Старый 25.09.2024, 16:31 #1
CheViking CheViking вне форума
Я вам не хабиби
Аватар для CheViking
 
instagram
 
Регистрация: 09.08.2011
Адрес: On the moon
Сообщений: 1,906
Вес репутации: 15837
CheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможно
По умолчанию Религиозные тексты на чеченском языке

Сахьихь ал-Бухари чохь 2893-гӀа хьадисехь пайхамаран ﷺ доӀа дуьйцу:

«اللهم إني أعوذ بك من الهم والحزن والعجز والكسل والبخل والجبن وضلع الدين وغلبة الرجال»

Йа АллахӀ, баккъалла а, со Хьоьга воьрзу сингаттамах, гӀайгӀанах а, гӀорасиз хиларах, малонах а, бӀаьрмецигаллех, осалаллех а, декхарийн дукъах, нехан зуламах а ларвархьама.

Ибн аль Къайима шен "ТӀарикъ аль-хьиджратейн" чохь цунах лаьцна иштта йаздо:

Цо АллахӀе ларвалар дехна бархӀ хӀуманах, хӀора шиъ цхьаьна дохуш а долуш.

Сингаттам а, гӀайгӀа а накъостий бу, хӀунда аьлча цара гойту дагна тӀебогӀу лазам.
Нагахь иза хьалха хиллачуьнца доьзна делахь, тӀаккха иза гӀайгӀа йу. Ткъа нагахь иза тӀедогӀучуьнца доьзна делахь, тӀаккха иза сингаттам бу
Иштта, нагахь санна лазаман бахьна дӀйаханчу хенахь дисина цхьа хӀума делахь, тӀаккха цо гӀайгӀа кхуллу.
Нагахь санна бахьна кханенах кхерар делахь, тӀаккха цо сингаттам кхуллу.

ГӀорасиз хилар, мало а накъостий бу. Нагахь санна, АллахӀан лено пайда тӀехбалийтаран, йа цунах генаваларан бахьана ницкъ цахилар делахь - иза гӀорасиз хилар ду, ткъа цуьнан бахьана ца лаар делахь, тӀаккха иза мало йу.

БӀаьрмецигалла, осалалла а, накъостий бу, хӀунда аьлча, баккъалла а, дикачу гӀуллакхаша дагна хазахетар до, догдикаллин синхаам а кхуллу, беркат а дохьу, баланаш а дӀабоху. Амма цунна дуьхьало йар, мелхо а, декъаза дахар а, готта хьелаш а дохьу, беркат дарна новкъарло йо. Осалалла - иза дегӀаца дика Ӏамал йан, реза ца хилар ду, ткъа бӀаьрмецигалла – дика Ӏамал йан реза ца хилар ду шен бахамехула.

Декхаран дукъ а, адамашкара зулам а накъостий бу, хӀунда аьлча, ловш йолчу халонийн а, зуламийн а бахьана йа ша адам хуьлу, йа кхин адамаш.
Вуьшта аьлча, адам оцу тӀеӀаткъамашна кӀел хӀоттар, йа бакъо йолуш, йа бакъо а йоцуш, харцонца хуьлуш ду.
CheViking вне форума   Ответить с цитированием
Старый 25.09.2024, 18:40 #2
Aminat Aminat вне форума
Золото
Аватар для Aminat
 
 
Регистрация: 11.11.2018
Адрес: ...
Сообщений: 1,793
Вес репутации: 23497
Aminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможно
По умолчанию

МашаЛлах1! Ма мехала болх бу х1ара. Дала меле дуьллийла хьоьгаш долу къа, Джо. Дала т1аьхье беркате а йойла, хьан керлачу боламийн.
Aminat вне форума   Ответить с цитированием
Старый 25.09.2024, 19:01 #3
BarbaroSSA BarbaroSSA вне форума
...
 
