигла, мархашка даккха ТIуьрлиг ботта – аьшпаш ботта Уккал тIе хIума /тоха/ йилла – яьIни тIе хIума тоха; тоьхна меттавало Ун дала – цхьаннах кхетта цамгар тIеяла; вониг даржа Уппадваккха /гIибаваккха, гIибатттаса/ – чIогIа етта, йиттина, дегIана дола ца даллучу ваккха Уьттаза ала – дукхазза; цкъа аьлла ца Iаш – масийттаза Уьшала волла – зен-зуламна юкъаозо, декъаозо Хаза воцчу вала – иэхь-бехках мукъавала, гIиллакхах воха; талха; къанвала Харцхьа кховда – вуочу метте, ца оьшшучу кховда Харцхьа тида – бIостанехьа; нийса ца тида /ца кхета/ ХатI доцчохь бохь богIа – дан цадеззачохь дан Херо /юккъе/ йола – уьйр-марзо лахъяла, хервала Хецна вита – шен лаамехь Хецца дийца – ийза а ца луш, майрра, юха а ца хьоьжуш Хецца яхийта – ма-йоьдду, урх малйина, юха ца ийзош «Хи да» бахийта – луьра таIзар дан, ницкъ бан, етта Хи хи тIе кхехьа – эрна къахьега Хоршара вала – низам талхо, цхьана некъана нацкъара вала Хорша верза – нисвала, кхета, низаме ван Хотталахь восса – таро йоцчохь, ца лаахь а, лууш санна ХьагI /гамо/ лаца – эмгаречу ойлан йийсаре ваха Хьажо-ош тоха – лерина, дикка Iалашо а лаьцна Хье схьаэца – синхааман Iаткъам бан; Iехо, тило ХьеттIа маIа йолла – сий дайа, юьхьIаьржахIотто Хьожа кхета – хаадала, туосадала; талха Хьокханна тIе яха– сийдоцчу яла, юьхьIаьржахIотта ХIоьра-хIора /хIера-хьоь/ даккха – даржо, тало, во-вшахдаккха ХIу хада – тIаьхье йоцуш виса, орам бакъабала ХIушт-пушт хила – дийцинарг, дан леринарг кхочуш ца хила, дийцар а хилла диса Ца лозу корта бехка – шен гIуллакх доцург, бала бо-цург, цадогIург лело Цергех хи дала – чIогIа хьоьгуш /сатесна; езаелла/ Церг /таса/ тоха – чоме хьажа, жимма кхалла Церг яхийта – акха лазо, дезар дан Цхьа агIо лаца – цхьаьнгахьа вала, цхьанна тIаьхьа хIотта Цхьана бIаьргахь велха – дог ца догIуш /моттаргIанна/ Цубуу /ата/ чуяхьа – бат ата, бетах хIума тоха ЦIакел дехьеш яхка – гIуллакх гена тетта, тIаьхьатетта ЦIартIе яккха – маре йига; долаяккха ЦIарца ловза – кхераме, бохаме дерг лелон ЦIерга эккха – хIалакьхила ЦIе тоха – цIарца билгалъяккха ЦIе яккхийта – хьуьнар гайта; цIарца нахе ша вийцийта ЦIий лаха – бекхам бан ЦIий мийла – чу са ца доуьйтуш ницкъ бан, гIело ян, вацо ЦIийца даккха – тIамца, вер-вакхар а нислуш, хала ЦIоьк ала /цIук баккха/ – барт баккха ЦIуквала – баIвала, лерина кечвала ЦIурк туьллучу кхача – чекхдолучу кхача, болх йисте боллучу Чам бала – дог дала, кIордо Чан тийсийта – хьалхара идийта; кхеро, иэшо Чевна тIе туьха тийса – дог детI-детIарг юх-юха дийца, карладаха Чекх са гайта – ма-варра /ледарчу агIор/ ша гайта Чомехь дуьне даа – лартIехь, кхин даккхийчех зен-зулам доцуш Чохь вахкавала – кийрахь вахкавала Чохь виса – кIелвиса, аравала де доцуш, меттахь воьжна виса ЧухIотта – чохь-арахь оьшург дар шена тIе а лаьцна, йолах болх бан; кийрахь IаIа, дагах кхета Чучча /баха/ ваха – тIеттIаваха; вовшех хьарча, лата ЧIанаваккха – долчух ваккха, къийван ЧIиччIашка ваха –лазийна я дегазаллина юьхь хебар-шка яхийта /яха/; дегазаллин йийсаре ваха ШайтIан бIаьра хьежа – бIаьрганегIар ца тухуш, цхьа-на метте кIирвоьлла хьежа ШайтIа кийра дола – шайтIан мукъа ваха, шен амалехь доцург лело ШайтIане пIелгаш Iиттийта – хиндоцчуьнга сатийса, цахиндолчуьнга сатийсарца, ша-шен садаа Шамали лекха – кIадда ца деш, мукъа Iан Шен дикнах чекхвала – цхьаьнггера а гIо а доцуш, не-хан дикане са а ца туьйсуш Шечунна тIегIерта – ша бохучунна, шена луучунна Ши /ши-кхо/ дош ала – доцца ала, кIеззиг къамел дан Шина гIанта тIехаа гIерта – шина метте /дарже/ цхьа-босса кхийда Эсала караваха – атта, дуьхьало ца еш караваха; шен лаамехь Юкъ ехка – цхьана Iалашонна, нигатна гIароллехь лат-та, даима кийча, сема хила Юкъ яста – герз охьадилла, тIом сацо, маьршачу дахар-на тIеверза Юккъехула шениг дийца – кхечуо дуьйцург тидаме а ца оьцуш, шена луург, шен садуург дийца Юм яйта – эккхо, лалла, вадийта; масъян Юьстах латта – тобанца воцуш, ша къаьстина; дакъа ца лоцуш Яхь яха – цхьана хIуманна иракарахIитто; яхье ваха ЯьIни тIера лаца – вортанна тIера, карара ца волу волччу меттера лаца ЯьIни тIе хаа – коьшкала хаа, тIевожа, шена хьалхара лело Iад дула – таIзар дан, ницкъ бан Iажрахьта хIотта – карчам /пачхьалкхан карчам/; къаьхьа де хIотта IалагIожа вовшахтоха – цхьаьна цадогIурш цхьаьна-детта Iаьл-даьIахк а ца /йита/ йиса –хIумма а буха ца диса «IаьнцI-IаьнцI» бахийта – етта; къиза /етташ/ хьовзо Iетто дог даийта – чIогIа дог даккха, дохковаккха |
![]() |
![]() |
![]() |
#5 |
...
|
IV
Айвина лело – /сийдеш/ вазвина, лерина лело Ана вакъо – сингаттамехь валло Аренаш идо – даккхий гIуллакхаш лело, ваха-ван /гена/ мало ца еш, некъаш гездан Аьшпаш лало – аьшпаш ботта Бага еко – дукха лен /дукхахьолахь – эрна/ Бага йоккха гIатто – дукха дезаш, доцчу денца шена цадогIучунна тIекховда Бала тIеийзо – /са дуткъа долуш/ хьалххе дог лаза; цхьана хIуманна са карзахдала Бат /муцIар/ сетто – резавацаран билгало: цавешаш бе-тан уьшаршца дог къадо, юьхь тIе даккха Берзан пха баго – берзан бехке меже яго /куьг бехкениг гучуваккхархьама / Бозбуунчалла лело – са даьхьна, бIаьрса Iехийна, хье схьаэцна, хьаьнг-хьаьнга а цадалург дан Буйна вало – каравало, шен лааме вало Букъ берзо – цхьаннах хервала; къаста Букъ буо – чIогIа дог датIо, йоккха хIуьттаре ян БIаьрг кхардо – нехан бIаьргаш чохь кхардаман суйнаш лепо БIаьрг Iабо – бIаьрг буза, синан йокхалла хьао БIо къажо – дан ца хIотта /ца ваьхьаш, ца тешаш, даго диканиг ца хьоьхуш/ БIостанехьа дерзо – нийсса юханехьа, дуьхьал дерзо Виълара вожо – тоьхна голашка вахийта: тоьхна вожо Вовшашна тIетеIо – ша-ша ца дина баха, кхечунна тIететта; ша-ша ца дан гIерташ бахьанаш леха Вуха ца вогIу волччу хьажо – вен, хIаллакван; боккха-чу кхерамна кIел кхосса Гай Iехо – вуззалц ца юуш, мацалла Iехо Гел хьовзо – къовла, гатте волла, низам чIагIдан Гехь лело – хала лело, цунна хьалхара а лелаш ГIурт кего – дагна, хьекъална литта, тIаьхьакхиа атта доцург лело ДегI дадо – ведда кIелхьаравала ДегI дацо – къахьега ДегI дIагIерто – нуьцкъах, амалца дегI тоьттуш лело ДелаIад хIотто – ницкъ бан, маIзар дан; дохо-даржо Ден мере /докъе/ хьажо – вен, хIаллакван; новкъара дIаваккха Дог кховдо – дагара хаийта, деган лаам бовзийта Дог кхоо – ассна лара, къинхетам бан, вас ца ян Дог хьао – /деган/ хьогалла яйа; дог Iабо; къинтIераваккха; бала байбан, хаза кхаъ баккха Дог Iовжо – доккха халахетар дан; лазамениг ала Докъан басе вало – йиттина сенкаваккха, чIогIа етта /дегI а Iарждеш/ Дош десто – деза детта, доцург тIе а детташ дийца; цхьа-на дашна тIеверза Дош текхо – текхна-а лен, вистхила; йист яккхар тIаьхьатетта; цхьанна делла дош чекхдаккха гIерта Доьша дао – чомехь боцу кхача бао Дуьнене кхайкхо – гIарадаккха, массарна а дIахаийта Дуьне кхоло – боккха цатам бан, бохам баккха Дуьне ласто – доккхачу хьуьнарца дуьне цецдаккха; шен цIарах цхьаъ даржо /ун, идея/ Дуьне ловзо – сакъера; доккхачу хьуьнарца юкъарчу да-харехь хийцамаш бан Йома лато – тап-марха ян; кIеззигчу харжаца, къинхье-гамца бахьана лело, тема дан ЙоIстаг ловзо – йоIстагца сакъера, цунах марзо эца Ка йохо – аьтто бохо Кеп хIотто – тап-марха ян, сурт хIотто, тера лела Ког шаршо – хелхар дан Корта метта бало – дарба лело; кхето Корта хьовзо – хье схьаэца, шен аьллар тIе ваккха Коше кховдо – дIаволла /й, б, д/; вен Коьшкала хао – тIехао, ги хао Куьйгаш тIехь лело – хала, лерина, сийлахь-вазвина лело Кхакха бего – етта, дIасаласто; таIзаре оза Къамкъарг /бага, кIар-кIар / еко – лен; дукха, эрна лен Къа хьарчо – къа лато, къилахь дерг дан Къаьхьа Къемат хIотто – ДелаIад хIотто, къиза, луьра хьаша, ата, цIий Iано Къелла Iехо – жим-тIамма бахам гулбан Къиза хьовзо – къиза ницкъ бан, барт хатта, Къута дина лачкъо – чIогIа хьулдан, къайладахьа КIажийн пха /пхенаш/ хадо – доккха зен дан, мел бол-чу аьттонах ваккха ЛартIе дало – хорша дерзо, низаме, хила дезачу кепе, куьце дало Лаьтте кховдо – дIаволла, коша вилла Махцаргаш лехьо – кега-мерса хIумнаш лехьо Милт яго – эшо, аьтто бохо, новкъара дIаваккха Могашалла ялхо – могашаллина леткъа, йоцу /ледара/ могашалла йийцаре ян; цамгарш йийца Молханаш яо – къахьвен /къахьъен/ я марзвен /марзъен/ молханаш къайлах лело; молханаш, цул совнаха, мога-шалла талхош а хуьлу /хьера воккхуш, ша-шена тоьхна лечу хьола тIе воккхуш, са кIамдеш, синехьа воккхуш, и. дI. кх. а/ Мох бацо – мохах пайдаэца НаьIар тIехьа /неIсагIехь/ латто – шеца ца нисвеш, шен де дIалуш улле ца вита, геннахь латто Невцан кеп лело –невцан гIиллакх лело, сурт хIотто Нускалан кеп лело – нускалан гIиллакх-гIуллакх дIакхехьа, дIакхоьхьу сурт хIитто Орам бакъо – орамца бухдаккха: хIу кхачо, доь дайа Пал кего – кIеззигчу ницкъаца цхьаъ лело Пхьуьйшахь лело – дахаран халонех ларван, цунна хьалхара лела, тIома кIела а воьллина лело Са дадо – ведда Iожаллина кIелхьарвала Са кхоо – къахета, лерам бан, лара Са /дог/ лачкъо – дагахь дерг хьулдан, къайладахьа Са мере дало – хIотто, гIелван, ницкъ бан Стиглах маIаш гIерто – дуьненах Iехавелла, вуьзна карзахваьлла, сонта мел дерг лело Сурт хIотто – тера лела; доцург ду моттийта Той тезете дерзо – диканехь, тойхь буохам баккха, вер-ваккхар дан Тур лесто – кхерамаш тийса; ницкъ гайта Тяьжгенаш лело – гIуллакх дIа ца дохуьйтуш, чекх ца доккхуш, къардайна бехказлонаш, доцу бахьанаш кхий-ла ТIам хьовзо – кура, ша-шех тоам беш, доггах хелхаяла ТIаьхьа вазо – тIаьхьа веха, кхийла, дегайовхо кховдо ТIехула кеп лело – юьхьдегалла лело, моттаргIанаш ле-ло ТIехь кIажа хьийзо – кога кIела волла, ницкъ бан, хьий-зо ТIехьарчу когаш тIе хIотто – даг тIе куралла йоссо, сонтаваккха Уьйр-марзо дебо – уьйраш, марзонаш хьекъо, совъяха Ун даржо – юкъараллина зенехь дерг даржо Хорша дерзо – меттадало, лартIе, низаме дало ХьагI есто – хьагI дебо, хьекъо, марсаяха ХIилла хьовзо – хIилла дан ХIу доло – цIарах-цIийнах доьзал боло, дебо; юьртаба-хаман орамат я дийнат юкъадало, дебо Цергаш хьекхо – цабезам кхехко, IаIо, шайн аьтто хил-лалц хала садетта Цхьа да велхо – цхьаъ дакъазваккха, боккха бохам бан Цуьргаш лехьо – вехар воцчу стеган амал: IаIам хир боцу кIезиг хIумнаш гулъян, царах дезар дан; къийвала ЦIартIе хьовзо – ДелаIад /Къематде/ хIотто, валаран-висаран зил тIе вига ЦIе есто – цIе марсаяккха ЦIе йожо – сий дайа ЦIий Iано – вер-ваккхар дан, адамаш хIаллакдан ЦIий човхо – цIий меттахдаккха, доладалийта, дохдан ЦIийла карчо – вен Чалх текхо – IалагIожа вовшахъетта Чета воьллина лело – зенах-зуламах тIех ларван Чоьхьа ласто – арара чукхосса; пхьор дан; яа Шекар чехо – церг тухуш шекар даа; шекарца чай мала Эзарлахь къасто – дукханнех цхьаъ къасто, билгал-ваккха Юьхь яго – юьхьIаьржахIотто, Iоттабаккхам бан ЯьIна яо – къахьега, дукъ дIатекхо Iаьммарг Iамо – хуучунна хьеха Iовдал Iамо – цакхетаверг кхето гIерта |
![]() |
![]() |
![]() |
#6 |
...
|
V
Амал кагъян – амал тIера ваккха Багахь тIом бан – дашца дуьхьало ян, кхерамаш тийса Бат дуръян – бетах хIума тоха Баьпгах лан дан – бепиг даа Букъ кагбан – хIуьттаре ян Буьрка ян – карчо, керчо Вала /яла/ дан – эхь дан, юьхьIаьржо ян Гача бан – кхерсташ лела ГIам-гIим дан – яппаршца дуьхьало ян; хIун дуьйцу а ца хууш дийца ГIенагIан дан – гIан диц а деш, цул доьхнарг ГIучIа /гIурт, гIучIар/ бан – иэдан, даржо, кегарий бан Дакъа /шийла дакъа / дан – вен Дамар-дарц дан – ата, аьтта дIадаккха Дашах ши дош дан – дош ца лардан Дашна дуьхьал дош дан – дош кагдан ДегI хьаналдан – доладаккха; куьйган бакъо яла ДегIана ял ян – садаIа; дегIе садаIийта Доьххнарг дан – юьхьIаьржо ян; цаоьшшург дан Дуьне къахьдан – гатте волла, Iазап далло; эхарт мар-здан Дуьне тIарал гатдан – готта хьовзо Зуда йогIу агIо бан – ков-керт цIандан, чоьнаш кечъян Зурма ян – деха дахдан Истангах топ ян – истанг дIахьарчо: новкъа вала, вада кечам бан Иэрчо ян – ирча сурт хIотто; къиза, луьра таIзар дан; дохо, даржо, къиза харцо ян Йиш-маIаш ян – уьшарш ян Йиш тоян – аз тодан, меттадало Кегарий бан – гIурт бан Кехат Iарждан – яздан /дIогара мехала доцург/ Кир-басар /кир-сир/ дан – кир тоха, басар хьакха Кит дохдан – етта, таIзар дан Коча качван /ян/ – кIадван; хьаста, хьаьстина дог лало Куьг шардан – кхоччуш карадерзо Кхьаъ-кхало ян – кхаъ бала, совгIат дан Къайлах мах бан – шуьйра ца даржош, зуда долаяккха /махьар бан/ Къаьхьа къурд бан – иэхье къурд бан; иэша; боккха бо-хам лан, харцонна кIел саца; собарца сатоха КIес кIамъян – ойлане вала, халчу киртигехь хила; ше-квала КIожам-чим бан – чим тIе кхаччалц дагийна дIадаккха Латта къеждан – ахка, тIекIелтаса, асар дан Лаьттах иэван – /чIогIа/ охьатоха, лаьттах тоха, хьаша Лергаш ирдан – сема ладегIа Маларх даар дан – маларе верза; хIора денна виллина молуш хила Махьар-шахьар дан – зуда яло; зуда ялийнчохь там-мах, ловзар дан МаIаш кегъян – иэшо, таIзар дан, шен туьша нисван Мизан /Мийзан/ терза дан – чIогIа нийса нисдан; лери-на оза, дуста Мимша дан – сий дайа Моз дан – марздан; хьаго Мотт маргIал лебан – кIеда-мерза дийца Муьшка ян – яй-йн Iотта, тоха Нана яларг дан – эхь-вала дан Пес /мадъян/ йохъян – тоха, етта Са марздан – дуьне къахьдан, синехьа верзо Тап-марха ян – тера лела, тема дан; тIехула кеп ян Тема дан – цхьа бахьана дан, йома лато, лол тоха Тойх тезет дан – той, ловзар вер-ваккхарца тезете дерзо Урх малъян – тесна, шен лаамехь дита Хирг /шен хирг/ дан – далург дан Хичаш /хич/ ян – меже, дегI меттахдаккхарца уьшар ян ХьатIари /тIатIари/ бан – кегарий бан; гIурт бан Хьогалла къаръян – хьогалла иэшо, лахъян, яйа ХIоз бан – хIазаран кепе яло; иэшо /хьарчо, сатто/ ХIу бехдан – хIу иэдан Цаца бан – шортта яккхий, дера чекх-чевнаш ян /хIоьънашца, ирачу герзаца/ ЦIа ван – меттаван, кхета; юхаверза ЦIано ян – шеконаш дIаяха; тIехь кхоьллинарг юхаэца, цунна даре дан; йила, горгам, нуй хьакха ЦIий хьаналдан – бекхам тIера баккха, гечдан; муьтIахьаллин лакхара тIегIа ЦIоганах шад бан – некъана кечвала ЦIока йохъян – етта, жоьпе озо ЦIоькъалом дан /цул тIаьхьа цIоькъалоьман цIога дан/ – тIех вазван, хасто; доцчу хьуьнаран да ван Чу са дан – гIуллакхаш тодала, когахIотта, когаваха Шабар-шибарш дан – меллаша, лохачу озаца вовшашца къамелаш дан Шад бан – иэсе дижо, нигат дан; некъана кечам бан Шен туьша нисван – шен де дIадала, сацо, охьатаIо Эхарт марздан – дуьне къахьдан Эхь-вала дан – юьхьIаьржо ян ЮргIанах топ ян – юргIанах хьаьрччина дIавижа |
![]() |
![]() |
![]() |
#7 |
...
