| Справка |
| Календарь |
| Поиск |
| Сообщения за день |
|
|
#11 |
|
Я вам не хабиби
|
Маликин мазхӀабера баккхийчу Ӏеламнахах цхьаъ волчу, шех «Жима Малик» олуш хиллачу, Абу Мухьаммад ибн Абу Зейда аьлла: «Дика гӀиллакхан агӀонаш цхьаьнакхетар нисло диъ хьадисо бохург кхочуш дарехь :
1. Пайхамаран ﷺ дешнаш: «Стеган дикачу Исламан билгалонех ду - шех хьакхалуш доцург дӀатасар.» (ат-Тирмизи, ибн МажахӀ). 2. Пайхамаран ﷺ дешнаш: «ОьгӀаз ма эха» (ал-Бухари, ат-Тирмизий, и.дӀ.кх.а). 3. Пайхамаран ﷺ дешнаш: «АллахӀах а, къематан дийнах а тешаш волучо дика къамел дойла, йа вист ма хуьлийла» (ал-Бухари, Муслим, и.дӀ.кх.а). 4. Пайхамаран ﷺ дешнаш: «Шух цхьа а тешар вац, шена лууш дерг шен вешина а лиъча бен» (ал-Бухари). |
|
|
|
|
|
#12 |
|
Я вам не хабиби
|
Цхьацца бахьанех тасавала везачу хьоле кхечнера со.
И бохург дара, цхьана зуламхочунна тӀе а вахна, сан и хесто веза. Оцу дерригенан а ойла йеш Ӏашшехь, дешархо тӀе а веана, Къуръан деша хӀоьттира. ТӀаккха цо суна цхьа айат дийшира, цуьнгахь суна сайна дика билгало а карийра: Зуламхойн агlор ма тийжа – шайх цlе цахьакхайалийтархьама. Доладийраш а, гlоьнчий а бац шуна, Аллахl воцург. Цул тlаьхьа цхьамма гlо а дийр дац шуна. (11:113). Ойланашна деллачу жоьпах цецваьлла, сайга элира ас: «ЛадогӀа, хестамашца, хьайн гӀо дайта лаьара хьуна, амма Къуръано гайтира хьуна, нагахь санна хьо зуламхочунна тӀетевжахь, цунна тӀе а тевжина а лехна долу гӀо хьуна хир доций». Декъала бу бахьанаш Кхоьллинарг вевзаш берш, Цуьнца уьйра теснарш. Иза уггаре а лакхара Ӏалашо йу. АллахӀе доьху оха тхуна и далар». Ибн Аль Джаузи "Сайд аль хатыр" |
|
|
|