Справка |
Календарь |
Поиск |
Сообщения за день |
![]() |
#21 |
...
|
ЮХХЕДИЛЛАР 2
ДУЙНАШ. Адам Маьхьшаре кхойкху долчу Къемата дийнор! Ас дешначу Къуръанор! Ас мел дешначу /жайнора/ Къуръанор! БерхIийтта жил-Iалам кхоьллинчу Делор! Бусалбан Умматор! Вай гIон долчу Эхартор! Вай кхоьллинчу Делор! Вайн Делор! Вайн Устазор! Вайн Пайхамарор! Дала даздина даийтинчу Къуръанор! Дала базбинчу мархийн батттор! Дала буьйсанашлахь язйинчу пIерасканан буьйсанор! Дала деношлахь даздинчу пIераскан дийнор! Дала дуьне къаго латийначу дашочу малхор! Даточу батттор! Дашочу малхор! Делан Вазлор! Делан Сийлор! Делан Къуръанор! Дуьненчуьра адамийн, акхаройн, хьайбанийн хIу кIелхьа радаьккхинчу Нухь-пайхамарор! ДIо Дала багочу чиркхор! ДIо Дала багочу малхор! ДIора буза боьдучу дашо малхор! Кху Делан беркатор! Кху Делан хьайбанор! Кху махкахь мел дешначу Къуръанор! Маккахь-Меднахь мел дешначу Къуръанор! Оцу Делан Маликор! Оцу сийначу стиглор, оцу Iаьржачу латтор! Сан да ваханчу Эхартор! Сан да вижанчу кашор! Сан дена гинчу кашор! Сан /хьан а, сан а/ ненасара, десара! Хьан /хьан-сан/ бIаьрга мел дайначу /жайнор/ Къуръанор! Хьаькас дешначу Къуръанор! ХIокху Делан беркатор! ХIокху Делан рицкъанор! Шемалс шен нанна дешначу Къуръанор! Шен вежарша гIу чу кхоьссинчу Юсуп-пайхамарор! Iарап-лам тIехь деллачу хурмин сахьор! Iаьржачу латтор! |
![]() |
![]() |
![]() |
#22 |
странник
|
Иштта даан мегаш дуй те и дуйнаш ?
|
![]() |
![]() |
![]() |
#23 |
хабиби
|
|
![]() |
![]() |