|
VI
Адам дац – адамца хила дезарг шеца долуш вац /къинхетам, гIиллакх-оьздангалла/ Адмаллех хьаса бац – адам данне а дац Алаза-дийцаза дац – масийттаза аьлла, баьхна Ала юьхь яц – бакъо яц; эхь-бехках хаьдда хир ду Ахь йиънарг яйна яц – хьуна хьакъ ю, хьанала ю; хьоьгара доккха хьуьнар даьлла Ахь /гIаж Iоьттинчуьра, тас Iанийнчуьра/ буьртиг бийначуьра ваьлла вац – хьол хIумма а оьшуш вац, хьан доллу дакъа ду Багара йолу Iаь а стегачух тера яц – лер-аларехъ: аз а, йиш а боьрша дац Бан тамаша бац – цеце дац, гинчарех, дайначарех ду Башха дидиш а вац – дIогара дика вац, хаза вац Башха Заза а яц – дIогара хазчарех а яц Башха эхIъаьлла хIума а дац – тамаш балла хIума а дац; даккхийчарах а дац Борз яц – катухучарах вац; дуьхьало ен йолчарах вац Боьрша а, стен а вац – калацIола БIаьргана ган а вац – гуш а вац, къайлаваьлла Вайга хоьттуш дац – вайн карахь дац Вай долчохь хийра нах /стаг/ а бац – кхечухьа хьехо мегар дац Вайн карахь хIума /хIумма а/ дац – вайга нислур дац, ницкъ кхочур бац; цхьана агIор вай декъахь дац Вайна оьшуш дац – вайн бала бац, вайна пайдехьа дац Вала воллучунна даг тIе хьакха а яц – къен ю, атта ка-рош яц Велла Iуьллуш вац – цо дуьхьало ян мега, иштта атта а хир дац Вижа каш дац – со къинтIера ца валахь я ца ваккхахь Гена гIур вац – текхо, тоьпо я гуро лоцур ву; иштта дIогара доьналла долуш а вац; сацор ву Генахь дац – гена ваха ца оьшу; дукха хан ца йисна Гуьнахь вац – охIла вац Даккхийчех дац – халчарах, дезчарах дац Даха дог дац – сатуьйсийла янне а яц Даьхни дац – пайденна дац /й, б, в/ Делха а, дека а дац – велча халахета а, висча хазахета а аддам дац; цхьаъ-цхьалха ву Дидиш вац – дика, хаза вац Дийца санна атта дац – дан аттачарех дац Дийццал дац – маьIне, чулацаме, мехала дац Диканна /диканиг хир/ дац – дика болх хир бац Дикка цIахь вац – лартIехь вац, коьртаца дика вац Динарг дуьту зама яц – зама луьра ю; бекхамна маьрша ю Долчун да вац – шен хIуман доладийр долуш вац Дохка а, эца а дац – къелла; хIумма а дац Дуург дуьне дац – дуьне дууш ца воллу Дуьйцу хезна хIума дац – инзаре тамашийна ду Дуьйцуш санна дац – дуьйцуш долчул сов ду, иштта дац; атта дац Жима вац – и далла я ца /ца хаъал/ далла жима вац Зама тешаме яц – ларвала везаш, луьра зама ю Зирх бац – жимма а, кIеззиг а дац Зуда бац – зудчун декхаршца ларош яц; вон зуда ю Зурманца /вотанца/ лехча а карош вац – мел чIогIа лехарх карош вац И ца хаъал вац – хаа деза, жима вац И а аьлла дуьтучохь дац – иштта а аьлла IадIийча, кха-чаме дац Йиснарг дукха хан яц – дукха хан ца йисна; кестта цхьа йист ер ю Кега цадар бен, маслаIат дац – IаддаIар бен, дарба дац; кегийча, зен хилар, догдалар бен, тодала хIума дац Ког биллал латта дац – латта данне а дац Когашкара хадийна вац – /хьол, шул/ оьшуш вац; шуьга нисса дакъа ду Киса дац – ахчан таро яц, ахча дац Кор а дац, коран кIело а яц – хIумма а, кIадда а дац /ков-керт, латта дац/ Корта бац – хьекъал дац; хьекъална генара вац Коча вац – дог чIогIа ву; оьгIазе, шога вистхилар долуш ву; кIеда-мерза вац Коьртах тоха тIулг а лур бац – писалла валла воллу Коьртана /коьртаца/ дика вац – хьекъална эшна ву, цхьа са аьрта болуш ву Куьйгаш охьаэгар дац – болх барх хIумма а хир дац Кхин галдолийла яц – чIогIа галдаьлла Кхин дан а дац – кхин догIуш а дац; кхечу агIор хуьлийла яц Кху /цу / чу хьерадаьлла жIаьла а эккхар дац – боьха, жирга меттиг ю Лен тайпа дац – лийр вац; милла велча и дийна вуьсур ву Моз дац – мерза дац /вац/; аттачарах дац Моз доккху моза бац – цIенна я юкъарллина пайде вац Новкъахь Iуьллуш дац – къа ца хьегча, хир дац; хьуьнар оьшу ОхIла вац – гуьнахь вац, цу хIуманна говза вац СадоьIу дегI дац – ин са а дац; цхьа аддам дац Сан /деваша/ стунда вац – сан гергара, соьгахьа озабе-зам бийр болуш вац Сан талха хIума дац – суна зен хир долуш хIума дац Тера-мера дац – барам-бустам-чот йоккха ю Тера цхьа хьаса бац – тера ванне вац Тоьпан хезехь а вац – генахь ву Туьха дехккал, карахь хIума дац – карахь хIумма а дац, цхьана хIуманан да вац ТIаьхьа богIуш бIо а бац – сихвала цхьа а бахьана дац ТIекхета хIума дац – IаIа, тодала, нисдала хIума дац ТIетоха а, дIадаккха а дац – шадерриг шен меттахь, тоаме, кхачаме ду ТIетоха а, тIехтоха а дац – десто а, Iотта а хIума дац ТIехь а /дац/, кIелахь а дац – тIетесна, кIелтесна хIума дац; къелла ТIехь бен Iаш /Iийр волуш/ вац – коьртехь бен; лакхе езаш, хьаькмалла дезаш ву Хилла меттиг а бац – лар а яц Хьалакхоьссича, охьа а вац – хIумма йоцург ю; цхьана а хIуманна пайденна вац Хьан нанас йина яц – йиша яц, гергара яц Хьаста а, човхо а дац – ша цхьаъ ву; доьзал бац Хьера кIелахь карийна вац – шул оьшуш вац; тхуна оьшуш, дукхавезаш ву Хьожа а яц – цхьа а лар а яц; доь а дац; хIумма а дац Хьожа-мода а вац – цхьана а агIор гергара вац Хьоьга кхаччал деха а дац – хьан бала болуш дац Хьуна луш ерш нехаш яц – хьуна луш ерг мехала хIума ю ХIуй-жуй дац – цхьа а хIума дац; садоьIу дегI а дац ХIуман сахьт дац – Iожалла я юьхьIаьржо кога кIел ю; хуьлу, олий, ца хуьлу ХIумма а вогуш вац – шек а вац «ХIуп» аьлча, бIаьрга эккха а дац – ур-атталла нех а яц, хIумма а дац; еса ю Цинц бац – данне /янне а/ дац Цкъа кхаллал а хаза вац – хаза ванне а вац Цхьа «ахI» доцуш дац – цхьаъ доцуш дац Цхьана кошахь а тарлур вац – барт хир бац; берта вогIур вац Цхьана яй чохь кхехкийча а, цхьаьна уьйр вац – бер-тахь хир вац Цунах /баппиш/ кIалдмарзаш хир яц – цунах гIуллакх хир дац, пайда хир бац Цуьнга аьлчий бен, и телхар дац – тIаккха кхоччуш телхар ду Цхьаъ доцуш дац – лаа дац ЦIа а, цIе а дац – цIа ваха цIа а /ков-керт, доьзал/, наха яккха цIе а /хьуьнар, ассна/ яц; хIумма а дац Чохь а, тIехь а дац – чохь йийбар, тIедуьйхина /тIедуха/ духар а дац; къен ву; къен хьал ду Шаберш цIахь бац – хьекъална эшна ву Шен кхарда дог дац – цунна хаьа-кх, и теш ву-кх Эхьан тIадам бац – эхь данне а дац IаIам хир болуш дац – тIекхетар /толур/ долуш хIума дац; пайда хир бац Iовдал вац – лела, дийца хаьа; шегахьа дерг дика хаьа; ша левойтур волуш вац |
![]() |
![]() |
![]() |
#8 |
...