 
Регистрация: 19.07.2016
Адрес: ....
Сообщений: 8,439
Вес репутации: 61595
BarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможноBarbaroSSA невозможное возможно
По умолчанию

Джовх1ар, вай массара а ба мегаш буй х1ара болх йа хьан хьай аг1о ю х1ара?
__________________
أسلم تسلم
BarbaroSSA вне форума   Ответить с цитированием
Старый 25.09.2024, 19:36 #4
CheViking CheViking вне форума
Я вам не хабиби
Аватар для CheViking
 
instagram
 
Регистрация: 09.08.2011
Адрес: On the moon
Сообщений: 1,906
Вес репутации: 15837
CheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможно
По умолчанию

Цитата:
Сообщение от Aminat Посмотреть сообщение
МашаЛлах1! Ма мехала болх бу х1ара. Суна хаарехь, х1инццалц схьа, цхьаммо вайн матте гочдеш хилла а дац, хьадисаш.
Дала меле дуьллийла хьоьгаш долу къа, Джо. Дала т1аьхье беркате а йойла, хьан керлачу боламийн.
Амин. Дела реза хуьлда

Хьадисех лаьцна цхьа Фарукъ тоьур ву вайна, цуо массех эзар гочдина уьш. Зорбне арахецначарех Булуг1 аль марам (1алашоне кхачар) ц1е йолу хьадисийн цхьанкхетар ду, 1умдатуль ахькам бохург а. Уьш вайн бакъонаш йуьцуш жайнеш ду. Т1аккха боккха болх зорбане баккха кечам беш а бу Аллах1ан пурбанца

Цитата:
Сообщение от BarbaroSSA Посмотреть сообщение
Джовх1ар, вай массара а ба мегаш буй х1ара болх йа хьан хьай аг1о ю х1ара?
Вай массара а бича мехалла хир бара х1ара болх, вайн маттах исламан динах долу х1ума дукха дац, ма хуьлла даржо дезаш ду аьлла тешна ву.
CheViking вне форума   Ответить с цитированием
Старый 25.09.2024, 20:21 #5
CheViking CheViking вне форума
Я вам не хабиби
Аватар для CheViking
 
instagram
 
Регистрация: 09.08.2011
Адрес: On the moon
Сообщений: 1,906
Вес репутации: 15837
CheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможно
По умолчанию

Оьздангаллин диъ дух ду, уьш ца хилча, цуьнан сурт хIотто йиш a йоцуш: собар, догцIоналла, майралла, нийсо.

Собарах лаьцна вай дийцахь, цо адам сацаме до, шен дераллла йухаоза некъ буьту, нахан зулам дарх а йухаузу. Адам эсала до цо, кхетаме, кIеда а, ойланза хилар, сихалла а йухатуху.

ДогIцоналло дерташ, сий доцу къамелаш, вон гIуллаккхаш дIадаха дог айдо. Массо дика хIуманна коьртехь лаьтташ йу иза, адам массо боьхалех, бIаьрмецигаллех, емалдарх, эладитанех, йухаузу цо.

Майралло стаг дика во, оьзда амал кхио, дика гIуллакхаш дан а дог айадо. Цо комьарша, догдика а хила некъ ло, ма дарра аьлча, цу шинна дух - синан майралла йу, цуьнан ницкъа шена дезаш долу хIума охьтасар, цунах къастар а бу. Майралло адаман дераллла йухатуху, цуьнан эсалла гучу йоккху. Шен ницкъ а, майралла а бахьана долушу, адама шен синан дола до, вон хIуманах духатуху иза. ПайхIамара ﷺ ма-аллара:
"Ницкъ берг латарехь дуккху толамаш бохург вац. Баккъалла а ницкь берг, шен дералла сецо доьналла дерг ву". (Аль-Бухари, Муслим).
Иштта ду бакъдолу майраллин дух. И башхалла бахьна долуш, шен мостагI эшо доьналла хьулу адамехь.

Нийсоно адаман оьздангаллехь гIехьалла ло, дозанал дехьа долу шина хIуманна - барамзаллах, ледарлонах а ларво. Цо бIаьрмецигаллина, кхаомазаллина йуккъера барам болу комьаршаллан, догдикаллан дог айадо. Иштта цо эхьалла кхиа йо, стешхаллина, сонталлина йуккъера йолу. Цо кхетаме а ло, оьгIазлонна, сийсазлонна, осалаллина йуккъера барам болу.

Массо а дика, оьзда а амалан бух бу и диъ хIума.

Ибн аль Къайим "Мадаридж ас-Саликин
CheViking вне форума   Ответить с цитированием
Старый 25.09.2024, 21:07 #6
Aminat Aminat вне форума
Золото
Аватар для Aminat
 
 
Регистрация: 11.11.2018
Адрес: ...
Сообщений: 1,793
Вес репутации: 23497
Aminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможноAminat невозможное возможно
По умолчанию

Цитата:
Сообщение от CheViking Посмотреть сообщение
Хьадисех лаьцна цхьа Фарукъ тоьур ву вайна, цуо массех эзар гочдина уьш.
Х1аа, ву дера, Фарукъ. Цо гочдина къуркъан а, хьадисаш а т1ехь долу, "Серло" а ма йу сан, телпона т1ехь.
Непростительно, но йицъеллера со, ахь кху чу х1орш даьхча, хазахетта.
Дала Шен дуьхьа лорийла цо бина болх.