|
VII
Амале ваьлла – амал толийна, амална тIаьхьахIоьттина Ахчанехьа ваьлла – ахчане марзвелла Аьллар тIера ваьлла – ла ца дугIуш, низамера ваьлла БаI ваьлла – гIеметтахIоьттина; кечвелла, вухавелла Водучу тIе ваьлла – готта хьовзийна, холчухIоьттина Волчарна совваьлла – волчарна а ца оьшуш, новкъа волуш Вон лела ваьлла – хийцавелла, дика доц-доцург дан-баха ваьлла, аьллартIера ваьлла Вуьзна ваьлла – шорта хьал-бахам IаIийна, IаьIна; тоам хилла ДегI лаамера даьлла – дегI аьллар тIера даьлла ДегI пиллиг /тIома/ даьлла – пиллиг санна дайделла Денош дагардечу даьлла – хан ларъечу; дукха хан ца йисна Дош дашера даьлла – дашна дуьхьал дош деъна Дош доцчу даьлла – пайдабоцчу даьлла Дуьне диъна ваьлла – вала дукха хан ца йисна; чIогIа къанвелла, кIелвисна Дуьненна тIаьхьаваьлла – дуьненах Iехавелла, дуьне лохуш, дезаш, цунах самукъадолуш Заббари а яьлла – къорза, /чIогIа/ юхаелла Зударий кхийла ваьлла – цхьаъ ялош, важа юьтуш; зу-дарий тIеттIа кхийла Иккхина ваьлла – сиха; сихха /дIаваха/ Кийрахь маж а яьлла – дукха къена ву, дукха хууш ву Кула ваьлла – хьаьхна, кIордийна, хьех-мерах чек-хваьлла Куьйга кIелара ваьлла – аьллар тIера ваьлла Леман тIера даьлла – хоршара, лартIера даьлла Либарзад а яьлла – чIогIа кечъелла Назнай а ваьлла – баьрччехь хецца тIекIел а ваьлла, паргIатваьлла Iилла Наха сагIа ца лучу тIе ваьлла – сий дайна, сийдоцчу ваьлла Нукурсак а яьлла – чIогIа /къорза/ кечъелла НIаьна меттах баьлла – хьайна Пайдабоцчу ваьлла – кIезгвелла, писвоьлла Седа хилла дуьхьалваьлла – чIогIа дуьхьалваьлла Сецна даьлла – хадам боллуш, хийцам хир боцуш Сийдоцчу ваьлла – сий дайна; телхина, вуочу агIор хийцавелла Синехьа ваьлла – сине ладегIа ваьлла, са марзделла /цамгаро лаьцна, валарчу вирзина/ Стаг хуьлчуьра ваьлла – стаг хир ву ала даха дог до-цуш /Вехна/ ТIуртIаз а ваьлла – чIогIа вехна, дегIана дола ца далуш Хаза воцчу ваьлла – вехна, мелла; гIиллакхах воьхна, оьздангаллех хаьдда; къанвелла, тишвелла Харц лен ваьлла – тиларчу вахна; къорум лен ваьлла ХIоьттина ваьлла – воккхахилла; дахарх, говзаллех, Iилманех хоттавелла ваьлла Цамгарш лехьо ваьлла – кест-кеста цомгуш хила, цам-гаро леца Цхьалха яьлла – бер дина; марера цIа еъна Цхьана хIуманна карзахваьлла – юьхьIаьржонна, бо-хамна араваьлла Цу агIор /цига, цаьрца/ леста ваьлла – цу агIор эха ЦIарах-цIийнах ваьлла – мел долчух, гергарчарах хаьдда Чета ваьлла – чета куьг а дахийтина; ши бIаьрг чета хьажийна Ши ког хьалха дуьненчу ваьлла – къотIалгIа /махьарза/ вина ШолгIа ваьлла /хьенех-минех/ – ватIийна-ваьккхина, чIогIа тера; изза Эмисси яьлла – амнисти хилла, паргIато яьлла |
![]() |
![]() |
![]() |
#9 |
...
|
VIII
Воккхаллехьа лестича – къаналлина гергавахча Голана вазвелча – дегI дазделча, къаналле лестича ГIодал-гIаддайча – кхин дан хIума доцуш дисча; чIогIа гIаддайча ДегIе ладегIа ваьлча – цамгарш лехьо ваьлча, цамгаро дегI лаьцца Хабар хебаршка эха даьлча – хабар гIелдела, лахдала доьлча Хилларг хилла даьлча – хиламан йист яьлча, бохам тIекхаьчна баьлча Ца хуьлчу даьлча – доцчу даьлча, кхин некъ ца битча, собар кхачийча Цу тIе даьлча – аша иштта бахахь; цу хьоле кхаьчча ЦIоган кIел хи кхаьчча – хилларг хилла даьлча; бохам тIехIоьттича, меркIел схьахIоьттича Ша бохучуьра даьлча – шен аьллар тIера, лаамера даьлча Шерийн мохь базбелча – къаналлехьа лестича Ши малх схьакхетча /ши пIераска цхьаьнадеъча/ – цкъа а хиндоцург |
![]() |
![]() |
![]() |
#10 |
...
|
IX
Адмах схьадаьллачу адамо и дина аьлча нах тешар боцуш – тур-тамаше, инзаре; тIех къиза Адамца ийна воцуш – адмах къехкаш, адмаца чу-каре /тIекаре/ йоцуш Адам тешар доцуш – тамашийна, инзаре; тIех къиза; акха Адмийн маттахь вистхила хууш – адмийн мотт бийца хууш; хьаьнга хIун дийца деза хууш Адмана новкъа воцуш – юьстаха лелаш /вехаш/; ийма-нехь, гIиллакхе Ала дезарг эр долуш – ала мало йийр йоцуш, нийсонна тIегIерташ Ала хIума /ца/ дуьтуш – тIехтоха, Iоттар ян, бехк бакк-ха хIума /ца/ дуьтуш Аларх а ца тешаш – сиха кхочушдан, хаза а хеташ дан Амал йолуш – шатайпа, чIичIъаьлла; ассна долуш Ас /цуо/ вина хила там болуш – суна хьакъ волуш; тера Атта дезаш – башха шена хало а ца еш; малонча Атта Iехалуш – атта тешаш, Iехон хала воцуш Ахчанах хьанна а вохкалур волуш – ахчанах эцалур волуш Ахча хIун ю хууш – ахчан хама хууш Аьлларг аьлла а доцуш, дийцинарг дийцина а доцуш – дош дош а доцуш, шен дош ца лардеш Аьллачунна тIера ког боккхур боцуш – аьллар тIехь; муьтIахь Аьттехьа /улле/ вита мегар доцуш – тешам боцуш, боьха, ямарт Бага биллича, пIелг а Iовшур боцуш – эсала, дог кIеда Багахь мотт боцуш – вистхила ца хууш; бежана /хьайба/ санна Бага боьха йолуш – дIаьвше, питне, боха дош ала мало ца еш Багахь дуьрста йоцуш – бартана чехка, хьаьнга а хIуъа дIаолуш Багахь цхьа а къахк йоцуш – цхьа а церг йоцуш Базарахь мехала ер йоцуш – наха къуьйсур йоцуш, тI****талуш дIаоьцур йоцуш, ледара; осала Баккхийчу лоьраша вуьсур ву бохуш, кегийчу лоьраша вуьсур вац бохуш – халчу хьолехь, дера чев-наш йина Бакъдерг /харцдерг/ бен дуьйцур доцуш – дог цIена; харцлуьйр волуш Бакъой, харцой къасто хууш – иманехь; нийса хьесап дан хууш, Iовдал воцуш Балхахь а, некъахь а воцуш – кIадда ца деш, ваьлла лела Барам-чот йоцуш – дукха; йист йоцуш Барам-бустам боцуш – йоккха, шорта Барч-дух доцуш – хатI доцуш, ирча /адам/ Баьпках /хьокхамах/ лан дийр долуш – юучунна тIера Баккха бехк а боцуш, йинарг кхел а йоцуш – законехь доцуш, нийса доцуш; дарехь харцо Беа-а бехк боцуш – бехк банне а боцуш Бен-башха доцуш – бен ца хеташ, бен доцуш Бехк-гуьнахь доцуш – бе-а бехк боцуш Ботта аьшпаш а болуш, бакъдерг дуьйцур доцуш – аьшпийн кIур Боьду моза а хаалуш – къора тийналла Боьхачу /вуочу/ хIумнах хьожа ца йогIуш – хIуъа /вуониг/ дийр долуш; боьха, ямарт, къиза, харц адам Буйнара бод а бадор болуш – меца; сутара; тIахъаьлла Буй беттарх /бетах буй беттарх/ тIера вер воцуш – мерза кхача; синкхача БIаьрган хьесап дика долуш – хаза-ирча къасто хууш; барам-бустам дика бевзаш БIаьргашна юккъера мара а оьцур болуш – каде, иэхь гIорийна; хIиллане БIаьрганегIар ца тухуш – оза ца луш, шек воцуш БIаьрга Iоьттина пIелг а гур боцуш – буькъа бода БIаьрг тIера ца баккхалуш – хаза, бIаьрла /бIаьрса суьртан йийсарехь/ БIаьрг тIехь ца соцуш – лиепе, къегина, сирла БIаьрмецигалла валла воллуш – пис БIаьрг хиларна кхоьруш – талхарна, нехан дог дахарна кхоьруш БIо булуш – шен /цуьнан/ ницкъах тешаш, дог леташ БIокъажор боцуш – мало йийр йоцуш; майра Вала воллучунна хин куршка а лур йоцуш – пис Вала /вийца/ да а волуш – цIарца дIавийца да а волуш, дола дан стаг а волуш Вала воллучунна даг тIе хьакха а йоцуш – механа еза; атта карош йоцуш, мехала Валар кIедачу меттахь хир доцуш – цамгарх лийр во-цуш; /арахь/ цхьаммо вуьйр волуш Ваха-ван карахдолуш – вахарний-варний мало ца еш Ваханчуьра ван хууш – лела хууш; шен хеннахь; даьхь-нарг кхочуш а дина Вахьа-вилла /вилла-вахьа/ меттиг ца карош – веза-хьоме /вазвина, сийлахь/ лело Ваьштара ши балда меттах дIа ца доккхуш – велава-лар-векхавалар доцуш Ваьлла-вахана меттиг /йоцуш/ боцуш – тIепаза /лар йоцуш/ ван, къайлавала Ваьлча а, воьлча а ца вуьтуш – готта /къиза/ хьовзо, юкъаволла, ницкъ бан Вер-ваккхар доцуш – цIий ца Iенаш; валар-висар до-цуш Велавалар-векхавалар доцуш – даима юьхь кхоьлина, оьгIазе Велла а воцуш, дийна а воцуш – чохь са доцуш санна; пайде воцуш Веллачунна тIера марчо а доккхур долуш – эндаж, къиза, боьха, саьхьара, пис адам Виран амал йолуш – дагахьдоцчохь дуьхьал волуш Вижар-гIаттар доцуш – чувоьлла, хаддаза /са а ца доIуш/ къахьега; Iалашоне боьду некъ бан Вижар-гIаттар цхьаьна долуш – цхьана тхов кIелара, хIусамера, цхьаьна Iаш, туьха-сискал цхьаьна дууш Вистхилар кIеда /мерза/ долуш – догкIеда адам, гIиллакх долуш, оьзда Вовшех лачкъийна хIума доцуш – вовшашца догцIена Вовшийн багара сискалш а йохуш – хьасене, цхьаьна дIаяьхьна жималла, хаза хан текхна Воккханиг – воккха а воцуш, жиманиг – жима а во-цуш – ийна, гIиллакхах боьхна /гIурт, кегаре / Воккха – ала, воккха а воцуш, жима – ала, жима а воцуш – юкъанаккъарчу хенара Воккхий-жимий ца къестош – массо а, цхьабосса Вон амал йолуш – амале, хала адам Воцчо – велар эр доцуш, верг – воккхавер воцуш – ледара, осала, юьхькIоме воцуш Воьду-вуьту доцуш – вист ца хуьлуш, Iодика а ца еш дIаваха Гай тIера чутеIаш – /беламе/ цомгуш ву, могуш вац Гуттар /даим/ вала воллуш – чIеIаш, Iийжаш, ша ва-ларна кхоьруш, вала воллуш ГIара-тата доцуш – меллаша, гIовгIа ца еш, тийна ГIелвалар хIун ду ца хууш – гIел ца луш, къахьега; доьналла долуш ГIенаха а гур /гойла/ доцуш – ирча; Iажрахьта, къаьхьа Къемат ГIенаха гIов хуьйшуш – гIенаха тIехIуьттуш, дуьхьал-туьйсуш ГIеххьа таро йолуш – юкънаккъара хьал долуш ГIийла /дуьне дууш/ шен сискал юуш – кхолламца ца къуьйсуш, хала воллуш; пекъар, миска ГIуллакх доцчу кхийдар воцуш – шен бала боцчу, ца оьшучу кхийдар воцуш Да а кхоор воцуш – сонта, оьзда воцуш Да вийна мостагI а Iебар волуш – доккха вуо деъна, бохам баьлла Да воцуш – Iуналла дан, дола дан стаг воцуш Дагахь доццург дийр долуш – тешам боцуш, сема хила везаш; аьрха Дагахь дуккха а хIумнаш дохкуш – тайп-тайпана ой-ланаш йолуш, лууш; догъIаьржа Дагахь хIума /долуш/ доцуш – догцIена, лаамах, ойла-нах мукъа Даим тетта везаш – малонча Даим ваьлла лелаш – кхерстанча Даим шен дегIана там лоьхуш – дегIан лай Дала деллачух тоам беш – Далла муьтIахь Дан амал доцуш – дан хIума доцуш, гIорасиз Дан вуо а долуш, диканиг дийр доцуш – ца ваьлла бен диканиг дийр доцуш Дахьа а, дилла а меттиг /йоцуш/ боцуш – дукха, шорта Да /воккхавер/ хьоьгур воцуш – доьхна, ледара хьал; цхьа а хьогур воцуш Де-а бахьана доцуш – бахьана данне а доцуш Де-а гIуллакх доцуш – гIуллакх данне а доцуш Де-буьйса ца лоьруш – хаддаза, хене ца хьоьжуш ДегIана дола ца далуш – дегI аьллартIера даьлла ДегIа тIера массо чо ирахIоттош – ирча, буьрса, жирга /сурт, хилам/ ДегI кхоош – мало еш, дегI лардеш ДегIах бад йийр йолуш – дегI лело хууш, хелха дика волуш Де доцуш – гIорасиз; ледара Дела воцург накъост воцуш – цхьаъ-цхьалха, тIаьхьа-хьалха, аддам а доцуш Дела реза хир волуш – иманехь Дела ша воцчух озалур воцуш – майра, иманехь Дела ша воцург кхетар воцуш – тIех чолхе Ден /ненан/ дакъа а духкур долуш – хIуъа йоьхкина а, са езаш; хIумнах хьожа ца йогIуш Дена хьокха а тухур болуш – харцхьа, сонта, эхь доцуш Дехий-доций ца дуьйцуш – къамел деха ца деш, кхин дIа къамел ца деш Де хилча, мегар воцуш – догъIаьржа, дегала, де доцуш дика Дечунна мало йийр йоцуш – дечунна тIера Деш-дуьтуш а доцуш – мукъалла валла воллуш, хIумма а ца деш, ваьлла лела Дийна верг веллачух хьоьгуш – къаьхьа Къемат, ирча де /хьал/ Дийначу нехан буьйда бIаьргаш дуур долуш – дера, къиза, саьхьара, меца Дийца /ала/ хIума а доцуш – хIара ду аьлла чулацаме дала жоп а доцуш кIелвиса Дийца хууш – маттана шера, дашна говза Дийцарх кхачалур доцуш – мел дийцарх йист ер йо-цуш; шортта, дукха Дийца цадезарг дуьйцур доцуш – мичхьа, хьаьнга, хIун дийца деза хууш Дийцина вер а воцуш – дийца деха, дукха Дикалла валла воллуш – чIогIа дика Дика ала – дика а воцуш, вон ала – вон а воцуш – юкъанаккъара Диканна-вонна а воцуш – дикнехь-вуонехь а воцуш, воцчу новккъа Диканиг бен /дийр/ дуьйцур доцуш – иманехь, вониг дийр /эр/ доцуш Дика хьоьгуш – зовкъ хьоьгуш Динарг – дина доцуш – динчух баркалла доцуш Динарг дуьтур доцуш – бекхаме Динчух гIуллакх ца хуьлуш – хайра, беркат ца хуьлуш Дог датIо хууш – дог деттIарг /дан/ ала хууш Дог лачкъо хууш – хIилла долуш Дог /даста, дело/ хьаста хууш – адаман дог девзаш, до-гдика адам Доккха дог долуш – ша жима болх ца хеташ; куралла валла воллуш Дог мичхьа /доллу/ ду а ца хууш – могуш, таза, майра Дохка а, дита а долуш – таро йолуш; хьолан да Доцург дуьйцур доцуш – харцдерг дуьйцур доцуш Дош ала хууш – дашна говза Дош – дош а долуш – аьлларг кхочушдийр долуш; дош лелаш; аьллачу дешан да волуш Дош десто хууш – тIе а детташ дийца хууш Дукха хууш – хьекъале, къена /кийрахь маж а яьлла/ Дуьйцург хIун ду а ца хууш – гIурт бийца; эм-эсехь а воцуш Дуьне атта дууш – дахар нисделла; ирс долуш Дуьне а, Эхарт а дицдеш – готта хьовзо; ондачу син-хаамо корта хьовзо Дуьне а, Эхарт а цхьаьна дезаш – цхьаьна цадогIург цхьаьний дезаш Дуьне делча а лур воцуш – веза, хьоме Дуьне доьхча а /юхавер/ вухур воцуш – майра, собаре Дуьне дуьтуш дуьтур доцуш – хьоме, дезаш Дуьне шен дуьхьа кхоьллина /хьийза/ моьттуш – ша доккха хIума хеташ Дуьненан /Эхартан/ да хилла ша ваьлла моьттуш – Iехавелла, кураваьлла, ша-шех тоам бина Дуьненах Iехалур воцуш – дуьне гина, девзина Дуьненна а кхачо йийр йолуш – шорта, дукха Дуьненна гайта а мегар /долуш/ волуш – тамехь, хаза куц-кеп долуш; керла, тоьлла, юьхькIоме Дуьненан къайле евзаш – хIума хууш Дуьненан маIа лаца гIерташ – дуьне шен карадерзо гIерташ, карзахваьлла, дуьненна тIаьхьаваьлла ДIа а, схьа а доцуш – вовшаца уьйр йоцуш ДIааьлларг харцхьа доккхуш – бIостанехьа дерзош ДIадаккха а, тIетоха а хIума доцуш – тоаме, шен мет-техь Е-а лар йоцуш – лартIехь доцуш, цхьа а лар йоцуш Жималла валла воллуш – къона, могуш-маьрша Жиманиг жима а воцуш, воккханиг воккха а воцуш – гIиллакхах боьхна; цхьатерра Жима вара аьлла юхавер воцуш – жималла доккха бахьана ца хеташ; доьналла долуш; гIиллакх доцуш Жимий-воккхий ца къестош – бен-башха а доцуш ЖоьжагIати чуьра хаьштиг а дахьар долуш – тIахъаьлла, каде Забарш йойтур йоцуш – ассна долуш; дегала, майра Зен-зуламе воцуш – новкъа воцуш; иманехь Зингатийн когийн тата а хезар долуш – къора тийнал-ла Зуд хьакха хууш – зуьдалла долуш; эхь доцуш Зударшха лелаш – зударийн амалехь, царех тера Зударша къуьйсур воцуш – юкъанаккъара; къен; ирча Зудчух ваьлча, лийр волуш – шен зуда дукха езаш И вийча /йийча/ Iебар воцуш – вийча а, дагна хьаам хир боцуш, тIех цабезам Ис Iилма долуш – дукха хууш Иъ-миъ доцуш – деха ца дуьйцуш, бехказлонаш а ца лоьхуш Йилбазалла доцуш – догцIена Йилбазах а летар волуш – дера дарвелла; чIогIа оьгIазвахна Йиънарг ловш, тIеюьххинарг товш – къона хан, жи-малла Йовхо йоцуш – хьасене воцуш, хи доцуш Йоккха топ еттахь а хезар доцуш – къора Ка вуон йолуш – ка дIаьвше йолуш, вуон катохар до-луш Ка яьлча, ка йохуьйтур йолуш – ядор, лачкъор йолуш Карахь-куьйгахь а доцуш – ши куьг а ластийна, ваьсса Карахь-тIехь доцуш – къен, тIехь беркъа Кар-кара оьцуш – цхьаммуо вукхуьнга кховдош, дIалуш Керта /улле, чу, юххе/ вита мегар доцуш – боьха, те-шам боцуш Кийра буьззина, кийрахь дог а долуш – доккха дог до-луш, яхь йолуш Кийрахь дика воцуш – догъIаьржа, хьогIе Киса мохо а лоькхуш – къен /киснахь ахча доцуш/ Киснахь /горга/ кепек а йоцуш – ахча данне а доцуш; къен Когах дахна кIохцал а доккхур долуш – буткъа-ира Ког шаршон хууш – хелха дика /йолуш/ волуш Когаш тIехь а ца латталуш – вехна, тIуртIаз а ваьлла; гIелвелла, лазийна Ког-корта боцуш – сонта, маьIне доцуш Ког лаьттах ца кхеташ – сиха, маса /ваха-ван/, хазахе-тар совдаьлла лела Ког лаьттах ца кхоьтуьйтуш – сиха, айина /маса вахьа, вадо/ Ког тоьхча, шовда а даккхалур /доккхур/ долуш – хьуьнаре, доккха дегI долуш Корта болуш – хьекъал долуш Корта кIел бахьа тхов а боцуш – чоь-хIусам йоцуш Котам-кIорнина а халахетар дийр доцуш – чIогIа эса-ла, догкIеда Кошо бен нисвийр воцуш – нислучуьра ваьлла Коьртана /коьртаца/ дика воцуш – шаберш цIахь бо-цуш, хьеравала гергавахна, моха йогIуш Коьртах тоха тIулг а лур боцуш – пис, сутара Коьртах тоьхча, хье а отур болуш – чIогIа /сискал, бе-пиг/ Коьртехь бен-м Iийр воцуш – лакхе езаш, хьаькмалла дезаш, тIехь бен Iийр воцуш Куралла ян лам боцуш – дозаллина когхIуттийла йо-цуш; схьаваьллачу меттигах дина а, дан дозалла доцуш Куц-кеп шегара доккхур доцуш – чIогIа хаза, товш Куьг айдиний бен-м вистхила бакъо йоцуш – бакъо кIезиг йолуш; сий доцуш Куьг беркате долуш – куьг дIаIоьттинчух беркат хуьлуш Куьг таIIол бен-м йоза ца хууш – Iилма-дешар а доцуш я чIогIа лахара долуш Куьйгаца тIе а тадеш – куьйган ишарца тIе дийца, тIедуза Кхарда меттиг боцуш – кхарда хIума доцуш Кхеравалар хIун ду ца хууш – майра; сонта Кхечуьнга дош кхочуьйтур доцуш – дукха луьйш, кхин верг вистхила ца вуьтуш Кхин даха дог доцуш – дог диллина, дилла мегар долуш Кхин дика хила йиш йоцуш – чIогIа дика Кхин тоха са доцуш – собар кхачийна Кхоьруш, шен са дала доллуш – чIогIа кхоьруш Кхузза /уьттазза/ юхавича а, стаг хир воцуш – стаг хуьлчура ваьлла КъайлагIур вуй хиъча, стаг а вуьйр волуш – къиза, боьха, ямарт адам Къелла /валла воллуш/ «къикъ» а бохуш – чIогIа къен Къематдийнахь барт хоттур боцуш – Ялсаманин хьа-ша, ийман чIогIа долуш Къинхетамах /хьаса/ чо боцуш – къиза КIажин пха а бегош – чIогIа кхоьруш; кхеравелла КIайниг – кIайн а долуш, Iаьржаниг – Iаьржа а до-луш – дерг долуш, харцо ца лелош КIедачу вуьжуш, мерзаниг юуш – зовкх хьега; дика хьогуш КIенташа къуьйсур йоцуш – ирча /вуон/ йоIстаг, жеро Лала а вина, юхавоьттича а, стаг хир воцуш – стаг хуьлчуьра ваьлла Лаца тIам а боцуш, хIотто бух а боцуш – бух боцуш; лартIехь доцуш Лаьттахь ву, стиглахь ву ца хууш – воьхна, садаьхьна ша мичахь ву а ца хууш Лиен ваьлча, саца ца хууш – шен хеннахь юкъахвала, къамел кхачо ца хууш; дукха луьйш Лер-алар доцуш – вистхилар, къамелевалар доцуш Лер-аларехь къийсаме а вер воцуш – тийна-таьIна, ат-та тIетовш Летта лийр волуш – майра, къардайна, кийрахь дог до-луш «Мама» а ца алалуш – вехна тIуртаз а ваьлла Махкана а вевзаш – цIеяххана, махкахь цIе йоккхуш Махкахь мел йолу зуда ша дага а воьхна леш йоллу моьттуш – ша жима болх ца хеташ, ша-шех тоам бина Махкана а хууш – массарна а хууш; гIарадаьлла Махко дозалла дан а мегар долуш – боккха юьхькIам; хьуьнаре адам Мацалла «цIок» а бохуш – чIогIа меца, мацвелла Мацвелча, велха бен де доцуш – ледара, осала стаг МаIах шура а йоккхур йолуш – миччара яьккхина а, шена амал бийр болуш, ларор волуш МаьркIажехь вижча, гIушлакхехь гIоттуш, пхьуьйрахь вижча, делкъана гIоттуш – набарна тIера; малонча Мекха йолуш – хьагI-гамо, шеко йолуш Мегар волуш – ледара воцуш, осал воцуш; тарлуш Мехкарий /зударий/ дага а боьхна леш воллуш – зуда-рий дукха безаш Мел йиъчи а вузур /Iебар/ воцуш – гайшик, юучунна тIера, даим са меца лаьтташ; сутара Мел хили а дезаш – сутара; Iаба ца туьгуш Мет-меттара дош ала хууш – хIора дош шен меттахь олуш; маттана говза Мила ву, хьенан ву а ца хоьттуш – къеста ца веш, оза-безам ца беш Милла валла воллуш – чIогIа шелвелла Мискалла валла воллуш – воккха миска, пекъар Мича эккхар ву ца хууш – кIелхьаравала, къайлавала, некъ ца карош Мичара вели ца хууш – цIеххьана, вогIу ца хаалуш Миччахьахула а Iоттавелла чекхвер волуш – каде, эхь доцуш; тIахъаьлла Моза тIехаарна а /мас тIейожарна а/ кхоьруш – ле-рина, хала лело Мохо а лоькхуш – деса, тесна /цIа, керт-ков/ Мохь туххуш – чIогIачу озаца, массарна а хозуьйтуш Муьста дош олуш сакъералуш– кIоршаме; муьста дош ала мало йийр йоцуш Мукъалла валла /ялла/ воллуш – деш-дуьтуш доцуш, ваьлла лелаш Нана пхьуьйшахь елхош, да куйнахь велхош – ден-ненан вуон, харцхьа доьзалхо Нах хьоьгур боцуш – тиша, ледара, доьхна Наха аьндерг хууш – адмийн дог девзаш, нехан дагара хууш Наха аьндолчух ларлуш – нахалавала ца лууш; нехан 1оттабаккхамах ларлуш Наха динарг атта хеташ – малонча, сутара Наха динарг дезаш – пис, саьхьара, са меца Нахана гайта мегар /волуш/ йолуш – ирча йоцуш Нахана новкъа воцуш – нахаца тарлуш, цхьанне а шех бала ца беш, зуламе воцуш Нахана оьшуш – нехан хьашташка хьожуш, нахана пайдехьа Нахана хIун ду а ца хууш – къайлаха Нахана юккъехь дош лелаш – наха лоруш, сий деш; нах озалуш Нахана юккъехь лела хууш – гIиллакх-гIуллакх дев-заш, оьзда; хьаьнга хIун дийца деза хууш; зевелла Нахе дош кхочуьйтур доцуш – дукха луьйш Некъа юккъера IаьIа а боккхур болуш – нуцкъала, онда, хьуьнаре Ненан марчо а духкур долуш – саьхьара, сутара адам Неханиг нехан дуй а хууш – нехачуьнга са ца туьйсуш, цуьнан хама хууш Нехан герз /ахча/ лелачохь, дош а лелаш – цIарна цIеяххана, наха лоруш; нах озалуш Нехан луур доккхур доцуш – нах кхардор боцуш НеIар тIеххьа латто везаш – де хилча мегар воцуш; эв-хьазваьккхича, тIекIуовича мегар воцуш Озалла валла воллуш – чIогIа оза Озийна, колл а йоккхур йолуш – хьуьнаре, нуьцкъала Ойла акха йолуш – ойла стиглахь йолуш, генахь йо-луш, цхьанхьа кхечанхьа йолуш Ос чIогIа долуш – хьесапан кхетам чIогIа болуш Орам цIена болуш – цIенчу хIух Оьзда /дегI/ гIодаюкъ йолуш – юткъа, готта гIодаюкъ йолуш; куц-кеп хаза долуш Оьздангаллех /хьаса/ суй боцуш – оьзда ванне а воцуш Писалла валла воллуш – чIогIа сутара, бIаьрмециг ПIелгаш Iуьттуьйтур /доцуш/ боцуш – шеца бегаш бойтур боцуш, шех куьйгаш Iуьттуьйтур доцуш ПIелга тIе пIелг а бетташ – пIелгаш тIехь дагардан, охьадагардан РагI кхочуьйтур йоцуш – саьхьара, сутара; хIуманна тIера; рогIалла ца ларъеш Са а /пха а/ ца кхоош – майра, дегI ца кхоош, ша ца кхоош СагIийна туьхан цинц а лур боцуш – пис Са даккха-дола а ца вуьтуш – готта, къиза хьовзо Салам-жIалам /Iалам/ а доцуш – гIиллакхехь вистхи-лар а доцуш Са меттахь доцуш – воьхна, синтем байна; карзахе Сан дагахь дерг багахь долуш – сан доггах, ойла цхьаъ йолуш Сан хила там болуш – суна хьакъ волуш, сан хила та-мехь /сан дакъазаллина/ Сахь деши делча, пIелг биллал бен бесни ца гойтуш – кура-коча, еза-сийлахь, паччахьан йоI санна Са хьаладала доллуш – чIогIачу синхааман билгало /кхоьруш, езаш /в, б, д/ Саца /IаддIе/ бохург хIун ду ца хууш – сонта, дIадуьйцург ца хезаш Са чIогIа долуш – доьналла долуш, хIуъа а ловш, лалуш Сехьахь а воцуш, дехьахь