Цитата:
Сообщение от CheViking Посмотреть сообщение
Т1аккха боккха болх зорбане баккха кечам беш а бу Аллах1ан пурбанца
Дала мукълахь.
Aminat вне форума   Ответить с цитированием
Старый 25.09.2024, 21:32 #7
CheViking CheViking вне форума
Я вам не хабиби
Аватар для CheViking
 
instagram
 
Регистрация: 09.08.2011
Адрес: On the moon
Сообщений: 1,906
Вес репутации: 15837
CheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможно
По умолчанию

Мархийн баттахь динера ас х1ара гоч


Марха тIедожоран бахьна

Марха кхабар - са шена лаамашах йухатуш йолу Далла Iамал йаран кеп йу.
Акхаройх тардаларна меттан, мархано адам Далла герга долу маликех тардолуьйту.

АллахIан дуьхьа шен синан лаамаш духатохаро, шайтIанан некъаш готта до. АллахI веза а везаш, иза реза хилар, цунна герга хилар лехар бахьна долуш, шен марзделларг, дезарг а дуьтуш, са АллахIан герга хуьулу.

Марха кхобуш волчо, Делан дуьхьа, шен гуттар дезаш дерг, гуттар самукъане дерг дуьту - даар, малар а, шен дегIан лаамаш кхочуш бар а.
Iибадатан, марха кхабаран кхоччуш сурт ца хIоттало, АллахIан дуьхьа, шен марзделларг дуьтуш ца хилча. Марха кхобуш волчо даар, малар а, шен дегIан лаамаш кхочуш бар а дитар бахьна долуш аьлла ду, марха Далла кхобуш ду аьлла.

Иштта аьлла пайхамара ﷺ шен хадисехь:
Лекха Сийлахь а волу АллахIа аьлла "Муьлхачу (дика) гIуллакхах Адама кIантанна итт мела бу". ТIаккха АллахIа аьлла "Марха доцург. Иза Суна ду, цунах йал луш верг Со ву, хIунда аьлча йуучух, молучух йухакхеташ ву иза Сан дуьхьа".

Марха кхобуш верг, Дела реза хилар бен, кху дуьненахь, кхин хIумма ца оьшуш санна ву.

Оцу Iамалал дика хIун хила деза, марздаларш, лаамаш а духатухуш, дегнаш самукъа дохуш, дуьненан зовкх бен ца хоьтуьйтуш, АллахIехь долучуьнга кхача гIоьртуьйтуш йолу!
ТIаккха мархано хьалдолу нахан мискачу нехан хьал дагадоуьйту, шайгахь долу хIума царгахь доцийла а кхоьтуьйту, церан дегнашна мискачу нахах къинхетам бар ло, АллахIа шайн делла диканашах пусар дар а ло, царах Цунна шукур дар а.

ЖамIе ваьлча, марха кхабаро Делах кхераран беш болу боккха Iаткъам вайн бевзуш бу.
Цхьа а хIума дац марха санна Делах кхера, цуьнан тIедожораш кхочуш дан, цуьнан бехкамашна гена вала гIо деш.
Марха - тоьшалла ду, и тIедиллина вериг Массо хIума хууш (Аль Хьаким), Къинхетам беш (Ар-Рахьим)
хиларна. Цо иза Шен лешна тIедиллина царна дика деш, царах къинхетам а беш, ша Дика хилар а гойтуш, мела баларехь сутар а ца хуьлуш. Цо иза цхьа маьIна йа бахьна а доцуш халонаш хилийта тIедожийна дац, иза хьикматан, къинхетаман, пайдан а уггар лакхара тIегIа йу.
Тайп-тайпана Iамалан кепаш вайн тIейахкар - боккха Делан къинхетам бу

Ибн аль Къайим [Мифтахь дар ас-са1ада].
CheViking вне форума   Ответить с цитированием
Старый 25.09.2024, 23:21 #8
CheViking CheViking вне форума
Я вам не хабиби
Аватар для CheViking
 
instagram
 
Регистрация: 09.08.2011
Адрес: On the moon
Сообщений: 1,906
Вес репутации: 15837
CheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможно
По умолчанию

Абу ХӀурайрас дийцина, АллахIан Элчано ﷺ элира аьлла:

«Стeган дикачу Исламан билгалонех ду - шех хьакхалуш доцург дӀатасар. »

ат-Тирмизи 2317, Ибн Маджа 3976, Ахьмад 1/201.