а воцуш – болехь а, зулехь а воцуш Сийсара ша хIун йиъна ца хууш – хьекъална гена во-цуш, иэс ледара долуш Сих ца кхоьтуьйтуш – сиха, суьхлахь /кхочушдан, пхьор дан/ парг1ат марзо ца оьцуьйтуш; суьхлахь Со-ас аьлла, бIаьштиг тIера куй тIехьа татта бакъо йоцуш – лай, йийсар, сий-лерам боцуш Со бен-м мила ву бохуш – кура, ша боккха болх хеташ Соьмана тIе сом а дуьллуш – ахча, хьал-бахам IаIо, гулбан Старе эса дойтур долуш – ша боххург дойтур долуш Стеран-аьттан мах ца хеташ – механа резаволуш, и мах беза ца хеташ Стигла вели, лаьтта буха ваха ца хууш – мича ваха ца хууш къайлавала Стиглах бохь а хьекхалуш – лекха, инзаре лекха Стиглара вели, лаьтта бухара вели ца хууш – цIеххьана, мичара вели а ца хууш, схьакхача, тIехIотта Стиглара седа а /боккхур/ баккхалур болуш – хьуьна-ре, тIахъаьлла, доьналла долуш Стуннанас шуьн тIе ийзавале, моллас уьн тIе ийзо мегаш – зуда ца ялош виса мегаш; кестта вала там бо-луш Суна «вакъ-вакъ» а бохуш, нахана хIоаш а деш – на-хана – пайде, суна – зене Суна хьакъ /воцуш/ волуш – сох терра, сан ирсе хьаьжжина Сутаралла эккха воллуш – чIогIа сутара Схьалаьцча, куьг дагош, дIахецча, дог дагош – бер, доьзалхо Схьаэца буха хIума ца дуьтуш – нуй хьаьккхина, лах-хьийна дIадахьа Тайпа-тукхум долуш – вала да волуш, гергара нах бо-луш Там-мах боцуш – зуда ялийча лело дезарг а ца лелош Тапчанний-туьранний агIо узур боцуш – майра Тахана ле, кхана ле а ца хууш – валарна гергавахна Тахана-тховса бохуш – хIинций-хIинций бохуш, кестта Тетта везаш – шен хьуьнарца дIа ца вахалуш, даима гIо оьшуш; партал Тотал луьйш – шина матта юккъехь, толкха луьйш Тоьпе а лацалур /тоьпо а лоцур/ воцуш – маса вада, дIаэккха Тоьхча, топ а летар йоцуш – чIогIа оьгIазвахна, чIогIа дера дарвелла; чIогIа, екъа, буто Тоьхча, лерг хадор долуш – цIена ахча Тхин чо а боькъур болуш – ира дитт долуш Тур текхаш – цIеяххана; нах озалуш ТIараш тоьх-тоьхначунна /тоьхначохь/ хелха вуьйлуш – осала лелаш; ассна доцуш ТIаьхьа бис-бисина ког хьалха а боккхуш – муха веа-ра, веъна аьлча, дуьхьала олу ТIаьхьло /йоцуш/ йолуш – хиндерг /доцуш/ долуш ТIе мас /чо божарна/ йожарна а кхоьруш – ч1ог1а ле-рина лело ТIе пIелг а бетташ – шена тайннарг къасто, цIе тоха, харжа ТIе моза хаарна а кхоьруш – лерина, хьоме, дукхаве-заш, чу са диллина лело ТIетовжа белш а йоцуш – накъост воцуш ТIехь бен-м Iийр /йоцуш/ воцуш – коьртехь бен Iийр воцуш ТIехь да а воцуш – Iу воцуш, дола деш стаг воцуш ТIехь-кIелахь а доцуш – къен, тIетаса, бухатаса доцуш ТIехь я цIахь бен-м Iийр йоцуш – тIехь бен ца Iалуш; марехь ца тарлуш ТIехIотта барз боцуш – тIепаза, каш доцуш ван ТIулг а оьккхуьйтур болуш – дог деттIарг ала хууш ТIулган дог долуш – чIогIа дог долуш ТIулга тIе тIулг а буьллуш – сих ца луш /гIала йотта/ ТIулга тIехь тIулг ца буьтуш – яржо, йохо, ата Урс хьаькхча /тоьхча/, цIий а дер доцуш – чIогIа вас хилла, оьгIазвахна, дера дарвелла Урх йоцуш – сацо да воцуш; аьрха, эндаже Урх малйича мегар воцуш – тесна витча, де хилча ме-гар воцуш Уьйр воцуш – тIетовр воцуш, хьасене воцуш Уьйр-марзо дебо хууш – даг тIе боьду некъ бевзаш Хабар деха дуьйцур доцуш – шеца бегаш бойтур бо-цуш, дукха луьйр воцуш Хазалла валла воллуш – чIогIа хаза Хазаниг духуш, мерзаниг дууш – зовкх хьега Хайра доцуш – беркат ца хуьлуш Хала лелаш – дог ца догIуш, ца лелча ца волуш, ша ше-на ницкъ беш Халахетар дара аьлла, ца олуш Iийр воцуш – кIоршаме адам Хало а, атто а цхьаьна йоькъуш – дика накъост; даима /уллохь/ юххехь Хама-пусар доцуш – баркалла доцуш, лерам боцуш Хаттар-алар доцуш – вист ца хуьлуш, цхьаннах дага ца волуш ХатI доцуш – куьцехь /тамехь/ доцуш; ца товш Хи доцуш – йовхо йоцуш, вистхиларца шийла Хиндерг хууш – тIаьхьло евзаш; седажайна хьажа хууш, шайхалла доллуш Хохо вагош, берамо Iовжош – къен пхьор деш, къен ваьллина Хударан бос а болуш – къечу нехан бос, яахIуманна къелла йолчу нехан юьхьбос Хуург къайлахьур доцуш – хIума чохь ца соцуш Хьалахьаьжча, бохь а ца гуш – лекха /лекха-лекха/ Хьалхе езаш – хьаькмалла дезаш; ц1е езаш Хьалхара шурин кад схьаэцча велха бен де доцуш – ледара, цIодара, осала Хьанал-хьарам къасто хууш – хьесап нийса дан хууш Хьаннах а /стеннах/ пхьор дийр долуш – хIуманах хьожа ца йогIуш; боьха, къиза адам Хьан-сан доцуш – ийна, шадерг юкъахь долуш; ко-маьрша Хьан-хьаннах /стен-стеннах/ атта ца вешаш – доккха дог долуш; жоьпалла долуш Хьаса боцуш – ассна доцуш; доьналла доцуш; цхьа а билгало йоцуш Хьацарна пIелг а хьоькхуш – хала /къахьоьгуш/ даккха Хьаькмалла дезаш – хьалхе езаш, даржах самукъадо-луш Хьаькхначу сизал тIех ца волуш – низамехь хила; муьтIахь, къепе ларъеш Хье схьаоьцур болуш – бозбуунчалла долуш; къамела-на говза, дийца хууш; мекара Хьеха ца оьшуш – шена а дика хууш, ца хьехча а хууш Хье юккъехь дашо седа берг а кхетар воцуш – чолхе, гIурте ХIинций-хIинций бохуш – кестта, кху сохьта бохуш ХIун дича, хIун /хир ду/ нийса хир ду ца хууш – чолхе хьал хIоьттина; шина-кхаа некъах цхьаъ къасто дезаш ХIуманах хьожа ца йогIуш – хIуъа а дийр долуш /боьха, ямарт/ ХIуманна /атта/ вицлуш – иэс лартIехь доцуш, хIума сиха дагара долуш ХIуманна пайде воцуш – хIела-хIуьла; ледара адам ХIума хууш – Дала цхьа къайле елла; хьекъале ХIума чохь ца соцуш – хуург къайлахь ца латталуш, хуург къайлахьур доцуш ХIуъа а дийр долуш – боьхачу хIумнах хьожа йогIур йоцуш; каде, хьуьнаре ХIуьца-пIуьцIалгаш а доцуш – пайдабоцу хIумнаш /ца лелош/ а доцуш Ца ваьлла бен-м /дош эр/ хIума дийр доцуш – вистхи-ларна, дечунна тIера воцуш Ца дича /аьлча/ ца долуш – дан дезаш Ца хилча ца долуш – ца хила йиш йоцуш Церга тIера балда ца ойуш – велавалар-векхавалар до-цуш Цаьпцалган бен гIара йоцуш, экхан бен лар йоцуш – кхин гIара-тата доцуш; пана, эрна, аддам а доцуш Цергаш хьекхош – бекхамах хьаьгна Церг цергах ца кхеташ – хорша еъна, вегош /шелонна, кхеравелла/ Цуьнан меха хIума доцуш – сийлахь, хьоме, везаш Цхьа а лар йоцуш – лартIехь доцуш, гIурт /абсурд, нон-сенс/; е-а лар йоцуш Цхьа а юьхьиг йоцуш – йолу юьхьиг, бертиг а йоцуш Цхьа дош гал /ца доккхуш/ доккхур доцуш – ма-дарра, ма-аллара Цхьа са аьрта болуш – шаберш цIахь боцуш, коьртана дика воцуш, хьекъална эшна Цхьа хьаьрк ца эшош – ма-дарра, цхьа хIума гал ца доккхуш, ма-хиллара Цхьана а хIуманна гуьнахь воцуш – похIмаза; бехке воцуш; дуьне деса ца дита кхоьллина Цхьана /адмана/ дена новкъа воцуш – эсала, тийна-таьIна; цхьанне а новкъа ца гIерташ Цхьана дашна гал ца волуш – шерра, таса ца луш, хец-ца дийца, /вистхила, жоп дала/ Цхьана дех озалур воцуш – майра, хама ца беш Цхьана кога тIехь уьссазза сетташ – коча, кура, ша хIумма а жима болх ца хеташ Цхьана кошахь а тарлур воцуш – барт боцуш Цхьана яй чохь кхехкийча а /вовшех уьйр воцуш/, тарлур воцуш – барт иэгIна, амал йолуш Цхьаьннан кочахь бен Iийр воцуш – девне, чIичIъаьлла Цхьаъ водахь, Ялсмани /ЖоьжагIати/ гIур волуш – дика /вуон/ адам Цхьаъ вукхунах ца къаьсташ – чIогIа цхьатера ЦIа ваха цIа доцуш – ков-керт, кхерч боцуш ЦIа-цIе доцуш – тхов, кхерч а боцуш ЦIе йоккхуш – цIеяххана ЦIе йоцуш, кIур боцуш – доь доцуш ван, дан, буха хIума ца дуьсуш дуьненчуьра дIадала ЦIе йоцуш варна кхоьруш – гIаравала лууш ЦIий мер долуш – къиза ЦIога а гуш – лечкъош дерг, хьулдинарг а гуш ЦIоганах яьлла а – цIе езаш, дена аьлла а – дош де-заш – цIархазмана ара ваьлла Чам боцуш – муьста дош олуш; куц-кеп доцуш; ирча; чаьмза Чам хууш – хьал девзаш, хумнах доллург хууш Ча тешча а, тешар воцуш – аттачу балхах тешар воцуш Чов-чардо йоцуш – цIий ца Iанош, цхьанна вас ца еш, дика дIадирзи Чот йина вер воцуш – дукхе-дукха Чохь /чу хьаьжча/ сурт а гуш – сирла, хьаьъна, цIена Чохь хьакхо деман цинц а боцуш – къоьлла Чу-ара валалуш – дегI ирахь, лелалуш Чу ваха чу доцуш – Iен-ваха меттиг /хIусам/ йоцуш Чу-каре йолуш – уьйр йолуш Чу са доуьйтур доцуш – са маьрша дуьтур доцуш; дуьненан бахамах, рицкъанах хоттаволуьйтур воцуш Чуччара чучча дохуш – тIеттIа чучча дохуш, дош кар-чош Ша /боххург/ аьлларг бен дийр доцуш – шен амалехь Ша /боххург/ аьлларг бен дош ца хеташ – шех тоам бина Ша бен-м хIун ду бохуш – кура, ша доккха хIума хеташ Ша боккха болх хеташ – шех бIобулуш Ша везийта хууш – нахана тов-товриг лелош а, ала ху-уш а Ша воцург ву моттийта гIерташ – юьхьдега, шалхо-наш лелош Ша вийча а, /шеквер/ вухавер воцуш – къарлур воцуш; майра Ша Дала ца нисдахь, нислур доцуш – доьхна даьлла Ша дан дезарг а, дита дезарг а хууш – лела хууш Ша дийца дезарг /цадезарг а/ хууш – хьаьнга хIун дий-ца деза хууш Ша динарг дохо мила вара бохуш – шех бIобулуш Ша жима болх ца хеташ – ша-шех тоам бина Ша лелочунна тIаьхьа кхууьйтур воцуш – ша хIун ле-ладо ца хоуьйтуш, цунах къайле йина Ша мел къонах ву а хууш – шен де а хууш Ша мича йоьду а хууш – йоьду меттиг а евзаш; бухара хьал а девзаш; ша хIун леладо а хууш Ша сийсара хIун йиъна а ца хууш – хьекъална гена воцуш Ша хьанна вина а, хьан вина а хууш – шен бух а бев-заш; шен цIа а, да-нана а девзаш Ша хьенан ву, мила ву хууш – ша-шена дика вевзаш; шен бух дика бевзаш Ша хIун дийца деза ца хууш – хIун аьлча нийса хир ду ца хууш; вистхила ца хууш Ша хIун леладо а /ца/ хууш – ша лелочух /ца/ кхеташ Ша хIун лело деза а /ца/ хууш – лело дезарг а /ца/ хууш Шай-кай кхоор йоцуш – комаьрша; тIалам боцуш Шайхалла /доллуш/ долуш – хIума хууш; цо аьлларг хуьлуш ШайтIа а къардийр долуш – къардайна ШайтIаналла доцуш – хIилла доцуш, дог цIена ШайтIанах а летар волуш – леташ самукъадолуш Шайхаллех хIумнаш дохкуш – къайле евзаш, хIума ху-уш Шалхенаш йолуш – дош цхьаъ доцуш, дуьйцурггий, дийриггий ши босса долуш Шахьар-махьар доцуш – там-мах боцуш, нохчий Iедалехь: зудий-майрий хиларан тоьшалла дина доцуш Ша цааьлларг дош ца хеташ – кхечара аьллачух ца вешаш Ша цадийриг /динарг/ атта хеташ – наха дийриг атта хеташ, атта ду моьттуш Ша цадинарг дайна хеташ – къахьега лууш Ша цадинарг хир доцийла хууш – хьесап нийса деш, дахар девзаш; нехачуьнга сатийсар эрна дуй хууш Ша цайиънарг яйна хеташ – юучунна тIера, гайшик Ша-шех вогуш – шех чекх са гуш, шех шек; къа латий-на Шега дуьйцург хIун ду /ца/ хууш – шега хIун боху /ца/ хууш, шегара хьанна хIун оьшу /ца/ хууш Шегара гIиллакх доккхур доцуш – чIогIа гIиллакхе Шегара куц-кеп доккхур доцуш – хаза, товш Шегахьа озабезам бийр боцуш – хьанала Шегахьа узуш – шегахьа озабезам беш Шел дика адам хир доцуш – иманехь Шел дикниг хир воцуш – вуно дика, дикачарел дика Шел хаза /ирча/ адам доцуш – чIогIа /ирча/ хаза Шен амал йолуш – кхечарах тера йоцу амал йолуш Шен бехкенна лийр воцуш – чIогIа ларлуш, ша дукха везаш Шен дагна /дегIана/ там лоьхуш – шена синкъерам лоьхуш, шен бен-м ойла ца еш Шен да-нана а духкур долуш – сутара, пис; боьха адам Шен де а хууш – ша вевзаш, шен хьуьнар, гIора а дев-заш Шен дегIана хало йийр йоцуш – дегI кхоош, лардеш, малонча; ша дукха везаш Шен дегIана дола ца далуш – чIогIа вехна; цамгаро я лазаро хьаьшна Шен дерг кхоор доцуш – комаьрша Шен доцург нехан а дац моьттуш – дахар, дуьне шеца нисдина, тардина Шен доцчу кхийдар воцуш – лела хууш, нахана новкъа гIертар воцуш; гIуллакх доцчу кхийдар воцуш Шен киса кхоор доцуш – комаьрша; шен дерг кхоор доцуш Шен коьртан /дегIан/ доладан хууш – лела, дийца ху-уш; ларлуш Шен кхарда дог доцуш – ма-дарра хууш, гина, хезна, и теш а волуш Шен меттиг ларъян хууш – шен доцчу ца гIерташ, шен меттиган дола дийр долуш, дола долуш Шен меха хIума ца хеташ – ша боккха болх хеташ, ша-шеха тоам бина Шен са а дIалур долуш – цхьана гIуллакхна, адамна са кхоор доцуш Шен са а ца кхоош – са даггийна, гIора мадду, доггах Шен са дуьтуш, дуьтур доцуш – хьоме, сил дукха де-заш Шен са /дог/ мичхьа доллу а ца хууш – майра; могуш Шен хIун мегар ду а /ца/ хууш – шен чекхдаьндерг а /ца/ хууш Шен цIоки юккъехь /чохь/ шел диканиг воцуш – ца-вашарца олу: дIогара дика а вац бохучу маьIнехь Шена а, нахана а пайде воцуш –латта эрна хьоьшуш; Дала дуьне деса ца дита кхоьллина адам Шена амал бийр болуш – ша-шена гIайгIа бийр болуш Шена дина дика дицлур доцуш – оьзда, догдика Шена динарг /аьлларг/ дуьтур доцуш – бекхаме Шена дита а, нахана дала а долуш – хьал долуш Шена долчунна вицлур воцуш – дукха шегахьа, эго-ист, пис Шена хуург дуьйцур доцуш – шена хуург шегахь кхо-бур долуш, къайле ларъян хууш, ларъеш Шена хуург къайладохуьйтур доцуш – хуург чохь са-цор доцуш, къайле ларъян ца хууш Шеначулла /хьекъал, доьналла/ яхь йолуш – шена тоъал, мелла а, юкъанаккъара яхь йолуш Шех /дозалла дан/ куралла ян мегар долуш – шех бIобулуш, юьхькIоме, дикачу агIор гIараваьлла Шех чекх са гойтур доцуш – ассна долуш Шеца гамо йоцуш – шена дика Шечунна тIера вер воцуш – ша бохург бен-м дийр до-цуш Ши дош вовшах таса а ца хууш – Iилма доцуш, дешна воцуш Ши куьг ваьшта ца дуьллуш – чIогIа къахьега Ши куьг хьалха а туьйсуш – къамел дан, хелхавала Ши «чIеш» а ца хууш – хууш хIумма а доцуш Шиша /ши шиша/ къаьркъа меллий /мелчий/ бен ул-ле а вахалур воцуш – ирча, жирга, дегаза, яьлла ШолгIа ала ца дезаш – цкъа аьлча а тоьуш; муьтIахь Эвхьаза ваьккхича мегар воцуш – геннахь латто ве-заш, тIекIован мегар воцуш Экхан бен-м лар йоцуш / цаьпцалган бен гIара йоцуш/ – акха, эрна, адам дехаш-Iаш доцуш Элп-алале /хьаьмц алале/ йоьIан /жерочун/ хье схьаоьцур болуш – маттана шера, говза Эхьах /цинц/ тIадам боцуш – де-а эхь доцуш, эхь бо-хург хIун ду ца хууш Юкъахь керт бен йоцуш – лулахь Юхахьаьжний бен-м дош ца олуш – ойла йиний бен дош ца олуш Юхахьожур воцуш – тIаьхьалонан ойла йийр йоцуш; озалур воцуш Юххе вала стаг воцуш – улле вала, тIаьхьахIотта стаг воцуш Юьхьиг а, буьхьиг а йоцуш – юьхь а, чаккхе а йоцуш Юьхь йоцуш – гIиллакхехь, нийса доцуш; кIоршаме Юьхьара кхийдаш – дог ца догIуш, ийза а луш Юьхьара а лаьцна, дуьне дууш – дика хьоьгуш, аьтто хилла Юьхьмарш дукха ира йолуш – эхь доцуш Юхьчкъор стомма долуш – эхь доцуш; эхь ца хеташ Яар, набъяр бен, кхин болх боцуш – малонча /жуккар/ Ялсманин бос а богуш – тамехь, иманехь долчу адаман бос IаддаIе бохург хIун ду ца хууш – бохучуьнга ла ца дугIуш, харцхьа Iай асар а ца дойтуш, буса малхе ца йоккхуш – дика кхобур ю /бегаш/ Iаьнарца Iаь йогIуш – цхьатерра дог-ойла йолуш, во-вшашна муьтIахь, ийна, мерза, бертахь Iаьржачух кIайн дийр долуш – харц адам, беркат до-цуш Iуьрг даьлла кепек лур йоцуш – пис, пайденна воцуш Iуьргара лаьхьа а боккхур болуш – хьуьнаре |
![]() |
![]() |