Цхьана дийнахь Хьасан ибн Аби Синан (табIийин) цхьана чоьнна уллохула воьдуш, ша-шега аьлла:

«Маца йина йу те иза?», - тӀаккха шен нафсе элира цо:
«ХӀай хьайх хьакхалуш доцчу хӀуманца шовкъ йолу нафс,
ас нийсса цхьана шарахь марха кхабарца таӀзар дийр ду хьуна».

ТIаккха дийнна шарахь марха кхаьбна цо.

«Хьилйату ал-авлийа», 3/115.


Ибнул-Къаййима аьлла:

«Уггаре а пайде молха – хьайн ойла
хьайх хьакхалуш долчуьнца дӀалацар ду, хьайн гIуллакх доцург дIатасар а.
ХӀунда аьлча, хьайн гIуллакх доцчу хӀуманан ойла йар – иза массо а вонна неӀ йу».


«Ал-Фаваид»
CheViking вне форума   Ответить с цитированием
Старый 27.09.2024, 12:28 #9
CheViking CheViking вне форума
Я вам не хабиби
Аватар для CheViking
 
instagram
 
Регистрация: 09.08.2011
Адрес: On the moon
Сообщений: 1,906
Вес репутации: 15837
CheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможно
По умолчанию

Ибн Ӏакъила (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла:

Хьайн заманан нахана юккъехь бусалба динан меттиг хаа лаахь, тӀаккха маьждиган неӀаршкахь гулделлачу дукха адамашка а, иштта «Лаббайк» боху дешнаш а олуш, хьаж дечу хенахь, цара еш йолу чӀогӀачу гӀовгӀане а ма хьежа. Делахь а, хьажа церан шариӀатан мостагӀашца йолчу йукъаметтиге!»

Ибн Муфлихь, «ШарӀан гӀиллакх», 1/237
CheViking вне форума   Ответить с цитированием
Старый 25.11.2024, 01:01 #10
CheViking CheViking вне форума
Я вам не хабиби
Аватар для CheViking
 
instagram
 
Регистрация: 09.08.2011
Адрес: On the moon
Сообщений: 1,906
Вес репутации: 15837
CheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможноCheViking невозможное возможно
По умолчанию

Имам Абу Дауда аьлла: «АллахӀан Элчанан ﷺ пхи бӀе эзар хьадис дӀайаздина ас, царах ас хӀокху жайнина (Сунан Аби Дауд) диъ эзар бархӀ бӀе хьадис къастийна, амма адаман динна тоьар ду диъ хьадис! Царах ду:

Пайхамаран ﷺ дешнаш: «Бакъдолуш, гӀуллакхийн мах ниййаташца хадабо».

ШолгӀаниг цуьнан ﷺ дешнаш: «Стеган дикачу Исламан билгалонех ду - шех хьакхалуш доцург дӀатасар.».

КхоалгӀаниг: «Шух цхьа а тешар вац, шена лууш дерг шен вешина а лиъча бен».

Ткъа доьалгӀаниг: ««Боккъалаъ, магийнарг - хууш ду, цамагийнарг а - хууш ду, ткъа царна йуккъехь шеконаш йерг ду, дуккха а нахана цунах дерг ца хууш.».

Хьовса: «Тарх ат-тасриб» 2/16, «ЖамиӀул-Ӏулум» 174
CheViking вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы
Опции просмотра

Ваши права в разделе
Вы не можете создавать новые темы
Вы не можете отвечать в темах
Вы не можете прикреплять вложения
Вы не можете редактировать свои сообщения

BB коды Вкл.
Смайлы Вкл.
[IMG] код Вкл.
HTML код Выкл.

Быстрый переход


Текущее время: 07:48. Часовой пояс GMT +4.

Powered by vBulletin® Version 3.8.11
Copyright ©2000 - 2026, vBulletin Solutions Inc. Перевод: zCarot
 

 

Copyright © 2017